ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"БIегIийла боцу нохчийн тептаре" кхаьчна хилла йолу лесбиянка Нохчийчуьра едда


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

24 шо долу Нохчийчуьра яхархо Амнат (цIе хийцина ю цуьнан кхерамазалла ларъярхьама. – Редакцин билгалдаккхар) республикера едда, меттигерчу ницкъахоша шена тIе тидам бахийтича – цуьнан гомосексуалан хьежамех лаьцна хиина царна.

"Медуза" гIирсане Амната дийцарехь, Нохчийчохь бедарийн бренд лелош яра иза, Соьлжа-ГIалахь туька а, Москвахь, Санкт-Петербургехь, Махачкалахь шоурумаш а йолуш. Делахь а доьзало куьйгкIелахь латтадора бизнесхочун дIасалелар – шен офисехь а ша йисса аьтто бацара цуьнан.

Ден-ненан Iуналлера кIелхьара ялархьама Нохчийчуьра яхархо генарчу гергарчу стаге маре яхара, майрчо цуьнга болх бойтур бу, аьлла дош деллера. Зуда ялор дирзича йоьIа доьзал кхобуш хиллехь а, иза хьийзош, тIехь гIело еш хиллера – Амнатан дена-нанна цунах дерг хиъча, цара иза цIа йигира. Оцу хеначохь иза дин тIера дIа а йирзина, феминизмехьа дог-ойланаш йолуш хиллера – инстаграмерчу эфирехь иза шена вевзачу стагца оцу боламах лаьцна къовсаелла хиллера. Цхьа хан яьлча, Амината бахарехь, иза кадыровхоша лачкъийра.

"Цул тIаьхьа цуьнан телефон тIера массо бевзачу нахе кехаташ яздеш хиллера. ТIаьхьо суна хиира, полицехь Iазапехь латтийча цо дIадийцинера со лесбиянка а, Делах яьлла хилар а. Цуьнан номер тIера соьга а яздора, вовшахкхетар хьоьхура. ТIаккха сан телеграм йохийра", - дийцина цо.

Мессенджерехь хиллачу къамелах Амина республикера яда гIерташ хилар кхетта ницкъахошна – кехаташ схьа а даьхна, ах шарахь иза цIахь латтийна хиллачу цуьнан дега-нене дийцина цара иза. Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а цуьнан дIаяха аьтто баьлла, банке йоьду ша, аьлла паспорт схьаэцча. ХIинца иза мичахь ю дуьйцуш дац материалехь.

  • Нохчийчохь низамехь доцуш нах байар цигарчу рожан критика ечу нахах хьакхделла ца Iаш, Кадыров Рамзанан рожо къобал ца дечу агIор лелачу нахах а хьакхало, уггар хьалха – ЛГБТ-н декъашхойх. Сексуалан башхаллица доьзна Нохчийчохь наханна гIело ярх лаьцна дуьххьара хаам баржийнарг вара Соьлжа-ГIалара Джабраилов Амин а, Омск-махкара Лапунов Максим а. Ший а жимстаг лаьцна, тайп-тайпанчу набахтешкахь ток етташ, кхиболу ЛГБТ-нах бийца, бохуш, кхаьбнера.
  • ТIаьхьо гучуделира Нохчийчохь ЛГБТ-н декъехь хиларна борша нах лецна ца Iаш, зударий а буйла лоьцуш. Шех лаьцна дийцира шена цIахь йиттинчул тIаьхьа, махкара еддачу, ницкъаша бисексуалан "лазарх тоеш" хьийзийначу Лорсанова Амната. 2021 шарахь лачкъийра Тарамова Хьалимат, цул хьалха цо дийцира, шена доьзалехь етта, кхерамаш туьйсу, аьлла.
  • 2021-чу шеран Дечкен-баттахь 22 шо долчу Соьлжа-ГIаларчу яхархочо Лорсанова Амната латкъам бира Оьрсийчоьнан Талламан комитете шен сексуалан хьежамашна а, ислам динах дIахадарна а тIехула еттарна а, гIело ярна. Дас-нанас "джин ара даккхаран" белхаш лелийна цуьнан бисексуале хиларца къийсам латтош, тIаккха нуьцкъаха психиатрин лазартне хьажийна, цигахь масех баттахь транквилизаторшца "дарба" лелийна. Доьазза республикера яда гIоьртича, тIаьххьаре аьтто баьлла цуьнан иза дан.
  • ХIокху шеран Мангал-баттахь Кавказ.Реалиина хиира, вовшашца Iийна хилла бахархой Нохчийчохь байина хилар. Наркотикех тера йогIу хIума а лелош, вовшахца хан а йоккхуш лелла хиллачу шина стеган а, шина зудчун а суьрташ, видеош машанехь гучуевлира. Цул тIаьхьа уьш тIепаза байра – видео тIера цхьа йоI дIахийцира, иза нохчо ца хиларна, вукхеран кхолламах дерг хууш дацара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG