ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блогера Абдурахманов Тумсос дийцина, Нохчийчохь шен гергарчаьрга герзца нах бахкарх лаьцна


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон Йоккхачу АтагIахь бехачу гергарнаш болчу 30 гергга герзашца стаг веъна кIиранан дийнахь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Ша Абдурахмановс дийцарехь, цара, кхерамаш а туьйсуш, Iаткъам бе баьхна блогеран леларна.

И акци хилла пIераскана сарахь Абдурахмановн телеграм-каналан озан чатехь Нохчийчоьнан парламентан гIанда Даудов Мохьмад ву ша аьлла вевзаш воцу стаг гучуваьллачул тIаьхьа. Цуьнан аз тера хилла нохчийн парламентан спикеран озах. Оцу стага Абдурахмановна кхерамаш а тийсина, дIахьедина, ша цуьнан гергарчу нахе дуьйцуьтур ду шайна цуьнах лаьцна хетарг а, ткъа цуьнах лаьцна компромат зорбане а йоккхур ю ша аьлла.

"Суна хетарехь, сан гергарчарна еш йолу репрессеш тIаьхье яра озан чатехь сан Даудовца хиллачу къамелан. Цо, хьул а ца деш, дийцира ша сан дешнех жоп доьхур ду сан гергарчаьрга аьлла, амма ненехула болчу гергарчарна ультиматум кхайкхор цхьа керла хIума ду, ур-аттала кадыровгIеран Нохчийчохь а. Гарехь, оцу кепара суна Iаткъам бан гIерташ бу уьш", - дийцина Абдурахмановс Кавказ.Реалиига. Оцу зорбан гIирсо, билгалдоккху шайга нохчийн парламентан гIантден Даудов Мохьмадан оцу хьокъехь комментари ца хилар. Цуьнан социалан машанашкахь хаам бац оцу къамелах лаьцна.

  • Абдурахманов Тумсо – вевзаш волу нохчийн оппозицин блогер ву. Шен видеоэфирашкахь цо довзуьйту Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош хилар гойту масалш, дуьйцу меттигерчу Iедалера юьйлучу харцонех лаьцна. Цо мехкан куьйгалхочунна ен критика бахьана долуш йира цунна кIело. Швецехь кхел йоьдучу хенахь адвоката Линдквист Пера дIахьедира, "ерриг а ларш Соьлжа-ГIала кхочуш ю", аьлла.
  • Абдурахманов Тумсона тIелетира стохка Чиллан-баттахь. Иза шен цIахь вара, цуьнан хIусам чу а кхаьчна, тIелеттачо коьртах жIов тоьхча. Блогеран аьтто баьллера зуламхо сацо а, цуьнгара жIов дIаяккха а, полици кхайкха а.
  • И кхел чекхъялла а йолуш, Абдурахмановн Германехь вехачу вешина Мохьаммадна ян кечйина а хиллера кIело. Цо ша дийцарехь, иза вер тIедиллина хилла Кадыров Рамзанан шича ву олучу Эдельгериев Паруддина. Германин криминалан полици ю и хилам толлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG