ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боккха эшам хуьлуш лаьтта Къилбаседа Кавказна. Бакъонашларъярхой: Iедал "Мемориал" дIакъовла гIерта


Бакъоларъярхойн "Дуьненаюкъара мемориал" а, Оьрсийчоьно арахьарчу агентийн реестре язйина йолу "Мемориал" центр а дIакъовла тарло Инарла прокуратурин лаамца – Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле и дехар хьажийна деношкахь. Кхел йийр ю Лахьан-беттан 25-чохь.

Оццу хьокъехь Москварчу прокуратуро арз чуделла Москва гIалин кхеле а. Шайна бакъоларъярхойн юкъараллаш дIакъовла лаар низамна тIехьожучара дузу цара экстремизм, терроризм "бакъеш хиларца". Хьехораш бу Иегован Тешаш (Свидетелях Иеговы) а, "Артподготовка" тобан декъашхой а, Ислам толорехьа йолчу "Хьизб ут-ТахIрир ал-Ислами" партера нах а. Оцу цхьанакхетараллашкахь хилар дихкина ду Оьрсийчохь.

"Мемориал" дIакъовлахь соцур бу оцу бакъонашларъярхойн юкъаралло 32 шарахь доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказехь бина болх. Iедало низамашна бухаийзош болчу нехан аьрзнаш Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхачадора "Мемориалан" юристаша, гIиттайора бусалбанашна, мигранташна ечу гIелонна дуьхьал программаш, къахоьгура тIеман конфликташ лелхачу меттигашкахь.

"Мемориалан" бечу белхан цхьа дакъа дара политика бахьанехь Iедало набахтешка кхуьйлу нах политикан тутмакхийн тептара бахар –репрессеш ловш волу Оьрсийчоьнан 1000 сов вахархо ву оцу тептара язвина. Оцу нахалахь бу "гIалгIайн девнан" фигуранташ, Дагестанерчу "Черновик" газетин редактор Гаджиев Iабдулмумин, ГIебарта-Балкхаройчуьра Кудаев Расул, шайн дегIан-синан башхаллаш бахьанехь Iазар ловш волу Нохчийчуьра Магомадов Салахь, Исаев ИсмаьIал, "Йиллина Оьрсийчоь" ("Открытой России") партин белхан директор Пивоваров Андрей, Геленджикера вадийна, Нохчийчохь доьза вайъина оппозицин 1ADAT телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман, "ВКонтакте" машанехь посташ хIитторна набахте хьажийна Халимов Айтахьаьжи.

Эзар кхолламашна дина тохар

Къилбаседа Кавказо шенна меттиг дIалоцу "Мемориалан" балха тIехь, боху "Кхераме меттигаш" ("Горячие точки") проектант куьйгалхочо, цхьанакхетараллин урхаллин декъашхочо Орлов Олега.

"Мемориал" яра Къилбаседа Кавказехь дечу зуламашна орцах а яьлла, Нохчийчуьрчу тIамера харцонаш ялхош хьийзинчех, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь тоьллачийн хьалхарчу могIаршкахь а нисъелира иза. Кхеле цо кхачийначу ирчачу хиламех дара "Ростов-Баку" трасси тIехула тIамах бевдда боьлхучу нехан машенийн ковранна тIе 1999 шарахь Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша ракеташ тохар, Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштахь 2000 шеран Дечкен-баттахь "зачистка" еш дуккха а бахархой хIаллакбар, иттанашкахь нах а бойъуш Котар-Юьртанна тIебомбанаш еттар.

"Вуно дукха гIуллакхаш дара Нохчийчохь нах идорца доьзна оха тергалдеш. И нах федералаша дIабуьгура, кхеташ дара цара уьш бойъуш хилар. Нах идор лаьттира "КадыровгIеран" Нохчийчохь а - "тоьпаш тоьхна волчу 27-ннан" а, Соьлжа-ГIалин юккъехь лаьттачу къайлахчу набахтех а долу гIуллакх ду оха хIинца а тергамехь латтош", – боху Орловс.

Боккха болх бо "Мемориало" Къилбаседа Кавказан кхечу республикашкахь а. Цуьнан юристаша гIодира, масала, вийначу шина вешин ГасангусейновгIеран дена – шаьш и шиъ вийча, уьш тIемалой могIара язбан гIертара Дагестанера ницкъхой. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчуьра Iедал бехкедина ши кIант верна, тIалам боллуш гIуллакх цаталларна. "Мемориалерчу" юристийн гIоьнца набахте хьийсийра наханна тIехь таIзар латтийна ГIалгIайчуьрчу полицин "Э" центран белхахой.

"Мемориалан" офисаш ю массанхьа а, Нохчийчохь доцург. Нохчийчохь оха болх ца сацийна, кеп хийцина. Нагахь санна прокуратуро хIинца дина дIахьедар кхело толаме кхачадахь, иза хила тарлуш ду, хедар бу тхан болх. БIеннаш, зарнаш буьсур бу хила цхьа а гIо а доцуш. И тохар "Мемориална" деш дац – нах Iедало шайна дуьхьал йохучу харцонна кIел буьсур бу, гIодеха меттиг а йоцуш. Арздан меттиг цахилар ду уггаре а ирчаниг. Доха тарло оха Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле хьийсийна, рогIехь лаьтта бехктакхаман гIуллакхаш а", – элира "Мемориалан" векала.

Iедало ен гIело

"Мемориал" а, масала, "Iазапна дуьхьалояран комитет" а Къилбаседа Кавказерчу бакъоларъярхойн коьрта гIортор ю, аьлла хета ГIебарта-Балкхаройчоьнан адамийн бакъонашларъяран центран куьйгалхочунна Хатажуков Валерийна.

"Мемориал" а йоцуш, бакъоларъярхоша болх муха бийр бу, со ца кхета. И болх вуно жигара, массо а гIор дIахьош бара – кхелашкахь дакъалацарна, бакъоларъярхошна хаарш даржорна тIера дIа аналитикан кхайкхамашна, бюллетенашна, мониторингашаа тIекхаччалц", – дуьйцу Хатажуковс.

Цо бахарехь, политологаша ца хеддаш дуьйцу Оьрсийчохь Iедал дIасадекъалуш дацарх, кхелаш меттигерчу Iедалхойн куьйга кIел хиларх, берриг а ницкъ герз карахь долчу хьукматашка бирзина хиларх, ерриг а бакъо "телефонашкахула лелаш" хиларх лаьцна. Ткъа Къилбаседа Кавказехь хьукматашка дIасадекъна данне а дац Iедал.

"Мемориал" а йоцуш, бакъоларъярхоша болх муха бийр бу, со ца кхета

"Къилбаседа Кавказ шерашкахь еха тахана Оьрсийчоьнан кхин регионаш тIекхочуш лаьттачу шогаллин хьелашкахь. Кхузахь цкъа а ца эшначу кепара оьшу бакъонашларъяран болх. Амма Къилбаседа Кавказехь ледара ю цхьаьнакхетараллийн таронаш, гранташ а яц Оьрсийчоьно луш. Ткъа иза муьлххачу а хенахь яра тхоьца, тхоьгахьа, муьлхха а гIо эшча", - чIагIдо Хатажуковс.

Пачхьалкхо деш доцург "Мемориало" дора, иза дIакъовлахь боккха эшам хир бу Къилбаседа Кавказна, цигарчу бахархошна, тешна ву Нальчикера бакъонашларъярхо.

"Мемориал" – иза Нохчийчуьрчу бахархошна массарачул а дукха гIодина хьукмат ю, чIагIдо "Iазапна дуьхьалояран комитетан" юриста Янгулбаев Абубакара.

"Мемориал" аракхоьссира Нохчийчуьра, цуьнан белхахой цигарчу Iедалца Iитта ма-белли

"Цо тидамехь латтадора адамийн бакъонаш ларярца долу хьал, юридикан гIо кхачадора, Iазапаш, гIелонаш лелор тергалдора, эшначохь наханна эвакуаци йора, ницкъбар, нах хIаллакбар Iорадохура, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле хьийсадора бехктакхаман гIуллакхаш, вуно доккха накъосталла латтадора Нохчийчуьрчу бахархошна, психологин гIо а тIехь хуьлура цуьнгара. "Мемориал" аракхоьссира Нохчийчуьра, цуьнан белхахой цигарчу Iедалца Iитта ма-белли. Кадыровхошна цкъа а ца езна и хьукмат", - дуьйцу Янгулбаевс.

Цо тоьшалла дарца, бакъоларъярхоша даима а латтийна Iедалн нах парггIат идон, байъа дуьхьало, цундела ца еза Нохчийчоьнан куьйгаллина "Мемориала", цо иза даима сийсазйора, цуьнан белхахой бехкебора харцдерг дийцарна, куьйга кIелхьарчу хаамийн гIирсашкахула бехбора, идабора, бойъура, дагалоьцу нохчийн бакъоларъярхочо.

2009 шеран Товбецан-беттан 15-чохь Соьлжа-ГIалахь шен цIенна уллехь ядийра, тIаьхьо мехкан дозанал дехьа йийна карийра Нохчийчуьрчу "Мемориалан" декъан куьйгалхо Эстемирова Наташа. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тоамза лору иза ер толлуш Оьрсийчоьно бина болх, амма тоьшаллаш дац, боху, оцу зуламан декъахь Нохчийчоьнан Iедалхой хилар тIечIагIдан. Амма Эстемирован йишина яла кхачийна 20 эзар евро компенсаци.

2018 шеран Дечкен-баттахь лецира 60 шо долу Титиев Ойба –"Мемориалан" Соьлжа-ГIаларчу офисан куьйгалхо. КIомал лелийна аьлла, хан туьйхира цунна. Бакъолнашларъярхоша Iедалхой бехкебо и дов кхолларна.

"Мемориал" дIакъовла Iедал гIертар – иза Оьрсийохь бакъонаш ларъяр дIалакъо гIертар ду", – аьлла хета Янгулбаев Абубакарна.

Iедало адам лардеш ца хилча

Къилбаседа Кавказна вуно чIогIа оьшу бакъонашларъярхойн болх, "Мемориало" еххачу хенахь жигара болх бира цигахь, аьлла тIетайра шен коллегашна хетачунна Дагестанерчу "Кавказ. Машар. Кхиам" центран президент Сиражудинова Саида.

"Билгалдаккха деза, лаккхара корматалла а, довха дегнаш а ду къилбаседа-кавказхошца болх бечу Оьрсийчуьрчу бакъонашларъярхойн. ГIо стенгара хир ду, муха духьало ян еза харцонна бохучу хаттарца ша цхьаъ висинчунна чIогIа оьшу Iедалехь йоцчу бакъонашларъярхойн хьукматийн накъосталла. "Мемориал" дIакъовлахь, и накъосталла хила меттиг яц иштачунна, тешна ю Сираждинова.

Несарарчу "Мемориалан" офисо эзар стаг тIеэцна гIодан, Iедалан оцу нехан бала а боцчу юкъанна, я Iедало и бакъонаш талхош хиларца доьзна, дийцира ГIалгIайчуьрчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочо Муцольгов Руслана.

"Кеп-кепара гIайгIанаш бохьуш богIура нах "Мемориале". Гергарниг вадор, кхел а йоцуш гIело яр, бух а боцуш бехктакхам айбар, кхелан харц сацам, лецначарна тIехь гIелояр, йохийна бакъо меттахIоттор, оцу доллучуьн а бала хуьлура", – тоьшалла до Муцольговс.

Цо билгалдоккху "Мемориал" бакъонашларъяран хьаьттахь коьртаниг хилар, цунна гарехь, хьукмато Къилбаседа Кавказехь бина болх бу мах хадийна ца валлал беза. Иза дIакъовла гIертар – доккха тохар ду Оьрсийчьурчу могIарчу бахархошна, уьш мегар бац бакъонашларъярхойн центр йоцуш, аьлла хета Муцольговна.

1989 шарахь кхоллаелира "Мемориал" цхьанакхетаралла. Юьхьанца цуьнан коьрта Iалашо яра Советан Iедало шен заманахь адамашна тIехь латтийна гIелонаш Iораяхар. ТIаьхьо юкъаралло шен болх шорбира историн-кхетош-кхиоран балхаца а, адамийн бакъонаш ларъярца а. "Арахьарчу агентийн" реестре язйира "Мемориал" 2016 шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG