ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бомбанаш ен кепаш гойту итт сайт дIакъевлина ГIалгIайчохь кхело


ГIалгIайчоьнан прокуратура
ГIалгIайчоьнан прокуратура

Лоьлхуьйтурш муха йо гойту информаци тIехь хилла сайташ дIакъовлар доьхуш, прокуратуро чуелла иск къобалйина ГIалгIайчуьрчу Магасан кIоштан кхело. Интерфакс агенталло бина цунах лаьцна хаам.

Юьйцурш муьлха ресурсаш ю, мел йиллина лаьттина уьш, хууш дац. Прокуратурин векало билгалдаьккхина, оцу сайте маьрша вала аьтто хилла, регистраци ян а ца оьшуш аьлла. Сайташ тIехь хилла информаци Оьрсийчохь яржор доьхкуш, сацам бина кхело. Оцу сайташка вуьгучу некъашна а доза тоьхна.

Хьалхо хааме даьккхира, Нохчийчохь кхело дозанаш тохарх, механа еза лору акхарой юхкуш хаам бечу сайтана: пантераш, лоьмаш, цIоькъалоьмаш, пумаш, ягуараш, гепардаш, иштта, Оьрсийчоьнан ЦIечу книги тIе яздина леопард а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG