ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бостонехь хилларг кхоччуш талла деза аьлла хета Обама Баракана


Обама Барак, Охан2013
Обама Барак, Охан2013

Шоьтан буса Бостонан полицин департаменто шен Твиттерехь хаам бира: «Лаьцна!!! Таллар чекхдаьлла. Лехарш дIадирзина. Терроризм дIайирзина. Нийсо тоьлла. Шеко йолуш хилларг лаьцна ву».

Iамеркан президенто Обама Барака элира, цу трагедин мехала агIо дIакъевлина аьлла.

Обама Барак: «Бостонан полицино а, Массачусетс штатан а, меттигерчу а полицино а кху тIаьхьарчу пхеа дийнахь жоп делира хиллачун говзаллийца а, майраллица а. Ткъа кху буса, цара юха ца бовлуш къахьегар бахьана долуш, вай дIакъевлира цу бохаман мехала агIо».

Обамас элира, хилларг бахьана долуш дуккха а хаттарш дуьсуш ду аьлла.

Обама Барак: «Гуш ду, тахана дуккха а хаттарш дуьсуш хилар. Царна юкъахь ду: хIунда бина нахана ницкъ вайна юкъахь кхиина а, дешна а, вайн юкъараллан а мехакан а дакъа хиллачу цу кегийра наха? Муха кечдина, муха кхочуш дина цара и тIелатар, цхьа а хиллий царна гIо деш? Оццул маьIна доцуш байинчу нехан доьзалшна дала дезаш ду и жоьпаш».

Полицино бинчу хаамца Царнаев Джохар карарчу хенахь дарбан хIусамехь ву. Иза еза чевнаш хилла ву.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, иза лечкIина Iийна Уотертаун-гIалахь цхьана хIусаман кертахь тIе гата а тесна лаьтташ хиллачу жимчу хинкеман чохь. ХIусамдас полице хаам бина хилла, цигахь шена цIий гина аьлла.

Царнаев лоьхуш эзрнаш полцин белхахой бара. Цуьнан ваша Тамерлан, хууш ма хиллара, вийна Еарин дийнахь полицица хиллачу герзаш деттарехь.

Бостонехь тIелатар дира Оршотан дийнахь, цигахь марафон дIахьош. 3 стаг а вуьш, 170 стаг лаза а веш эккхийтинарг яра куьйга йина ши бомба.

И тайпа терроран акт хилла яцара Iамеркехь 2001-чу шарахь Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь терроран тIелатар динчхьана.
XS
SM
MD
LG