ТIекхочийла долу линкаш

Теркаца хьала-охьа волавелча, цхьа наггахь доцург мIара боьгIна ладегIамех Iаш чIерийлецархо ца хаало тахана.

МогIарерчу наха чIагIдарехь, хIинца санна чIерийн къоьлла хилла яц Теркачохь цкъа а. Хьалха кхиссалуш, ловзуш хилла цIен чIерий-м хIинца доцу хьесап ду.

Iедалан терго йоцуш, тесна лаьтта Терк
Iедалан терго йоцуш, тесна лаьтта Терк

Ток етташ болчу зуламхоша цхьа наггахь баккха-м боккху лосось олу чIара бохуш, мукIарло дира Новр кIоштерчу вахархочо Халила.

Цо дийцарехь, базарахь болчу мехал дуккха а кIелдIахула 500 сом кийланах доккхуш, цара дIа а бухку. ЦIен чIера тIера доладелира тхойшиннан къамел.

"Браконьераш кхеле озийнаметтиг гина бац суна"

Халил: "Хьалхалера цIен чIерий дац. Наггахь лосось чIара хаало бухкуш. Къайлах-къулах бен иза ма бац боккхуьйтуш а. Дийцарехь, ток етташ лоьцуш берш а бу биргадаш а йина. ГIалан базарахь лечкъош а боцуш, бухкуш а ма бу и цIен чIара, балык, масала.

Церан бакъо ю я яц ала-м ца хаьа. Кху тIаьхьарчу хенахь оцу браконьерех цхьа-а жоьпе озийна суна-м ца догIу дага".

Iаламан тийналле лан а доьгIуш, Кристи Агатин детективаш йоьшуш карийна тхуна пенсахо Илес. Цуьнгахь чIара лаца мIара-м муххале а бацара, дIа ладоьгIча, цо цкъа а чIара лаьцна а ца хиллера.

Бакъду, Илеса а тоьшалла дира, ток етташ чIерий лоьцурш, уггар хьалха, Iедалан белхахой шаьш хилар.

"ЧIерашна ток еттарг мила ву? Уьш шаьш бу-кх!"

Илес: "Соьгахь мIар бан а бац, кхушара боху ахь, ас цкъа а ца баьккхина чIара. Ток еттарг мила хир ву, уьш шаьш бу-кх…"

Со юххехь а лаьтташ, яй яьккхира чIаралацархочо Ахьмада. ЧIерех а, уьш дIаьвше диларш а чу а хоьцуш, дайарх а дийцира цо. Цо чIагIдарца чIара хIаллакбарна бехке ГIебартара а, ХIирийн махкара а къаркъа деш йолу заводаш а ю, цул тIаьхьа кегийчу кеманаш тIехь ток етташ, чIерий лоьцуш берш а бу.

Ахьмад: "ТIийриг хадийна дIа-м яхнера сан яй кхушара кхин лаьцна яцара. ЦIен чIара суна ганза дукха хан ю. Къаркъа доккхучу заводаша ницкъ бо чIерана, деба ца буьту. Цара эккхина-кх чIара. ШолгIачу меттехь и ток етташ берш а бу-кх. Iедал дан а дац…»

ЧIерийлецархойн коьрта лазам бу, ток етташ зуламаш дийраш. Уьш совцо, цаьрга и харцонаш ца лелаяйта бала болуш стагга а вац.

Ма-дарра аьлча, массара а билгалдоккхург ду «лаьцнарг юкъахь ю вайн, шайга далург делаш» аьлла и хьарамлонаш лелошберш хецна битина хилар. Цунах дуьйцуш бу Новр кIоштера бахархой Жамалай а, Мохьмад а.

Жамалай, Мохьмад: "Вахча а чIара буьтуш ма бац оцу зуламхоша. ЧIара ларбеш болчара цхьаъ схьалаьцча дIо-о лаккхара зIе а тухий, дIахоьцуьйта. Цхьа таIзар деш а дац я дийр ду ала меттиг а яц. Тхан дан хIума ма дац. Тхоьга ладугIуш мила ву…"

Хи чуьра флора ларьяйта а, кхоамза хIаллак ца яйта а, бала кхочуш бакълена а Iедалхой бан а бац кху Къилбаседа Кавказехь Теркаца Iохкучу республикашкахь бохуш, чIагIамаш бо могIарерчу наха.

Урхаллехь болчара Теркана кIезиг сагатдеш хилар гойту, цуьнан аьтто бердаца яккхий оьланаш а йина, охьаяссийна гучу нехаш-кхаьллеша: дечигаш, бетонаш, кибарчигаш…

Уггаре беламениг ду, дистина деанчу хине бердаш ца дохадайта могIарерчу бахархоша цу кепара хина дуьхьалонаш еш хилар.

Бакъду и болх мел эвсаре бу, мел къарло, тело цаьрга карзахдаьлла Терк? Цу хеттаршна жоьпаш доцуш ду.

XS
SM
MD
LG