ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британин премьер-министро кхайкхам бина пачхьалкхашка


Philadelphia, Pennsylvania, January 26, 2017
Philadelphia, Pennsylvania, January 26, 2017

Черногорехь карчам бан гIоьртинчу тобанийн декъахь Москох хилар а хьахош, Британин премьер-министро Мэй Терезас Балканаш Iалашъяре кхойкху Евробертан пачхьалкхаш, Оьрсийчоьно латточу кхерамах. Брюсселерчу Евробертан пачхьалкхийн лидершца йоьдучу саммитехь йистхуьлуш Мэйс билгалдаьккхира, регионехь хьал ледара хиларна, йоллу Европана кхерам туьйсуш хилар.

Доккхачу декъанна, кхойкху премьер-министро дуьхьалояре дезинформацеш яржочу компанешна, цо бахарехь, къаьсттина Балканан мехкашкахь дIахьочу. Дахначу шеран гурахь Черногорехь парламенте харжамаш дIахьочу муьрехь, шайна юкъахь оьрсий а болуш, тобанаша кечдинера цхьа могIа тIелатарш. Иштта церан Iалашо хиллера, премьер-министрна Джуканович Милона а тIелата.

Чиллан-бутт бовш Черногорин леринчу прокуроро Катнич Миливоес оьрсийн къайлах сервисаш бехкейира, шайн махкахь къепе йохо гIорторна, шайн пачхьалкх Атлантикан Альянсан декъа ца яхийтархьама.

Кремло бакъ ца дира ша оцу зуламна юкъахь хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG