ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буденновскана тIелатар дарна шеконехь волчунна кхел йина


Черхигов Хазваха
Черхигов Хазваха

Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан гонан кхело Нохчийчуьра Черхигов Хазваха бехке лаьрра 1995-чу шарахь Басаев Шемалан герзаца йолчу тобанан декъехь йийсархой а луьйцуш, тIелатар дарна. Шогачу рожан колонехь яккха 12 шо хан тоьхна цунна.

Оьрсийн зуламан кодексерчу бандиталла, теракт, набахтешкара вадар артиклашкахула кхел йинера Черхиговна, иштта тIелатар дечу юкъанна лелаш хилла йолу РСФСР-н зуламан кодексера леррина стаг вер, низамехь а доцуш маршонах хадор а артиклашкахула листира гIуллакх. Цунах лаьцна хаамбо кхелан телеграмерчу каналехь.

Билгалдоккху, прокурорийн версица, Черхигов низамлардаран органех лечкъаш лелла, уьш шена тIаьхьбевлла хьийзарг хилар ша кхетарна. Паспортера хаамаш а хийцина, Москвахь вехаш хилла иза, масех кхел а йина цунна кхечу зуламийн хьокъехь, тIаккха набахтера ведда, тIаьххьаре а дIалаьцна 2018-чу шеран лахьан-баттахь.

Буденновскерчу терактехь дакъа лацар а, хьалхо Москван кIоштан Истринскан гIалин кхело кхечу зуламашна йина кхел а вовшахтоьхна таIзар дина цунна.

Хьалхо Кавказ.Реалиино хаамбора, тешаш бахарехь, Буденновскана тIелатар дечу юкъанна Черхиговн 17 шо дара.

  • 2020-чу шарахь Буденновскана тIелатарехь дакъа лацарна бехке а вина 12 шарна чувоьллира Нохчийчуьра вахархо Даудов Аслан.
  • 1995-чу шеран мангал-беттан 14-хь Нохчийчуьрчу тIемалойн тобано Басаев Шемала куьйгалла а деш герзашца тIелатар дира Буденновскана, чоьхьарчу гIуллакхийн кIоштан дакъана, административан а, долара а гIишлошна а зен деш. ГIалин централан майданехь тIемалоша йийсархойн тоба дIагулйира, тIаккха цара уьш Буденновскерчу централан кIоштан дарбан цIийна чубигира.
  • Ялх дийнахь-буьйсанна 1 586 йийсархо лаьцна латтийра тIемалоша. Цара динчух 129 стаг велира, 415 лазийра.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, гIаттамхой бу бохуш гойтуш болчу наха кхелехь дIахьедо, таллам боьдучу юкъанна шайгара Iазапца кийтарлонаш яьхна, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG