ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бух боцуш Черногорихь нохчо лацарх дIахьедина бакъонашларйархоша. Цунна экстрадици йан тарло

Черногорира "Спунж" набахте
Черногорира "Спунж" набахте

Мусханов фамили йолу Нохчийчуьра вахархо бакъо йоцуш лаьцна, набахте хьажийна Черногорихь дозанехула дехьа волучу заманчохь. Оцу хеначохь цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх схьадиллина Оьрсийчохь, хIинца лаьцна латтош верг даймахка дIахьажон тарлуш ву, бух боцуш биллинчу бехкаца аьлла, чIагIдо бакъонашларйархочо Дунаева Розас. Черногорин Iедалхоша цкъачунна цунах лаьцна йина комментари йац.

Дунаевас дийцарехь, Мусханов "Спуж" цIе йолчу набахтехь волу кхо кIира гергга хан йу. Бакъонашларйархочо чIагIдо, дозанехула дехьа волучу заманчохь цунна дуьхьал айдина гIуллакх дацара, цхьана а кепара тоьхна дозанаш а дацара. Мича бахьанаца иза дозанхоша лаьцна а, хууш дац.

"Иза лаьцначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан агIоно бехкзуламан гIуллакх доллина цунна дуьхьал, иза лехамашка а воккхуш. Цул а хьалха дуьненайукъарчу лехамашкахь а вацара иза. Оьрсийчоьно шайггара айдина гIуллакх ду аьлла, лору оха, хилларг Оьрсийчуьра вада дезначу стагана тIаьхьадовлар ду", - дIахьедина Дунаевас.

Европан Кхеташоне йала дагахь йу иза, Мусханов лаца гIертарна латкъам беш, цуьнан адвокато а тIедожийна, иза маьршаваккхар. Ишта оцу гIуллакхна йукъаозийна Подгорицера бакъонашларйархой а бу.

  • Москвано гIо а деш, "къаьсттина къиза" кампани дIахьош йу Нохчийчоьнан Iедалхоша дозанал арахьа йолчу диаспорина дуьхьал. Оцу дешнашца дIахьедар дина адамийн бакъонашкахула ООН-н лерринчу докладхочо Кацарова Марианас. Нохчийн омбудсмено Солтаев Мансура бехкейира Кацарова Мариана "террорхошкахьа гIодахарна а", питанаш тлелорна а.
  • Нохчийчохь шена хиллачу кхерамах ведда веана, Казахстанехь лаьцначу Мовлаев Мансура чIагIдо, ша шен вен дагахь куьйгаш тIедаьхьначул тIаьхьа шеца прокурор цхьанакхетарх. Цо дIахьединера кхуьнга, Оьрсийчу хьо дIа ца велча вер вац аьлла. Мовлаевс кхайкхамбина, ша Оьрсийчоьне дIавалар доьхкуш, шена кхерамзалла латтон ООН-н тIелаьцна барамаш ларбаре.
​
XS
SM
MD
LG