ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буру-ГIалахь 10 полисхочунна таIзар дина лаьцнарг тIехь ницкъбина верна


Цкаевн хьокъехь кхел
Цкаевн хьокъехь кхел

Кхаарин дийнахь Буру-ГIаларчу кхело 10 полисхочунна бехкаш тIечIагIбеш сацамаш бовзийтина, меттигера вахархо Цкаев Владимир полицин декъахь хеттарш динчул тIаьхьа валарца доьзна. Кавказ.Реалиис яздина цунах лаьцна. Кхеле хIоттийначу ялханна юкъарчу рожан колонехь яккха хенаш йиттина.

Цомаев Георгийна а, Майсурадзе Шотана а, Хохоев Аланна а итт-итт шераш кхайкхийна, Ситохов Сосланна - 8 шо, Бигаев Аланна - 4 шо, Бузоев Спатракна - 3 шо. Цугкиев Азаматна а, Дзампаев Олегна а кхоккха шераш тоьхна колонехь, Датиев Ацамазна а, Валиев Владимирна а 2,5 шераш.

Цкаев Владимирх йиссинчу Цкаева Земфирас ша реза цахилар дIахаийтина кхелхоша бинчу сацамна, гергарчу хенахь латкъамбан дагахь ю иза.

2015-чу шеран Гезгмашин-беттан 31-чохь Иристонерчу кIоштан полицин декъе кхайчийнера Цкаев Владимир, полицин белхахочунна герз тоьхнарг хила мега аьлла, шеко йолуш. ШолгIачу дийнахь, дегIа тIехь дуккха а чевнаш а йолуш, моргехь карийра цуьнан дакъа гергарчарна. Кхо шо даьлча бен аьтто ца баьлла Цкаевн зудчун шен майра вер талламе даккхийта.

Оцу юкъанна, полицин белхахоша шайна луъург лелорна дуьхьал митингаш хилира Буру-ГIалахь. Цу акцехь дакъалоцуш вара 100 гергга стаг. иза полицин белхахочунна герз тоьхнарг хила мега аьлла, шеко йолуш.

Митингехь дакъалаьцна болу цуьнан гергара нах, цуьнан сурташ а карахь буьйлабелира Буру-ГIалин урамашкахула. Цара дехар динера Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочуьнга, шайн стаг валаран бахьана талла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG