Симферополан прокуратурана уллохь хIоттийначу Николай ШолгIачун бюстах деза хиш дуьйлуш дац. И сацам бина Симферополан а, ГIирмин а епархин мозгIарийн комиссино монумент теллинчул тIаьхьа, хаамбо Интерфаксо. Бюстан терго а еш, цхьа хийцам хаалахь, дерг довзийта хьоьху комиссино.
Николай II бюстах деза хиш дуьйлу аьлла, хаам баржийнарг «Царьград» телеканалан эфирехь яра Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирман депутат, оцу махкахь прокурор лаьттина Поклонская Наталья.
Цо дийцира, и Iаламат довзийтинарш бу прокуратуран белхахой, ткъа иза нисделла, бохура Поклонскаяс, император даржах ваьккхина бIе шо кхочуш.