Иркутскерчу СИЗО-1 чохь масех тутмакхо кхайкхийна хилла мацалла сацийна. Хьалхо лецначара, шайлахь нохчо Хайдаев Хьумайд волуш, латкъам бира, дин тIехула шайгхьа дискриминаци лелорна, камерашна чохь шийла хиларна а. И хаттарш кхочушдан аьтто хилла, дIахьедира "Гражданской содействие" комитетан къоьвлинчу телеграм-каналехь.
Бакъоларйархойн хаамашца а догIуш, барам сацорах лаьцна хаам кхечира гIуран-беттан 25-хь – мацалла лайра тутмакхаша шина кIирнахь гергга. Лаьцначарна билгалдаьлла хиллера, набахтин администрацино камерашкара йовхо латторан гIирс дийнахь дIабойъуш хиллера, амма буьйсанна цу чохь йохйала ца кхуьура, хIунда аьлча, -20 градусал лаха хуьлуш нисло арахь шело. ХIинца камерашкахь йовхо йу. Цул сов, бусулбачу нехан дехарца, цигара кхача жижгаца иэбийр бац хIинца, хьанал доцу жижигах ца кхета церан аьтто хилийта.
Мацалла кхайкхийна болчу нехан билггал долу терахь девзаш дац. 2020-чу шарахь Ангарскерчу колонехь гIаттам болорна бехке лаьрра волчу Хайдаевца цхьаьна протест кхайкхийнера оцу гIуллакхехула шолгIаччу тутмакхо – Марченко Ивана. Кхачах дIакъастаран бахьана хиллера иза шен хIусамненаца цхьана ца кхетийтар, хаам ца беш шогачу хьелийн набахте дехьаваккхар а. Цунах лаьцна кехатехь дийцира цу шимма, тайп-тайпанчу хаамашца, гIуран-беттан 13-хь, йа 14-хь.
- Хьалхо Хайдаев Хьумайда латкъам бира, Иркутскерчу СИЗО-1 чохь ша Iазапехь латтош ву аьлла, амма таллам дуьхьал хилира оцу тIехула таллам болон.
- Хайдаевс бахарехь, Иркутскерчу СИЗО валийначул тIаьхьа кхечу хантоьхначаьрца ФСИН-н белхахоша куьйгашца, мийрашца, чхьонкаршца етта а етташ, могIарех чекхвалийтинера иза а. Цул тIаьхьа цхьаьна камери чу воьллинера иза "жигархошца" - иштта олу администрацица йукъарлонаш лелочу тутмакхех. Цара йиттинера цунна, маьнгашна юккъехь когашца а, куьйгашца а ирхъоьллина, цIийбина аьчкан Iайг тIеIуьттуш вага а веш. Хайдаев тешна ву, и дерриг а СИЗО-н администрацин пурбанца лелийна аьлла. Когийн а, куьйгий а пIелгаш кегдинера Хайдаевн, дуккха а лазийна йара цуьнан дегIан меженаш.
- Охан-бутт йуккъе баьллачу хенахь Хайдаев бехкевира колонихь бунт гIаттон кхайкахамаш барна, хIетахь велира цхьа тутмакх. Титиевс хаам барехь, набахтен белхахоша лелочу харцонна дуьхьал йина протест йара и, Хайдаев цул а кхо бутт хьалха араваккха везаш вара, амма тутмакх чохь сецош вара.