ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулбанаш  байар къобалдинчун къамелах пайдаэцна Нохчийчуьра пачхьалкхан канало тIамна пропаганда йеш


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканало шен телеграм-каналехь зорбане даьккхина немцойн "Compact" журналан коьрта редакторан Эльзессер Юргенан къамелан дакъа, цигахь къобалдо вукхо Украинана Оьрсийчоь тIелатар.

Немцойн журналист, публицист аьтту экстремизман агIонча ву – иза масийттазза бехкевина, иштта Германин пачхьалкхан органаша а цхьана, исламофобин дIахьедарш дарна, расистийн, антисемистийн, националистийн позици хиларна. 2014-чу а, 2015-чу а шерашкахь Эльзессер "Альтернатива для Германии" (АдГ) юьстахчу аьтту партин а, исламофобин "Pegida" боламан а агIор вирзира.

Эльзессеран журнало, масала, вазвира тIеман зуламхо Младич Ратко, "Европера исламизацин дуьхьалонча санна. 1995-чу шарахь Сребреницехь боснийхойн бусулбанаш байар "тIеман къегина операци ю герзашца чIагIйелла исламистийн гIопана штурм йеш – керста Европан тIаьххьара тIеман толам бу юха а чугIертачу исламна тIехь" йаздира журнала тIехь. ХIетахь тоьпаш туьйхира гIалин бархI эзар сов вахархочунна, "Сребреницера арсаш деттар" аьлла бийцира и хиламаш.

Немцойн Tagesspiegel-а мах хадабо Compact журналан "исламана демонизаци йен" гIирсан санна. Конституци Iалашйечу федералан урхалло (Bundesamt für Verfassungsschutz)жамI до цуьнан ультра-аьттон экстремистийн ресурсан санна йиллинчу къепехь антисемитизм, исламофоби лелорна а, демократин принципаш цаларарна а.

Кавказ.Реалиин редакцино хаамбира, Нохчийчохь пачхьалкхан пропагандано кест-кеста пайдаоьцуш хилар арахьарчу спикерех Украинана йина Оьрсийчоьнан агресси бакъйархьама. Америкахойн шоу юккъера цара меттигерчу Iедална критика йен дакъош, малхбалерчу политикийн къамелашдар кест-кеста гучудоху хьаькамийн аккаунташкахь а, республикан пачхьалкхан зорбанан гIирсашкахь а. Спикерех цхьа дакъа шеконе репутаци йолуш хуьлу шайн пачхьалкхашкахь, билгалдаьккхира эксперташа.

  • Малхбузенан а, Европан а медиаша даим а олу Украинана дуьхьал тIемаш бечу нохчийн вовшахтохараллех Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь а санна "кадыровхой". Кавказ.Реалии сайто дийцира арахьарчу гIирсаша муха довзуьйту церан лелар.
  • Кавказ.Реалиин редакцино тергойира Украинера тIом болабелчхьана муха хийцалора Кадыровн риторика хьожуш: "Киевна штурм йоло омра де" бохучунна тIера Оьрсийчоьнан тIеман министраллина критика йарна а, зарратан герзах пайдаэца бохуш, провокаци лелорна а, маьршачу гIаланашна тIе бомбанаш йеттар къобалдарна тIекхаччалц.
  • Оьрсийчоьнан эскаран декъехь тIемаш бечарна оьшург латтон Кадыров Рамзана 20 миллиард сом хьажийна аьлла, дIахьедира республикерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада Соьлжа-ГIалахь дIахьочу кхеташонехь. Муьлха валюта ю юьйцург, цо ца къастийра, хууш дац иштта, регионан урхалхочо дайина боху ахча – Нохчийчоьнан бюджетера дара, йа цуьнан шен кисанара ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG