ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан "гIашсалти" Кадыров а, ШарI а


Шаьш Путинан "гIашсалти" бу боху хьаькамаш стенна кхийда ШарIе

Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад ШарIан кхелехула юкъаметтиг къасто гIерта Магасерчу митингехь шена а, Кадыровна а дуьхьал къамел динчу жигархочуьнца Барахоев Ахьмадца. Пачхьалкхо, дин юьстах а дуьтуш, деккъа шен цIарх арахоьцучу низамашца еха Оьрсийчоь цецъялла оцу суьртах.

Барахоев а санна, шина мехкан доза далхош, митингехь "эвхьазваларна" Даудовс ша а вуйла лоьхуш ма-хиъи, ШарIан кхеле нийсо яр ша дехна ГIалгIайчуьрчу кхечу цхьана протестхочо – ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Iийначу Погоров Ахьмада. Цо доьху шех лаьцна телевизинашкахула, прессехула кIон дош аларна Кадыров Рамзан ШарIе валор.

Лорда (оцу цIарца вевза Даудов дукхахболучу нахана) луларчу махка а вахана, кевнаш а детташ, шен цIахь лоьхучаралахь вара Магасерчу Iедалца къийсалуш веха муфтий Хамхоев Iиса а. Ша баьхьина некъ видеоца интернете а биллира Даудовс, муфтий воьху цо ШарIан кхеле.

ШарI а, Iадаташ а

Цхьа нохчий хилла ца Iа ШарIе кхийдачаралахь. Цуьнгахьа гIерта гIалгIай а, Дагестанера къаьмнаш а. Мелла а оцу могIара бахка тарло кхарачой а, балкхарой а. Цхьа наггахь юлу ШарIан кхел адыгIашна юкъа.

ШарI доцуш, Iадаташца а луьсту кавказхоша шайн юкъаметтигаш.

Оьрсийчохь импери йолчу хенара дуьйна схьа лелаш хаало ШарI. Динан (ШарIан) а, ламанхойн (Iадатан) а кхелаш юкъара ехира Советан Iедало 1924-чу шарахь. Кхин а 4 шо даьлча дIакъевлира хьуьжарш. Бусалбанашна маршо кхайкхош хилла тIаьххьара вакуфаш (хьолаца, ахчанца доьзна девнаш луьсту хьукматаш) дIаехира 1930-чу шарахь.

Iаьрбийн маттахь "хьаст, динан коьрта орамаш" бохург ду "ШарI". Шуьйрачу маьIнехь, цунна чудогIу Исламо бусалбанна къастош долу кхетаман хатI а, бакъо а гойту низамаш. Ала деза, пIелгаш тIехь багарбал бен а бац Кавказехь ШарI дуьззина девза Iеламчаш.

Лелча а, ШарIан кхелашна листа дуьтуш дац Оьрсийчуьрчу регионашкахь нехан дар-дацарш къестор бен, хуьлда иза бахам къовсуш я дегара воIана кхочу рицкъ доькъуш иккхина цакхетам.

Бусалба доьзалшкахь ШарI лелаш Европехь а хаало. Iедалша кеп лелайо ца гуш санна. ШарIе воьдучу шимма дош ло, шайна цуьнан къастам ца тахь, дов Iедале ца даккха.

Хала ду возуш воцу къеда каро

Магасерчу гуламхошний, уьш тIелийначу Кадыровн гонний юкъабоьлла къовсам луьстуш толам боьзна хир бу къеда стенгара, мила, хьенан ву хьаьжжина. Соьлжа-ГIалахь кхел яхь, кхеташ ду, тоьлларг Кадыров бен хир вац. Ткъа нохчашна резабацар дистина лелачу ГIалгIайчохь ШарIан кхел хилахь, шеко яц бухара вахархо бакъвийр вуйла.

"Кавказ.Реалиино", Оьрсийчохь мел лела таро ю ШарIан, аьлла, динчу хаттарна жоьпаш деллачех ву ша цавовзийтар дехна Iеламча-блогер Арслан. Орьсийчохь, бусалбанаш миллионашкахь белахь а, магош дац ШарI, я низам а ца хета иза Iедална, элира цо. Магош хилча а, цунна хетарехь, Iедало шен Iуналлера йохийла дац ШарIо къестош йолу нехан юкъаметтигаш.

Дуккха а бусалбанаш шеца болчу блогеро М. Хьусайна, Кавказехь дуккха а бу ШарI девза говзанчаш, царалахь бу къаьмнийн дар-дацарш листа хуурш, амма шен кхел бен лоруш а йоцчу Оьрсийн пачхзьалкхехь лела бух бац ШарIан низамашна, элира. Хьасайнна гарехь, къедано дов мел хаза, нийса листарх а, цо дина хьукма (сацам) хьехам а хуьлий буьсу.

Уггаре халаниг ду тахана, цхьаьнггахьа а ца узуш, хьоьгара хьакамалла, хьан ахча-бохча ца лоьруш, нийсса ШарIца кхел еш волу къеда каро. "Вай цкъачунна кийча дац", бохура "Кавказ.Реалиица" къамел динчу эксперташа.

Оьрсийчоьнан кхелех цатешарна, къедига леткъа нах. Делахь а, ШарIан кхеле стаг ийзор ловзар бен дац цкъачунна. Амма иза дац нехан ШарIе ларам бац бохург, динца къастош йолу кхелаш юкъараевр ю бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG