ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берзалошна яха доьхку юха а


Чухарова Елизавета

Хьан, стенна йойу берзалой Къилбаседа Кавказехь?

Кавказерчу массех махкахь таллархошка дехна берзалой а, цхьацца кхийолу а акхарой хIаллакъян арабовлар. Берзалой а, чагIалкхаш а хила торучул маситтаза сов ю, боху.

Нохчийчохь церан барам иттаза совбаьлла – 1,5 эзар, аьлла бу цигарчу таллархойн урхалло баржийна хаам.

Говзанчаша бахарехь, берзалой юкъ-кара хIаллакьеш ца хилча, цара кхийолу акхарой йоу, аьтто бац лунаш, хьехаш, сеш Iалашдан.

"Акхаройн хIора а тайпанна хIоттийна барам бу, хIокху я кхечу махкахь мел-мел, муьлха акхаро яха тарло, аьлла, хIоттийна. Берзалой схьаэцча, масала, 220 эзар гектар тIехь уьш 12-13 бен хуьлийла дац. Ткъа ян уьш дуккхаза а дукха ю", - дуьйцу ГIебарта-Балкхаройчуьрчу биологин Iилманан кандидато Наумов Алексейс.

Дагестанехь юьртбахамхоша шаьш дехна Iедале берзалошна, чагIалкхашна дуьхьал къовсам гIаттор. ТIаьххьарчу хенахь даьхни дайа юьйлаелла уьш, чIагIдо мехкан маьIданийн а, экологин а министраллан векалша.

Тера хьал ду Къилбаседа ХIирийчохь а. Ардонан кIоштарчу Рассвет юьртарчу бахархойн 140 уьстагI бийна берзалоша.

"Сатоссуш карийра суна лаг хадийна уьстагI, сан вагонна юххехь "хар" деш бара иза, - дуьйцу оцу юьртарчу Бедоев Артура, - дIахьажча, дац-кх кертахь уьстагIий. Араваьлла, юьртанна го таса вуьйли со. Фиагдонца хьалаваьлча – серлайолуш ю хIетахь – дийна, Iуьллуш карий суна жа. 140 уьстагI дIабели".

Цул тIахьа марзъелла берзалой ярташка. Массех де даьлча Дзуарикау юьртахь бийна 15 уьстагI. ГIуран-баттахь бийна берзалоша ши етт. Ткъа кху кIиранах, БуьрийтIе кхаччале, йистерчу цIеношна гергахь борз гина нахана яьлла лелаш.

"Дукха хан йоццуш тхо акхарой мел ю хьовсуш болх беш дара. Массанхьа а гуш ю берзалойн ларш", - хаамбо Къилбаседа ХIирийчоьнан акхарошна Iалашдечу латтанаш тIехь болх бечу Вейнсберг Павела.

Берзалой яйар деккъа дIа цара даьхни хIаллакдо аьлла а дац. Цамгарш а яьржа, боху, цаьргахула. И саннарг дукха хааделла дацахь а.

Дукха хьолехь таллархоша шаьш шайлахь вовшахтуху берзалой йойу тобанаш. Тоьпаш тухуш хуьлу царех цхьа дакъа, важа дакъа – шайн накъосташа йинчу къелоне берзалой лоьхкуш Iа. Делахь а, атта дац борз ен. Бахначу беттан цхьана дийнахь талла араваьллачу массех бIе стаге ен ца елира цхьа борз бен.

"Наха социалан машанашкахь берзалой ма яйа олу, амма цара дицдо вайн хьаннашкахь кхин а лунаш, сеш, масарш дуйла. Берзалойх уьш ца лардича довлий вай? Ерраш-х ца йойий берзалой! Цу тIе, ши кIира даьлча чекхболуш бу талла магийна мур", - дуьйцу Къилбаседа ХIирийчоьнан Iаламан а, экологин а министраллехь таллархойн балханна тIехьожучу декъан куьйгалхочо Битаров Артура.

Делахь а, берзалой яйарна дуьхьал а буьйлу цхьаболу зоологаш.

Оьрсийчоьнан Iилманийн академин экологин, эволюцин проблемийн институтерчу говзанчашна хетарехь, берзалой яйаро ца бо дикачу агIор хийцам. Цара бахарехь, берзалой сиха деба юьйлало, шайн тоба жимлуш шайна хаадаларца. Цул совнах, боху цара, даьхнашна тIелетарш гила, цхьалха лела берзалой ю, ткъа таллархоша йойурш, адамах а къехкаш, юьстах, жуларахь лела берзалой ю.

Iилманчаша мухха а дийцахь а, хIора шарахь а арабоху таллархой берзалой яйа. ГIебарта-Балкхаройчохь йийначу берзанна дуьхьал ахча ло. Цигарчу Iаламан, экологин министраллан таллархойн департаменто бечу хаамца, шера чохь махкахь яйинчу акхаройн терахьаш иштта ду: 197 борз, 1095 чагIалкх, 523 цхьогал, 37 акха жIаьла. Ах эзар гергга дайина дай боцуш девлла лела жIаьлеш а.

Билгалдаккха деза, Къилбаседа Кавказан цхьаболу мехкаш меттахIитто гIерта хьалха дуьйна а шайн лаьтта тIехь яьхна акхарой. Масала, Къилбаседа ХIирийчохь денъеш ю була – хIинца церан барам 80 бу . Иштта, далийна хIирийн хьаннашка цхьа хан хьалха махкахь лелла, амма адамаша хIаллакдина долу кавказан сеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG