ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чергазий: чекхболуш боцу къовсам


Чергазийн къано-жигархо Гвашев Руслан
Чергазийн къано-жигархо Гвашев Руслан

Тамов Анзор

Жигархочо сатуьйсу кхелехь бакъдерг толаре

Iедалца къовсуш, стохка мацалла лаьцна Iийна чергазийн къано Гвашев Руслан эшна Краснодар-мехкан кхелехь. Оцу бахьаница ша Новороссийскехь а, Москох а адвокатех кхета воллу, церан гIоьнца Лакхарчу кхеле вер ву, элира цо "Кавказ.Реалиица" къамел деш. Ткъа Оьрсийчохь ца толахь, Европан кхеле а лур ду ша арз, боху цо.

Гвашев Руслан стохка бIаьста, чергазийн мохк оьрсаша Кавказан тIамехь шайн долаберзийначу дийнахь (цо иштта олу оцу иэсан дийнах), доIа дайтинера шен махкахошка Сочина йисттехь, ша вехачу Лазаревски кIоштахь. Оцу бахьаница меттигерчу кхело 10 эзар соьмана гIуда туьйхира цунна. Сацамна резавоцчу Гвашевс мацалла кхайкхийра.

"Хьовсур вай, азаллехь дуьйна кхузахь даьхначу къомана магадо я ца магадо Дагалецаман де билгалдаккха. Федералан центр адыгашкара Iаьржачу хIордан йист дIаяккха гIертий а кхетош, кхочур ду-кх Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийне (чергазий Кавказан тIамехь эшна де – Маршо Радион билгалдаккхар). Кхечу кепара иза туьдийла а дац. Ас сатуьйчу тхан къоман баланах Европан кхел кхетаре. Оха гойтур ду дуьненна муха ду Iедал чергазашца," – боху Гвашевс.

КIелдIахула бо жигархошна тIеIаткъам

Чергазийн жигархочо Негуч Шамсуддина бахарехь, тIеIаткъамбар кхин башха хаалуш дацахь а, ца беза Iедална къам Iалашдан гIертачу чергазийн жигархой. Цу тIе, шайна чергазашна юкъахь а бу цхьацца цакхетамаш.

"Цхьаалла яц чергазийн жигархошлахь, царна кеп-кепара го Iалашонаш. Маршонах дерг аьча, Оьрсийчоь ерриг а ю авторитаран, тоталитаран пачхьалкх, адамаш къардан араяьхна хьийза ницкъаллин структураш", – элира Негуча.

"Нах буьйда лела, кхоьру, "лайк" хIоттон а - набахти чу хаон тарло. Чергазийн жигархошна кхин а хала хир ду хенан йохалла, суна хетарехь", - боху цо.

Гвашев Руслана арадаьккхинарг шен гIуллакх дац, боху Негуча, массо а чергазийн а, Оьрсийчоьнан бахархойн а гIуллакх ду. Адамашна хьалха а ваьлла, къоман тезетан дийнахь доIадар Iедале а ца хоттуш митинг дIаяхьар ду боху – ткъа иза адамийн бакъонаш хьешар ду, аьлла хета жигархочунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG