ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Губернаторна реза бац гIалгIазакхий


Мамедов Назим

"Ставропол-мехкан бахархойн форум" дIаяьхьина Кавказан гIалгIазакхийн гоно, йийцарейина регионера проблемаш. Резолюци хьажийна президенте Путин Владимире а, губернаторе Владимиров Владимире а, мехкан парламентан спикере Ягубов Геннадийга а.

Ставропол-махкахь проблемаш IаIарна бехке ву губернатор, аьлла ду резолюцин коьрта маьIна. Владимировс бен болх ца богIу Оьрсийчоьнан конституцица а, пачхьалкхарчу низамашца а, мехкан низамашца а, тешна бу гIалгIазакхий.

"Халкъан губернатор" цIе йолу проект тIеийцира форумо. Бараман жигархочо, "Кавказерчу оьрсийн цхьаалла" (РЕКА) боламан хьалханчас Попов Сергейс дIахьедира, махканна керла да оьшу, "меттигерчу жоьлкийн юкъараллашца коррупцин, криминалан зIенаш тасаза верг", бахархошна кхерамзалла кхачонъерг, Ставрополехь Iедалан институташ меттахIоттонъерг, аьлла.

"Халкъан губернатор" проект бахархошна Оьрсийчоьнан Халкъан цхьааллин дийнахь йовзийта дагахь бара авторш. Амма гулбала бакъо ца елира, аш митингна къастийна Ермоловн хIоллам а, Сийлаллин мемориал лаьтта а меттигашкахь нах бу дIабоьхкина, цигахь магош дац гулам бан, аьлла даитира дехарна дуьхьал жоп.

Бакъду, хIора шарахь, Толаман де даздеш, эзарнаш нах гулло юьйцучу шина а меттехь. Кхело харц лериhа Iедало делла жоп, гIалин урхалла декхарейира жигархошна кху карарчу беттан 4-чу дийнахь гуламе бовла маго. Амма гIалин куьйгалхоша митингна белха де къастийра (Лахьан беттан 6-гIа), меттиг а елира кхин.

Эпсарийн ЦIийнехь дIаяьхьира форум юкъархоша. Йохийначу яртех, юьртабахамах, коррупцех, "губернаторна гонахарчу жоьлкех" лаьцна дийцира "Кавказерчу оьрсийн цхьаалло".

Дийцира жигархоша губернаторо арахецначу луьрачу низамех лаьцна. Масала, бахархоша шайлахь "дерстинчу цицигийн низам" олуш дара цхьаъ. Оцу низамо доьхкура юьртарчу наханна Iедало шайна кхачийначу лаьттан парггIат дола дан – долахочун шен лаамехm кхечуьнга леладайта дIадала йиш яцара латта. И низам а федералан бакъонца ца догIу аьлла сацам а бина, юхадаьккхира махкарчу кхело.

Хиллачу гIалгIазакхийн форумо, даржах къаста веза Владимиров, боху. Цига гулбелла хилларш куьйгаш лахьо буьйлабелла хIинца губернаторна дуьхьал, иза хийцийтархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG