ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Протестех бала пайда бац


please wait

No media source currently available

0:00 0:02:51 0:00
Линкана тIе

Ягочун мехаш бестар бу, боху эксперто

Шайн махкахь духкучу бензинан мехашна резабоцчу хIираша протестан акци дIаяьхьна кIирандийнахь. БуьрийтIерачу а, цунна гонахарчу а ягориг юхкучу станцешкахула, машенашца сигналаш а етташ, чекхбевлира протестхой. Иштта яьккхира цара станцийн тергоне Къилбаседа ХIирийчуьра проблема.

ХIираша дусту гонахарчу республикашкара бензинан а, машенашна юттучу газан а мехаш шайн махкахь лелачаьрца – башхалла йоккха ю. Масала, дизелан ягочун мехаш БуьрийтIехь Несарахьчул совбовлу 5-6 соьманна (БуьрийтIехь – 44,47 сом, Несарахь – 38,5 сом). Ткъа шина гIалина юкъахь яц 30 километр бен.

БуьрийтIехьчул а сов доьху дизелан ягочух Ставрополехь – 45,77 сом. Лахара бу цуьнан а, бензинан а мах ГIалгIайчохь, бензинах доьху: АИ-92 – 40,33, АИ-95 – 42,52.

Ткъа масанхьачул а кIезиг бу АИ-98 бензинан мах Соьлжа-ГIалахь –46,8 сом.

"Кавказ.Реалиин" корреспондент гIоьртира БуьрийтIерачу "ОАО "НК "Роснефть-Артаг" хьукматехь къасто, стенна бу Къилбаседа ХIирийчохь ягочун мах уггаре лакхара. Амма ца белира аьтто – блок хIоттийра тхан телефонна. Иза нисделира, тхоьца къамелдечо шайн инарла директоре Тавгазов Андрейца къамел ден а аьлла, тхо цуьнга телефон етта доьлча.

"Вести Экономика" сайтан тергамчина Пухаев Аликна хетарехь, ягочун мехаш лахабевр бац, бесташ лаьттар бу уьш. Цо дагадоуьйту Оьрсийчоьнан Iедалой, мехкдаьттан компанеший ягочун мехаш лахахь латто бартбеш йиллина хан карарчу беттан тIаьххьарчу дийнахь чекхйолуш хилар.

"Мехкдаьттан кампанеша шайна 55 миллиард соьманна зен хилла боху. ХIинца цара аьрзнаш до финансийн министралле, доьху шайга мехаш "дIахецийтар", совбахийтар. Иза церан чекх а дер ду, схьагарехь. Доцца аьлча, бестар бу ягочун мехаш", дIахьедо Пухаевс.

Эксперт шек ву меттигерчу протестхойн леткъамех (Къилбаседа ХIирийчохь санначух) пайда бер бу, хьал хийцадалур ду бохучух.

Къилбаседа Кавказехь ягочун мехаш кеп-кепара хилар Пухаевс дузу логистикаца а, мел дукха-кIезиг мехкдаьттан сурсаташ Оьрсийчухула дIасалелайо бохучух а. Аьхке тIекхочуш мехаш цхьаьна меттехь совцу, ткъа гурахь – хьалахьовду, боху цо.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров Рамзана Къоман агенталла кхоьллина, махкал а арахьа бехачу нохчашна гIоьнна. Оьший-те Европехь бехачарна Нохчийчуьра гIо?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG