ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльбрус а бекъа девлча…


Кмузов Беслан

Шайн мохк бовбаккхар доьху балкхароша

Сталина шайн къам дохийна де билгалдаккха баьхкина мехкан лидерш а болуш, хIоьттийначу митингехь ( Зазадоккху-беттан 8-чохь), балкхароша дIакхайкхийра, шайна шакъаьстина Балкхаройн Республика еза, аьлла.

Халкъан реабилитаци хьахалушшехь, ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхошна дуьхьалтуьйхира Хасанья юьртара "Козьий рынок" ("Гезарий юхку базар") – иза нехан дола цаяккхийта гIевттинера яхначу аьхка меттигера бахархой.

Балкхаройн къам Iедалера шена реабилитаци хиларе хьоьжуш Iа хIинццалц, шен лаьтта тIехь я кхион а, я ара а, я бажа бажон а йиш йоцуш деха, элира гуламехь балкхаройн къанойн кхеташонан хьалханчас Сабанчиев ИсмаьIала. Цунна цо бехкевира тоххара олаллера а воьссина, махкара дIавахана Каноков Арсен – цо ша президентан гIентахь волуш лаьттанех доладар тешийра кIоштийн дайшна.

"Цунах пайдаийцира хьакамаша, шайн а, шайн гергарчийн а карадерзийра латтанаш, ткъа нах хIумма а доцуш бисира. Цаьргахь 2-3 эзар гектар лаьттанаш ду, кхечаьргахь – данне а дац", - элира Сабанчиевс.

Мехкан къанойн хьалханчел тIаьхьа къамел динчу Элбрусан кIоштарчу баккхийчийн хьалханчас Ульбашев Юсупа дIахьедира: балкхарой ГIебартачоьнах дIакъаста беза.

"Оьрсийчоьнан конституцино луш болу пайда вай караэццалц лаьттара ду вайгахь вон хьал. Оьрсийчу а йогIуш, шакъаьстина Балкхаройн Республика хиллалц. Цхьа а тIом хир бац – гIебартой, балкхарой дукха хенахь дуьйна бу вежараллехь, гергарлонашкахь. Амма вай къам делахь – вайн республика а хила еза", - бохура Ульбашевс.

Гуламна кечйина резолюци дIайоьшучу жигархоша дагадаийтира шайн къомо 1991 шарахь рефендум хIоттийнийла а, шенна республика оьшийла хаийтинийла а.

Гуламан декларацино доьху Кремле ГIебарта-Балкхаройчуьра лаьттанаш халкъан доладахар а, Балкхаройчохь хьалха хьаькамашна а, церан гергарчарна а тIеяздина дакъош юхадIасадекъар а.

Гуламехь лаьттачу адыгаша вон дош а ца хазийра балкхарошна дуьхьал. Цул сов, цига веъначу чергазаша шайлахь лоруш волчу жигархочо Яганов ИбрахIима, нийса бу балкхаройн сатийсам, екъа еза республика, элира.

"Я церан а, я кхеран а йоцчу республико аьтто ца ло къаьмнашна я мотт, гIиллакх-оьздангалла лардан а, я пачхьалкхана тешаме халкъ кхолла а, балкхаройн лаам кхочушбан беза", - бохура Ягановс "Кавказ.Реалиица" къамелдеш.

… ДIасакъастар – иза лаьттанаш декъар ду, цо девнаш кхолла тарло. Эльбрусна гонахара лаьттанаш тешна а девр ду къовсаме – уьш гIебартоша а, балкахроша а цхьабосса доьзна лору шайн синкхетамца.

Ягановс Эльбрусца дерг кхелехь къасто деза элира.

"Кавказ.Реалиига" шен цIе цаяккхар дехначу лаьттаца дозу гIуллакхаш луьстучу Нальчикерчу юристо, "юриспруденцина бен-башха дац, мила мичахь хьалха ваьхна, амма цунна коьрта ду тахана мила мичахь веха", элира.

Цо дийцарехь, 60% балкхарой Нальчикехь а, гIебартойн ярташкахь а беха. Цундела атта хир дац шина агIонна шайн-шайн лаьттанаш а "эцна" дIасакъаста.

Ткъа Яганов ИбрахIимна хетарехь, дов-гIир а йоцуш къаста некъ болуш бу. "Латта доькъучу даьлча - иза хьакамийн а, къаьркъа дечу-духкучу жоьлкийн а долахь ду - харцо дIаяккхаррий бен, кхин зен хир дац, низам тIедаккха луучуьнга далуш ду иза", – аьлла хета Ягановна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG