ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со адвокате телефон тоха воьлча, сан легаш Iийда буьйлабелира"


Филиппович Екатерина

"Хиндерг долу, керла Оьрсийчоь кхолла" лаьара, амма дирзира институтера эккхорца, махкахваларца

"Дахар, къиза чекхдоккхучул, юхадолор тоьлу", аьлла хета цхьа хан хьалха Ставрополехь жигара ваьхначу, Къилбаседа Кавказан федералан университетан студент хиллачу Истомин Пётрна. Ша ваха ца витича, вада дезна цуьнан Оьрсийчуьра. Шарахь лийлира иза Навальный Алексейн агIончийн гуламашка. Кремлна мутIахь вацарна юьхьанца йиттира цунна, тIаккха эккхийра университетера. ХIинца Финляндехь ву Пётр, цигахь иза декхаре ву меттигера Iедал шена тховкIело ягIарх тешо.

- Муха кхечира хьо оппозицин штабе? Ца хаьара хьуна, мел кхераме ду Навальныйгахьа валар, гуламашка лелар?

- Ерриг а Оьрсийчохь 2017-чу шеран Зазадоккху-беттан 27-чохь гуламаш хуьлий хиира суна. ХIетахь массо а дарвинера "Иза шуна Бимон вац" филмо гойтучу харцонаша. Со а хьажира. Ставрополехь а яра хIуттуш митинг. Бутт баьлча тхо долчохь Навальныйе штаб йиллира – кхеташ ду, со а вахара цига. Оцу бIаьста сох жигара волонтер хилира, тIаьхьо – штабан декъашхо.

Хаьра дера, гуламашка леларна сайна Iедало гIуданаш деттар дуйла а, изолятошка со текхор вуйла а. Делахь а, адамашка бакъдерг дийцарна, кхин эхь ца хеташ, хьийзор – иза дукха тIех ма ду!

- Штабо акцеш йолийча ваьккхира хьо хьийзо, я хьалхо?

- Со дуьххьара вахана митинг яра Мангал-беттан 12-чохь. Иза хилале дара со тхан университетан хьаькамо тIекхайкхича. Цуьнга аьллера цхьаммо, со Навальныйн агIонча вуйла. Митингашка ма лела, бохура соьга. Тхан штаб ягийна денош дара уьш, со тоьшалла дан тIекхойкхуш лелош вара. Юха, гурахь, цхьана гуламехь со хилла аьлла, кхеле ийзош кехаташ хIиттийра суна. Дуьхьалбаьхна тешаш а бара муьлш бу ца хуурш, гуламехь хилла а боцурш. Баттахь тIелийлира со, тIаккха "Э" центрера кехат деара университете.

Iай цIийнах хьаьвсира суна. Экстремизман материалаш лоьхура баьхкинчара. Ерриг а техника дIаяьккхира. Со адвокате телефон тоха воьлча, сан легаш Iийда буьйлабелира, со хIаллаквийр ву, бохура. ДIавигира со, хетта долийра, штаб йоьллург, чIогIург мила ву, оха кхайкхамашна зорба стенгахь туху. ЦIийнах хьовсучара суна некха-уьнтIе йиттинера. Ас лоьрера тоьшалла даьккхира. Адвокатца цхьаьна арздира ас прокуратуре.

Ставропол -- коррупцина дуьхьал митинг
Ставропол -- коррупцина дуьхьал митинг

Цул тIаьхьа кхин а цкъа а еара полици суна коча. Буса цIавоьдуш вара со, сацийра, кехаташ гайта, элира. Телефон а, паспорт а дIа а эцна, машен чу а теттина, полице вигира. Сахиллалц кхебира цигахь. ТIаккха гIалин кхело ши де-буьйса чохь даккха тIедожийра – со вехна, арахула боьха мотт а лебеш лелла, аьлла бара сацам. Вацара со я мелла а, я боьха хабарш дуьйцуш а.

И сацам крайрчу кхело юхабаьккхира. Амма со къуьйсуш лелачу юкъанна, низамехь боцчу гуламашка лелла, аьлла, дIаваьккхира университетера.

- Бюджето аьтто латточу студентех ма-варий хьо, гуламашка лела волавалале ярий хьан дешарца, я полице кхийларца проблемаш?

- Митингаш юьйлаяллалц сан цхьа а проблема яцара дешарца. Ас шолгIа шо а дерзийра деккъа "пхеаннаш" бен доцуш, дика дара дешарца дерриг а.

- Хьо дIаваккха аьлла, куьйгаш хьайн массо а хьехархоша айдинийла хиича, хIун ойла кхоллаелира хьан?

- Со чIогIа воьхнера. Оппозицица ву аьлла, дешарх ваккхар – иза йоккха харцо ю. Калининградехь дешарх вохийра оппозицин штабан координатор. Амма цигахь-м цунна цхьа бахьана кхолла а гIиртинера, кхаъ эцний, доьшучохь спорте ца леллий, бохуш. Соьца иза дира, цхьа а эхь а, цхьа а къа а ца хеташ. Вара студент – куьг айдарца хIаллаквира.

-Пачхьалкхера дIабахана Навальныйн агIончаш бехкебо, "хирг хиллалц" ца Iийна, бевдда, олий. ХIун хир дара хьан дуьхьала ала?

- Со ца кхета, хIун хиллалц? Набахте кхаччалцций? Я цIийнан учахь веллалцций? Хиндерг долу, керла Оьрсийчоь кхоллий? И дуьйцуш адамаш мел Iа, хIумма а хийцалур дац. Нахана хийцамаш дагабоххалц хIумма а хир дац.

-Муха нисделла хьо Финлянде вар? Стенна ца хаьржира ахь кхин мохк, масала, Франци?

– Финлянди Оьрсийчоьнан уллера лулахо ю, юкъара ю вайн пачхьалкхийн истори. Цу тIе, кхузахь бевзаш бу Оьрсийчуьра политикан боламаш, хууш ду, муха хьийзабо жигархой.

Истомин университетера дIавоккхуш бина сацам
Истомин университетера дIавоккхуш бина сацам

- "Картографи а, геоинформатика а" яра ахь университетехь Iамош. Финляндехь хир буй-те хьан дешар чекхдаккха аьтто? Я юхаволавала дезар ду?

– Новкъа делахь а, и корматалла долаэца йиш хир яц. Университете ваха дикка финнийн мотт Iамо беза. Iамийча а дац изза тIегIа меттахIотто атта. Юхьанца мотт Iамо беза, тIаккха колледж чекхъяккха еза, тIаккха бен вахалур вац лакхарчу доьшийле.

- Хьо хIинца хIун лелош ву?

- Меттан курсашка лела. Цигахь гIишлошъярхой а Iамабо, я берийн бошмашна белхахой Iамабо, массажисташ, нехашйохурш.

– Хьан дIавахар муха тIеэцна дас-нанас? Кхийтирий хьох, я ца кхийтира?

- Дас-нас, доттагIаша къобалбо сан некъ. Дахар, къиза чекхдоккхучул, юхадолор тоьлу. Хала ду суна хIинца: ца тоьа гергарнаш, накъостий, цаьрца зIе интернетехула бен яц.

– Хила тарлучу хIуманех а дийца вай, Оьрсийчу юхаван хьуна хIун оьшу?

– Билггал ала а хаац суна-м. Цигахь, ша туьйранахь санна, дагахь а доцуш, хьал-бахам лечкъораш, нахана гIело йийраш кхачалахь – тIаккха цIаван а мегар ду.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш республикан коьртехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG