ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кочесоко – политикан тутмакх"


Черкес Лариса

​Жигархо лацарца шайн къоман болам дIалакъо гIерта Iедал, боху чергазаша

Шоьтадийнахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лескенан кIоштахь ницкъхоша лаьцна чергазийн жигархо, "Хабзэ" юкъараллин куьйгалхо Кочесоко Мартин. Талламчаша чIагIдарехь, наркотикаш карийна цуьнан машен чохь. Амма иза уллера вевза "Кавказ.Реалиин" хьасташ тешна ю, кхерорхьама, политика, юкъара болх цуьнга битийтархьама тешнабехк цунна бина хиларх. "Хабзэн" офис теллина Iедалхоша, дIаяьхьина компьютераш, даьстина Кочесокон электронан документаш.

Массех кIира хьалха юкъархочо хаийтира машанашкахь, Iедалхой шен да-нана долчу баханийла, цара шена "жигаралла лахъяр" хьехнийла. Уьш бахкале хьалха Кочесокос дакъалаьцнера Оьрсийчуьра федерализм эшамехь хилар дуьйцучу массех кхеташонехь.

Юкъаралло сагатдо шен лидерна. Ши эзар гергга куьг яздина ГIебарта-Балкхаройчоьнан прокуроре хьал тергоне эцар, жигархо мукъаваккхар доьхуш дахьийтинчу кехата буха.

"Организацеш дIахьедарш дан кечлуш ю. Кочесоко политикан тутмакх ву. Тхешан карахь дерг дерриг а дийр ду оха," – элира "Кавказ.Реалиига" чергазийн юкъараллийн координаторийн кхеташонан куьйгалхочо Яганов ИбрахIима.

Кочесоко лаца цхьа а бахьана дацара, хиллачо гойту Iедал "гобаьккхина низамаш дохош хьийзийла", элира Ягановс.

"ГIебартойн прогресс" юкъараллин куьйгалхо Бешто Аслан тешна ву Iедал ма-хуьллу "чергазийн къоман болам низаман гурара баккха" гIерташ хиларх, цунна тIе зуламхойн, экстремистийн цIе а кхоьллина, къиза хьовзо кечлуш хиларх.

Бештос бахарехь, Кочесоко лаца хьалхе дуьйна кечлуш хилла Iедал.

"КIира гергга хьалха Iедална болхбечу тролаша массех хьастанехула даржийра, жигархочуьнца институтехь дешначу стага дина аьлла, цхьа интервьюх тера къамел, Кочесокоца наркотикаш лелош ву, бохура цо. Иштаниг даьржича ларвала бен ца дуьсу. Амма гIуллакх ца хилла ларваларх а. Тхайн агIор оха дерриг а дийр ду Кочесоко Мартинна тIехь харцо ца лелаяйта", - боху Бештос.

Шена Кочесоко вевза дуккха шераш ду, ша тешна ву, " иза аьттехь а вац наркотикийн бала болуш, я хир болуш а", чIагIдо цо.

Нальчикерчу юкъархочо, политика Герг Аидас, "Iедало доза а доцуш харцо лалйойла гойту" хиллачо, элира "Кавказ.Реалиига".

"Наркотикаш лелийна, йоьхкина боху ур-атталла цигаьрка узуш а, малар лелош а воцчу, шен могашалла чIагIъеш вехачу стагна – иза орам боцуш дуйла го. ХIун дан гIерта иза лацарца, ца кхета со", - цецъюьйлу Герг.

Адыгейрчу "Чергазийн прогресс" юкъараллин декъашхой а бу хиллачо огIазбахийтина. Царна хетарехь, халкъехьа болчу наханна ша дукха хьолехь дийрриг дина Iедало Кочесоковна. Шаьш юкъахь динчу дIахьедарехь "Адыге Хасэ – Чергазийн Кхеташо" боламан куьйгалхочо Чундышко Заурбийс, юкъархочо Яхутль Юрийс, "Чергазийн прогресс" боламан лидеро Агиров Аслана кхойкху чергазийн юкъаралла бертахь Кочесокона орцахъяларе.

"Провокаци" ю Кочесоко лацар, боху Адыгейрчу "Адыгэ Хасэн" жигархочо Негуч Шамсудина.

"Суна уллера вевза Мартин дукха хенахь дуьйна. Наркотикаш лелор стенна дуьйцу, суна цкъа а ца гина цо цигаьрка узуш", - элира цо "Кавказ.Реалиица ша динчу къамелехь.

ГIебарта-Балкхаройн бакъоларъяран центран куьйгалхочо Хатажуков Валерийс YouTube-хула видео яржийна Кочесоко лацаран хьокъехь. Харцонца къийса деза, "амма и къовсам маьрша а, низамехь дIахьош а хила беза", билгалдоккху цо.

Байначу баттахь Кочесокос къамел дира ша дакъалаьцначу "Россин Федерацерчу къаьмнийн Демократин Конгресс" боламан конференцехь. Оцу боламна а хета, жигархо цуьнан кхетам бахьанехь лаьцна, иза сихха дIахеца веза, аьлла.

Кочесоко харцонна кIел ма вигийтахьара аьлла, ГIебарта-Балкхаройчоьнан омбудсмене дехар хьажийна Оьрсийчоьнан президентан гонехь адамийн бакъонийн тергоечу Бабушкин Андрейс.

Кочесокоца харцо лелайо аьлла дIахьединачех ву Оьрсийчохь вевза журналист, юкъархо Шевченко Максим а. "Голунов Иванна а санна, наркотикаш бухакхийсина Мартинна, и бахьана буха а диллина, хьийзош ву иза. Маршо Кочесоко Мартинна!", - яздина Шевченко Максима шен инстаграм-агIонтIехь.

Кочесоко Мартинехьа а, иштта Москох лаьцначу "Meduza" порталан журналист Голунов Иванехьа а видео-дIахьедар даржийна Дагестанерчу "Вайн ГIала" боламан декъашхоша Магомедов Арсена а, Манапов Мурада а. Видео арахецна хан ялале полицино лецира и шиъ, амма шина сахьтехь а латтийна, гIуда ца тухуш, дIахийцира.

Мюнхенерчу чергазийн жигархочо Гедуадже Заура "кхетам бахьанехь тутмакх винарг" аьлла Кочесокох. Цо шен Фейсбукерчу агIонехула Iедалхошна тIедожадо жигархо " сихонца дIахецар а, ГIебарта-Балкхаройчохь харцо кхоьллинчунна таIзар дар а".

Лескенан полицин изоляторехь кхобу карарчу муьрехь Кочесоко.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG