ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чекхдолучу КIиранан Коьрта Хаамаш


Нохчийчоь - Хлопонин Александр (Аьр) ву Соьлж-гIалахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца (Аьт) цхьанакхетар дIахьуш, 08Оха2010
Нохчийчоь - Хлопонин Александр (Аьр) ву Соьлж-гIалахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца (Аьт) цхьанакхетар дIахьуш, 08Оха2010

Оьрсийчохь маьрша нах болчехь тIелетарш дар сацаде аьлла, Кавказ имаратан лидеро Умаров Доккас хьастагIа динчу дIахьедарна комментари йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Лаьмнашкахь дуьхьало ечу тIемалойн терахь куьйган пIелгашна тIехь дагардан йиш ю, уьш кхин бисна а бац, Кадыровн хьесапехь. Къилбаседа Федералан Гонан куьйгалхочо Хлопонин Александра аьлла еарин дийнахь, КъилбаСеда Кавказерчу тIемалошна ахчанаш арахьара чукхьоьхьу бохург, бух боцу къамел ду. ХIокху хиламашна комментари еш ю тахана Маршо радион аналист Фуллер Элизабет.


Умарова Амина: ГIаьххьачул веха вист ца хуьлуш Iийна, эххар а, Умаров Доккас динчу дIахьедаран мах хадийра Кадыров Рамзана.

Фуллер Элизабет: Кхаарин дийнахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана эххар а мах хадийра, даханчу пIераскан дийнахь интернетехула, ша шех Кавказан Имаратан лидер кхайкхийначу Умаров Доккас динчу дIахьедаран. Цо омар динера шен тIемалошна, исламана дуьхьала бечу тIеман дакъа боцчу а, исламана дуьхьала боцчу а Оьрсийчура бахархошна тIелетарш ма де аьлла.

Хеталора, хаддаза, оьрсийн нахехьа дIахьедарш дечу Кадыровна кхаъ хир бу, хийла, бехк боцчу нехан дахарш кхерамах лахлург хиларх. Амма Умаровс аьллачух дукхах дерг, тидамза дитира Кадыровс. Мелхуо а, билгалдаьккхира, Путин Владимирна а, цуьнан чекистийн режимана а кхин гIортор ца йо Оьрсийчура бахархоша бохуш, Умаровс динчу къамелан дакъа.

Доггаха, Путин хаста а вина, Умаров Доккин ле хIоьттира иза.
Амма хIинццалц санна, Кадыровн хIума дестийна дийца йолчу амало а, массарна а хууш долчух кхиа гуьнахь ца хиларо а, цуьнга дукха бакъдоцу хIума олуьйту.

Путинан ладамалла билгалъяккха гIерташ, цо дIахьедар дира, Нохчийчура ШолгIачу тIамехь дакъа лаьцна дуккха а ахчанах тIом бина тIемалой, малхбузера къайлахчу сервисаш Iамина бара. Царна юкъахь «дуккха а эзарнаш террорахой» а бара, аьлла.

Оцу тIаьххьарчу категорина юкъабогIуш берш, схьагарехь, нохчийн президентана Масхадов Асланна муьтIахь хилла болу, гIаьхь-барамехь хилла тIемалой хир бу.

Умаровх лаьцна аьлча, Кадыровс бахарехь, «30 шо хьалха» стаг верна кхеле озийна вара иза. Иштта, цо бахарехь, Масхадовн командирах дуьххьара вара Умаров, «ахча даккха Iалашонца, адамаш лечкъон волавеллачех». Умаров вацара иза. Дуьххьара адамаш лечкъон волавелларг 2001-чу шарахь вийна волу Бараев Iаьрби вара. 1997-чу шарахь Бараев талорхойн новкъа ваьллачу хенахь, Нохчийчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонан куьйгалхо вара Умаров. Цуьнан хьукхматана тIехь дара цу тайпа зуламашца къийсар.

Умарова Амина: Еарин дийнахь вистхьулуш, Кадыровс тIех жимдина терахь далийра Нохчийчохь дуьхьало ечу тIемалойн. И къамел дале масех кIира хьалха, цхьа ткъе итт хила там бу аьллера цо уьш. Цуьнан хIун бахьана ду?

Фуллер Элизабет: ХIокхул а хьалха динчу масех дIахьедаршкахь санна, кхаарин дийнахь ша вистхуьлуш, Кадыровс элира, дийнахь а, буса а Умаров лоьхуш ю бакъонийн органаш. Нагахь санна иза Нохчийчохь велахь, иза лоцур ву я вуьйр ву, аьлла.

Кхин а цхьа де даьлча, ницкъийн куьйгалхой вовшах а тоьхна цо царна кхин цкъа а дагадаийтира, «талорхой» чекх ца бовлийта, Нохчийчоьнан дозанаш леррина талла дезаш хилар. Даханчу кIирнах ГIалгIайчоьнан а, Дагестанан а куьйгалхошца дозанна тIехьажаран хьокъехь бина бертаца доьзна дара иза я дацара – кхеташ дац. Ведана кIоштахь хаабевлла тIемалой лаца Iалашонца хIокху беттан шолгIачу дийнахь Дагестанан полицица цхьана дIаяьхьна операци кхиамза чекхяьллера.

Цул сов, Iедалан цIарах герз лелочу ницкъашна юкъара дараш мелла а жимдан Iалашонца, Кадыровс билгалдаьккхира, цхьа моггIа ницкъаллийн структурийн белхаш цхьанабертахь бан безаш хилар.

Луларчу Дагестанах лаьцна аьлча, гIаттамхошна дуьхьало йоху гIулчаш кхечу куьцехь йохуш ю. Дагестанан куьйгалхочо Магомедев Мохьмадсалама даханчу кIирнах хааме даьккхира, шаьш пхи тоба кхоьллина аьлла. Царна юкъа богIуш хир бу полицин эпсарш, оьрсийн Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллин лерринчу ницкъаша гIортор ечу ФСБен векалш, тIеман еза техника а.

И тобанаш Дербентехь а, ГIизларехь а, Серго-Калехь а, Унцукулехь а, Цумадинехь а дIатаръеш ю. Цигахь еш йолу духьало ондачех лоруш ю.
Кхин ши тоба а ю вовшахтухур йолуш гергарчу хенахь. Амма хууш дац уьш стенгахь дIатаръйийр ю.

Дагестанан куьйгалхочуьн Кхерамазаллин Кхеташонан хьаькамо Бачилов Мохьмада аьлла, цхьанатоьхна тобанаш кхолларан бахьана ду, шен декхарш кхочушдайта полици мукъаяккхар. Меттигера журналисташна а, эксперташна а тIе а тевжаш, Кавказан узел олучу интернет-агенталло бинчу хаамца, уьш башха дог айаделла бацара цу гIуллакхах.

Керла вовшахтоьхна тобанаш кхиаме хила там бу гIаттамхойн болам охьатаIош. Амма оцу цхьана гIуллакхо ерзор яц проблемаш. Яханчу аьхка Дагестанерчу цхьана официала векало ма-аллара, «Аша ши тIемало воь, церан метта виъ хIутту».

Умарова Амина: Къилбаседа Федералан Гонан куьйгалхочо Хлопонин Александра бахарехь, Оьрсийчохь латтош ду Къилба Седа Кавказерчу тIемалошна ахчанаш.

Фуллер Лиз: Хлопонинна хетарехь, Оьрсийчура банкийн системашкахь долчу кхачамбацарх пайда а оьцуш, оьрсийн банкашкахула ахчанаш латтадо Къилбаседа Кавказерчу тIемалошна. Цо бахарехь, Москох а, Петарбухехь а камапни йолаяйтина цо ахчанаш цIандарна дуьхьала. И гIулч цо яккхар бахьана ду, криминалан тобанашка шайн ахчанаш меттах а дахийтина, Оьрсийчоьнан къилбе хьовсочу ахчанийн бараме къастор. Хлопонинас гергара барам а ца хьахийра, тIемалошна латточу ахчанийн. Амма оцу кепара хьесапдар башха ду, и ша йолу Имарат Кавказ ФСБен (Федералан Кхерамазаллин Сервисан) ахчанах кхоьллина ю бохучу гипотезе ладоьгIча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG