ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун бакъо ю нахера бежаний дIадаха?


Юьртахочун коьрта бахам а, доьзалехь напха латтаден хьоста а ду етт.
Юьртахочун коьрта бахам а, доьзалехь напха латтаден хьоста а ду етт.

Дуьненан гΙайгΙанаш мухха а белахь а, шайн баккхийчу гΙайгΙанашца, дахарца ларабала атта дацарца беха Нохчийчоьнан бахархой. Теркйистерчу юьртахойн дуккха а бежаний дΙа а лецна, Гуьмсе жижиган хаспаш дече дΙадигина меттигерчу латта леладечу фирмано. Оцо йиш йохийна кертахь бежана хиларца, цо лучух шуьрех хенера буьйлучу Ιелиюьртахой, масала.


Хьалха урхаллехь Советан Iедал долуш нислуш хIума дара, Iедало эрна лела бежний чу а духкуш, уьш долахь долчу бахархошна гIуданаш тохар а, токхамаш бичий бен даьхний мукъа цадахар а.

Цу кепара бежний «леца а лоьцуш», чудохкаран бахьана дара ялташ хIаллакдар. ХIетахь юьртахошка кхеталуш хIума дара иза. Стенна аьлча, ярташкахь шиъ-кхоъ бажа хуьлура, тIехь Iуй а болуш. Цу беже а ца лохкуш, эрна лела бежний дара чудухкуш дерш.

Ткъа тахана бахархоша кхеторехь, цаьрга Iедалехь болучара кхийдош ерг цIена харцо ю. Бежнийн дац, и бахьнехь бежIуй а ца боьлху, Iедалдайн пурбанца дажа арадаьхна даьхний чудухкуш ду.

Оцу хиламо хаза нехан санна холча а хIиттийна, балехь кхобуш бу, масала, Теркйистера Iелин-Юьртара нах. Цкъачунна цу юьртара буьйлабелла Iедалехь берш, цIоьмалгаш юкъахь аьлча, шайн нийсо а, бакъо а толийта.

И шатайпа низам хIоттош ерг, эзарнаш гектараш латтанаш дола а даьхна, уьш дуьйш-дерзош йолу "Холдинг" цIе йолу кампании ю. Цара низамхой юкъа а озийна, арабала буьтуш бац етт а я старгIа а.

Полицин белхахой жигара хьийзар бахьана ду, бахархоша дийцарехь, кху Теркйистан а, Невран а кIошташкахь а, кхечанхьа а юьртабахамашкара латтанаш схьа а дохуш, и "холдингаш" ехкинарш министрийн биста кхаччалц, урхаллехь берш хилар.

Юьртахоша даре а деш, церан омрица хьийзош бу хала лол бетташ болу мисканаш. «Хьийзабар хIун ду?- хеттаре вуьйлу, кхехка а кхехкаш, шен цIе йоккхийла ца лиина Iелинюьртахо. -Етт арабаккха йиш яц. БежIу ца хилча, оха хIун дан деза? Холдинг елахь, хадархой а леций, шайн ялташ Iалашде, боху-кх оха, бIеннашкахь нах а ца хьийзош. Iа дола биснарг ма бац ши бутт бен. Оха кхин хIун боху?»

Бегашена а доцуш, юьртахой дера хилар а, карзахбийлар а бахьана ду, бежнийн дола ца дина бохуш, даккхий гIуданаш деттар а, цхьболчийн даьхний, "Камаз" машенаш тIе а дуттуш, Гуьмсе дIадигар а.

Цхьана эзарна тIера кхаа эзарне кхаччалц гIуданаш тоьхначарех а, хьелий Гуьмсе дIадигинчех а бу Iелин-Юьртара хIара бахархой: МежидовгIар а, БехоевгIар а, ШахабовгIар а, и кх. дIа а. Цу "Холдингах" а, бежний дIадигарх а дийцира оццу юьртарчу вахархочо Iабаза а.

Бахархоша дечу мукIарлонца, цхьа кIира хьалха Iедало чудоьхкина и бежний бахьнехь, шен етт схьабало вахханчохь, и схьа цабалар новкъа а деъна, дог лаза а даьлла, велла Iелин-Юьртара Эльмурзаев Хизар. Схьагучу суьртехь, "Холдинган" куьйгалхоша герга буьтучух тера дац нехан къа-баланаш, шайн аьллар тIедаьлчахьана.
XS
SM
MD
LG