ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:06 0:00
Линкана тIе

Оьрсийчоьнна кхайкхийначу санкцеша новкъарло ца йо Нохчийчохь яккхийн проекташ кхочуш ян а, инвестицеш лаха а, экономика кхион а, аьлла, дIахьедар дина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Мелхо а, инвестицех пайда эцар алсам доккхуш а, экономика кхиош а ду шаьш, боху цо, ТАСС агенталлана ша еллачу комментарехь.

Делахь а, "Iамеркан аз" зорбанан портало яздарехь, сенкцеш эвсара гIирс бу Iамеркан арсеналехь, мехкан кхерамазалла ларъяран Iалашоне кхача Вашингтоно лелош болу.

Цунах лаьцна Вашингтонерчу стратегин талламан центрехь вистхуьлуш дIахьедар дина сенаторо-демократо Кардин Бена.

Санкцешца доьзначу хаттаршкахула Iамерка хьалха яьлла ю, шен экономико иза дан таро луш хиларна, боху сенаторо. Цо дийцарехь, кху дуьнентIера дуккха а пачхьалкхаш ю Iамеркехь бизнес лело лууш, ткъа иза дан аьтто ло махкахь йолчу банкийн системо.

Оьрсийчоьно ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа Iамеркан Конгрессо низам тIеийцира, Украинина гIортор ян.

"Цуьнан Iалашо яра Оьрсийчоьнан лелар хийца. Iамерко цкъа а къобул дийр дац ГIирмана аннекси яр. Иза Украинан дакъа ду", - боху сенаторо Кардина. "Оьрсийчоьнан президенто кхиамца дIахьо шен политика, тайп-тайпанчу гIирсех пайда а оьцуш, ткъа Малхбузено новкъарло ян еза цунна", - боху цо.

"Нагахь президенто Путина лелочунна дуьхьало ца яхь, цо кхин дIа а лелор ю шен политика. Цо пайда оьцур бу тIеман ницкъех, коррупцех, дезинформацех, компьтеран технологеш лучу аьттонех, лелор ю энергетикан зеразакъаш. Суна гIоле хета санкцех пайда эцар, салтех пайда оьцучул а" – дIахьедина сенаторо.

Iамеркан Сенатан декъашхочунна хетарехь, президенто Трамп Доналда Оьрсийчоьнан куьйгалхочунна хаийта деза, цо лелош дерг мегар доцуш хилар.

"Президенто Трампа хаийта деза Москохо Украинехь динарг гIалат хилар а, Кремло Минскехь бина барт ларбан безаш хилар, чолхе лаьтта хьал мал а дина, эххаре а ГIирман проблема дIаерзо езаш хилар а" – билгалдаьккхина Кардин Бена, яздо "Iамеркан аз" зорбанан портало.

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG