ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Килсаш дукха ю, амма цига леларш кIезиг бу


Нохчийчоь -- Православин килс Кадыров Ахьмадан проспектехь. Соьлж-ГIала. 2012
Нохчийчоь -- Православин килс Кадыров Ахьмадан проспектехь. Соьлж-ГIала. 2012

Москох Патриархатан интернетан портало Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь бинчу хаамца, ХIинжа-гIалан а, Соьлж-ГIалан а епископо Варлаама, керстан динца йоьзна ритуал кхочуш а йина, Невран кIоштахь схьайиллира керла килс.

"Кавказ.Реалии" портал къасто хьаьжира, Нохчийчохь керла килс схьаеллар Москохна хьасталуш дина хIума ду я республикера керстан православин динехь болу нах баккъалла а уьш оьшуш бу.

2010-чу шарахь Оьрсийчохь хиллачу бахархой багарбаран терахьашца а догIуш, Нохчийчохь вехаш ву 1 206 551 нохчо (95,3%), 24 382 оьрси (1,9%), 12 221 (1%) гIумки. Кхин долу къаьмнаш дац 1 процент гергга бен.

Нохчийчура килсаш а, кхин йолу динца доьзна гIуллакхашна хьажийна хIусамаш а долахь ю Оьрсийн Православин Килсан ХIинжа-гIалан епархин. Цу епархина юкъайогIуш ю Дагестан а, ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а.

Ерриг а Нохчийчохь ю православин керстанаш динца доьзна шайн гIуллакхаш кхочушден 7 килс (приход). Царах 5 схьайиллина 2014-чу шарахь.

Керла килс схьайиллинчу Невран кIоштахь вехаш ву оьрсийн мотт буьйцу 2700 сов вахархо. Царах массо а вац керста. Цу кIоштарчу Калиновски эвлахь дIатарбина бу Оьрсийчоьнан эскархой. Бу уьш кхечу Нохчийчуьрчу кIошташкахь а. Амма царах православин дин лело керстанаш мел бу хууш дац.

Ерриг а Нохчийчохь 8 православин килс ю. Соьлж-ГIалахь - (8961 оьрси), Неврахь (1445 оьрси), Ищерски эвлахь (521 оьрси). Шелковск эвлахь 2 килс ю (1300 оьрси), Червленни эвлахь (985 оьрси), Ассиновскехь (161 оьрси). Оьрсийчоьнан эскарш дIатардинчу Ханкалахь а ю килс.

Цул сов, керла килсаш еш ю Мекенск а (230 оьрси), Шелковск а эвланашкахь.

Лакхахь хьахийна Неврара килс маситтаза схьайиллина кху тIаьхьарчу иттех шарахь. 2012-чу шарахь иза схьайоьллуш хиллачу церемонехь хьалхаваьлла вара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Юха изза килс схьайиллира 2014-чу шарахь. 2016-чу шарахь иза схьайиллира юха а, Кадыров дакъалоцуш а волуш.

Нохчийчуьра цхьана килсехь гIуллакх деш волчу мозгIаро, шен цIе ца яккхар а доьхуш, дийцира Кавказ.Реалии портална, Неврахь килс схьаеллар оццул десто оьшуш а, комментареш ян оьшуш а хIума дац аьлла.

Нохчийчохь массо а керстанаш бац православин дин лелош. Амма оцу нехан килсаш а, я кхин йолу дин лелорца йоьзна хIусамаш а яц республикехь.

Дуьстича, Нохчийчохь ду таханлерчу денна 931 маьждиг. Царах 617 маьждиг цхьацца каппашкахь ду.

РБК агенталло чIагIдарехь, Нохчийчохь хIора 1490 бусулбана лерина цхьа маьждиг ду, ткъа 2400 керстана лерина цхьа килс ю. Амма Соьлж-ГIалахь вехаш 9000 гергга керста велахь а, цигахь цхьа килс бен яц. Иза тидаме эцча, Нохчийчохь хIора 1500 стагана лерина ю цхьа килс.

Цхьа а шеко йоцуш, керла килсаш схьаеллар къобалдо православин дин лелочу Нохчийчуьрчу керстанаша.

Делахь а, и акцеш, республикерчу оьрсашна оьшучул а сов, политикан къайле йолчух тера ду.

XS
SM
MD
LG