Аннекси йинчу Севастополехь шен хиллачу зудчунна йиттина Нохчийчуьра вахархочо, дIахьедина "Нана йоцу Кавказ" бакъоларйаран проекто. Хиллачух лаьцна видео а зорбане йаьккхина цара.
Бакъонашларйархойн хаамашца, доьзалехь ницкъбан волавелла хилла Хачукаев Хизир, шен хIусамнана дуьххьара доьзалхочух хилча дьуйна. КIант дуьненчу ваьллачул тIаьхьа Нохчийчуьра вахархочо йиттинера зудчунна телефон дIайузучу сераца, лога тIе урс хIоттийна, кхерамаш а тийсинера. Маргаритас (фамили шен йовзийтина йац йоIа.-Редакцин билгалдаккхар) йиттинчул тIаьхьа шена тIера таммагIийн, ларийн суьрташ даьхна, полицига дIахьединера, амма цигахь шайн чохь хилла дара-дацар ду аьлла, кхин терго а ца йинера цара.
И йоI йитинчул тIаьхьа а цунна тIаьхьара волуш ца хиллера Хачукаев: урамехь иза ларйеш, тIера бедарш этIош, йетташ, цуьнан хIусам чу вала гIерташ, цунна бевза-безачу нахехула иза йолчу меттигна тIекхиа а гIиртинера. Севастополь гIали йуккъехь Маргаритина тIелеттера иза гезгамашин-беттан 12-чу дийнахь. Цуьнан корта а лазийнера, даим а коьрто хьийзош йолчу цуьнга хIинца болх а ца бало. ЙоIа йуха а дIахьедина полицига, хаамбо бакъонашларйархоша
Волайнхочо орца дехна Нохчийчоьнан урхалхочуьнга Кадыров Рамзане: "Аса ца доьху ахча, йа къурд алийта а ца гIерта. Ас доьхург цхьа хIума ду - сайн гIалахь маьрша, цхьана а хIуманах кхера а ца кхоьруш йаха лаьа суна. Сайн бераш лачкъон там бара бохуш, са а ца гатдеш".
- Бакъонашларйархошна хааделлачу суьртаца, Оьрсийчохь доьзалехь ницкъбар кхаьсттина дукха нисло кху тIаьххьарчу ворхI шарахь Къилбаседа Кавказехь. Иштта хьесап дина Ad Rem тобано шайн рапортехь. Шаьш цIера бевддачу нахана кхерам лаьттина ца Iаш, хьовзам болу цунах кризисан тобанийн белхахошна а цхьаьна. Тхан редакцино йаздира оцу регионехь доьзалехь ницкъ латторах лаьцна шен материалехь.
- Нохчийн зударшна тIехь ницкъбар чIогIа ира дуьсуш хаттар ду регионехь а, цул арахьа а. Бала хьегначу махкарчу зударех лаьцна дийцарша тоьшалла до "ламасташца" а, тIера бIаьрг ца боккхуш латточу тергонца а, бакъонаш Iалашйеш цахиларца а йоьзна кIорггера проблемаш хиларх. Дозанал арахьа а шаьш маьрша а, паргIат а ду аьлла ца хета царна.
- Хиллачу хIусамдас берех йаьккхина, уьш ца гойтуш хьийзош йу Краснодарера йахархо, къайлах Къилбаседа ХIирийчохь царна регистраци а йайтина. Кучиева Евгенияна тIе а тевжина, оцу хьолах лаьцна "Нана йоцу Кавказ" проекто дийцина.
- Хиллачу хIусамдас бехкаш дехкина лаьцна Дагестнера йахархо Гарунова Джамиля шина берех йаьлла. ЦIийндас къизаллица йетташ хиллера цунна, ша йуьйр йу бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Цо йеттар бахьана долуш багахь кхеманаш ду цуьнан, ткъа хье чохь йиллина эчиган конструкци йу.