ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллин гIорасизалла


Iамерка -- Нью-Йорк, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллин Кхерамазаллин Кхеташо. 23.Гезг. 2016.
Iамерка -- Нью-Йорк, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллин Кхерамазаллин Кхеташо. 23.Гезг. 2016.

Шемахь боьдучу тIамо гайтина мел эвсара яц Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралла, ша аьлча, цуьнан Кхерамазаллин Кхеташо. Кху дуьнентIехь уггаре а ницкъ болу пачхьалкхаш йисина цу махкахь хуьлург хьокъехь цхьа сацам бан барт ца хуьлуш. Цунах лаьцна яздо Британехь хIора денна арадолучу уггаре а кху дуьнентIехь девзаш долчу Times газетан аналисто Бойес Роджера.

Бойес Роджеран артиклан цIе ю «Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралла дуьхьал яла еза Путинан къизаллана» аьлла.

- Мегар дац кху дуьненна цу кепара урхалла дан бохуш яздо аналисто. Хрущев Никитас стоьлана тIе мача йиттинчу хенахь дуьйна оццул, хьул а ца деш, шайн цабезам хилар гайтина дац Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло, - яздо авторо.

ДIадаханчу мукъачу деношкахь Дуьненаюкъараллан Кхерамазаллин кхеташоно шен болх дIахьош Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа бехке йира Оьрсийчоь варваралла лелорна, Шемарчу Алеппохь бомбанаш еттарна. Ткъа Британин векало бехке йира тIеман зуламаш дарна Асад Башаран режимана гIортор еш йолу Москох тIеман зуламаш дарна.

Шемарчу кризисо масаллица гойту мел эвсара яц Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралла, ша аьлча, цуьнан Кхерамазаллин Кхеташо. Цхьана а кепара шаьш бина барт кхочуш балуш яц ницкъ болуш ю боху пачхьалкхаш аьлла хета Times газетан аналистана Бойес Роджерна.

Кхин дIа цо яздо: "Оьрсийчоьно вето кхайкхо шен йолчу бакъонах пайда оьцу муьлхха а Малхбаленна а, Малхбузенна а юкъахь маслаIат деш тIеоьцуш болу сацам чекх ца балийта. Иза тера ду Советан пачхьалкх йолчу хенахь цара лелийначух. Ткъа цу тайпачу леларо цхьа а тешам ца буьту Кхерамазаллин Кхеташоне.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан болх сецна бу. Карарчу хенахь, «Исламан пачхьалкх» шех олу тоба ца йийцича а, Iамерка дакъалоцуш ю пхеа тIеман конфликтехь – Шемахь, Иракъехь, ОвхIанистанехь, Либехь, Йеменехь.

Уьш дIаерзо Оьрсийчоьнан векалша «хIа-хIа» аларца дIадоьрзуш долу даьсса къамелаш цаоьшу, чарх санна болх беш йолу къепе оьшу кху дуьнентIехь.

Дуккха а нах бу тахана Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташонна реформа оьшу аьлла хеташ, Оьрсийчоьнан ветон ницкъ лахбан цуьнан декъашхойн терахь 10-нне хаьла а доккхуш.

Иза дахь вето кхайкхо аьтто хир бу, нагахь иза дан лууш шиъ, я кхин а алсам пачхьалкхаш хилахь. ТIакхха Малхбузера дипломаташ хьовсур бара шаьш цхьа сацам тIеоьцуш Оьрсийчоьнна а, Китайна а юкъа зайл тоха».

Мухха делахь а, далург дерриг а дан деза Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралла баккъалла а болх беш йолу организаци хилийта, кхайкхам бо Times газето.

«Шема гуш долу масалла ду реформаш оьшуш хиларан. Инарлан секретар Бан Ки Мун велххаза велира Оьрсийчоьно Шемахь бомбанаш еттарх лаьцна дуьйцуш. Амма коьртех Бан Ки Мун волуш хилира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллех эвсаралла йоцу структура. Путинна дуьхьал вала доьналла долуш хила веза цуьнан метта хIуттур волу стаг», - яздо Бойес Роджера Times газетехь.

XS
SM
MD
LG