"Авторан ша-башха исбаьхьаллин хьежамаш бахьана долуш“ аьлла, бух балийна Индонезин коьртачу гIалахь Джакартехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу кинофестивалан жюрис ша нохчийн режиссеран Шерипов Иналан фильм совгIатца билгалъйоккхуш. Цуьнан „ТIаьххьара“ цIе йолчу лентина кинофестивалан лерина мидал елла.
И фильм хIинццалц схьа масех дуьненаюкъарчу фестивалехь дакъалаца кхиийна ю. Дуьххьара иза гайтира кху шарахь Нью-Йоркехь дIаяьхьначу кинофестивалехь. Цигахь иза „Хьовсархойн совгIатца“ билгалъяккхира. Ткъа гурахь иштта Ингалс-махкахь дIахьур йолчу кинофестивалехь гайта лерина а ю иза.
„ТIаьххьара“ цIе йолу фильм Шерипов Инала Германеххьий, Белгеххьий яьккхина ю, Европерачу Исбаьхьаллин Академин дехарца. Цуьнан коьрта турпалхо ву Германехь вехаш волу нохчийн операшлакхархо Хасанов Зайнди. Ткъа фильман коьрта тема ю бусулбанийн а, керстанийн култураш вовшашца цхьаьнакхетар а, цушимма вовшашна тIеIаткъам бар а ю.
Ша авторо билгал ма-даккхара, тIаьхьарчу шерашкахь керстанан пачхьалкхашкахь бусалбанийн яккхий каппаш кхоллаелла хиларо, дуккха а хийцамаш а, керла боламаш а кхоьллина Европехь.
Цу боламийн талламаш бар а, царах кхета гIортар а яра шен Iалашо, ша цу лентина тIехь болх бечу хенахь бохуш, дийцира авторо Джакартерчу кинофестивалехь шен фильм хьовсархойн а, жюрин а кхеле юьллуш. Карарчу хенахь сийдолчо дуьненаюкъарчу совгIатца къастийнарг дуьххьарлнра фильм яц нохчийн режиссеро яьккхинарг.
1971 шарахь Соьлж-гIалахь вина ву Шерипов Инал. Шен исбаьхьаллин белхаш дIаболалучу муьрехь иза Москох „Союзмультфильмехь“ а, ОРТ телеканалехь а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан документалан фильмийн студехь а белхаш беш вара.
Режиссер хиларал сов, композитор волу Шерипов Нохчийчоьнан бахархошна дагавогIу, даханчу бIешеран 90-чу шерашкахь Нохчийчоьно ша йозуш йоцуш хилар кхайкхийначу хенахь Лондонерчу симфонин оркестрица Ичкерин гимн дIаязъян Iалашо лаьцна иза лелла хиларца. Бакъду, цул тIаьхьа дукха хан ялале, Оьрсийчоьнца хьалхара тIом болабалар бахьана долуш, и болам цхьа а жамI доцуш бисира.
Нохчийчохь хьалхара тIом дIабирзина дукха хан ялале цо Соьлж-гIалах лаьцна фильм яьккхира, „Сан гIала, Соьлжа-гIала“ аьлла, цIе а йолуш. Шуьйрачу хьовсархошна ца гуш йисина йолу и фильм „Сталкер“ цIе йолчу адамийн бакъонашларъярхойн фестивалехь гайтира, амма цул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан кинояккхархойн куьйгалло бинчу сацамца, иза оьрсийн хьовсархошна тамехь а ца лерина, гайтамашна йихкира.
Изза кхоллам хилира Шериповн рогIерчу „Москох. Нохчийчоь. СегIаз“ цIе йолчу лентанан а. ХIетахь Оьрсийчура дIа а вахана, дозанал арахьа вехаш а, болх беш а ву режиссер. Цуьнан белхаш хIинцале а гайтина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Европин а дуккха а гIаланийн кинофестивалашкахь.
Карарчу хенахь Шерипов Инал Белгехь а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а вехаш ву. Иза Европерчу кинон а, телевизионан а ассоциацин инарла продюсер ву. Масех шо хьалха Нохчийчу а веана, Чеченфильм-киностуди юхакхолла гIерташ лийлира иза. Амма Iедалшкара кхин гIортор а ца хилла, Малхбузене юхавирзира Шерипов. 2007 -чу шарахь Татарстанехь дIаяьхьначу „Дашо момсар“ цIе йолчу кинофестивалан жюрин декъашхо а вара иза.
Гергарчу ханна шен Iалашонаш йовзуьйтуш, Шерипов Инала дийцира журналисташка, Шекспиран кхоллараллана тIе а тевжаш, ингалсхойн исторера хиламаш нохчийн историца цхьаьнадузуш йолу, фильм яккха дагахь ву ша аьлла.
Дуьненаюкъарчу кинохь интеллектуалан лехамаш санна лоруш болчу белхашца билгалваьллачу нохчийн режиссеран и тайпа фильм яккха аьтто хилахь, шеко яц, цу балхо вуно боккха тидам шена тIеозор хиларан.