ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брест, мухIажирш: Дуьненний, Эхартаний юккъехь


Кху тIаьххьарчу деношкахь, Полше тхов-кIело йоьхуш, Брестехь Iачу нохчийн терахь кеп-кепара, 200 тIера 1000 тIекхаччалц гойту меттигерчу журналисташа. Билггал мел нах бу мухIажиран некъ юьхьаръэцна, оцу нахехь хIун хьал ду?

Полшин дозанехь лаьттачу нохчашкара хьал гойтуш, фотогайтам бу Брестехь схьабоьллуш еарийдийнахь. Лаьттар бу иза шина кIиранах. Сурташдахархойн, волонтерийн жигаралла бахьана долуш баьлла и аьтто.

Дуккха хан хьалха дуьйна Бресте дIагIертачу нохчех доглозуш хьийза бакъоларъярхойн "Human Constanta» юкъаралла ю гайтам вовшахтоьхнарг. Сурташкахь тергоне эцна шаьш, боху юкъараллан векалша, 120 мухIажир, церан васташ, гIайгIанаш, цара вокзалашкахь, мехах петаршкахь, арахь, шеллонехь хьоьгу халонаш дуьненна йовзийта.

Мел, муьлхачу хьолехь, хIун баланаш хьоьгуш карийра шуна Брестехь а, цунна гонаха а хан токхуш Iа нохчий, юй церан Полше кхача дегайовхо, стенна ца боьлху уьш Нохчийчу юха? Иштта дара Маршо Радионо кху деношкахь, дешархойн дегнех а хьакхалуш, хаамийн гIирсашкахь артиклаш арахецначу журналисташка дина хеттарш.

Москох арадолучу дозушдоцчу «Дош» журналан корреспондент Михальченко Лида хилла Брестехь кху муьрехь, зIенехь ю мухIажиршца даима а.

Михальченко: «Багарбан хала ду, дакъа вокзалашкахь ду, дакъа – петаршкахь. Соьгарчу терахьашца, массех бIе ву вуьсуш Брестехь. Цигахь беттанаш бохучу нахаца сан селхана къамел хилла. Вокзалашкахь Iийначех цхьаболучарна бакъоларъярхоша, адвокаташа гIодина петарш леца. Ткъа дукха хан йоццуш баьхкинарш, уьш ца кхиина бакъоларъярхошка гIодеха - вокзалашкахь бу».

МухIажирш журналисташца къамелаш дан ца хIуьтту, яздо газеташкахь, хьан муха аьтто белира Брестера нохчий хьайх тешо, хаьттира Маршо Радионо Михальченко Лидига.

Михальченко: «Дакъа царех сох лечкъара, делахь а цхьа дакъа тийшира сох. Сайна уллера бевзинчаьрца зIе ю сан хIинца а, оха дIа-схьа яздо, кхеташ ду, ас цIерш ца йоху церан. Нах цигахь бисина а бу, соьца контактехь а бу. Дакъа Полше дехьадалийтина хилар доцург, хийцамболуш хIумма а дац. Брестехь бухабуьсучийн юхабаха некъ бац, уьш цундела лаьтташ а бу. Церан проблема яц эконикаца йоьзна, церан дахар ду кхерама кIел».

Ши бутт хьалха, Белорусин коьртачу эпидемиолога иштта дIахьедар дира шайн пачхьалкхе: махкахь массарна а, уьнах ларбеш, дарбадина, амма ун даржорна кхераме категори ю Брестера нохчий, уьш а медицино тергоне эцна.

И бохург дара, нах шелонехь, хьелаш гIийлачу, боьхачу меттигашкахь а бу, цаьрца цамгарш а ю.

«Шу юхадаьхкича, оха дойур ду» - аьлла цIе а йолуш, артикл арахецна кху шинарийдийнахь журналиста Азар Ильяс. Цо, кийрахь догдерг велха а вийр волуш, охаьбалхабо Брестехь балахьоьгучу нохчийн гIайгIанаш. Цуьнца къамелдинчу дуккха а нохчаша боху, шаьш дайарна кхерам бу цIахь, цундела дац шайн юхадоьлхийла.

Азар Ильяца иштта хилира Маршо Радион къамел.

Азар: «"Human Constanta» юкъараллерчу бакъоларъярхойн терахьашца, Брестехь 1000 гергга Нохчийчуьра вахархо ву дозанах чекхвала гIерташ, хан хьош. Проблема стенца ю? Полшин дозанхоша уьш тергал ца бо, церан бахьанаш ца толлу, деккъа дIа минотехь ла а дугIий, марша Iойла, цIа гIо, олий, юхахьовсабо. «Шу юха стенна ца доьлху?», хаьттича, ас къамел диначара массара а шаьш кхоьру боху, цхьа а вац юхаваха лууш я ваха лерина а. Церан проблемаш хила тарло, цундела цара шаьш ца довзуьйту, кхоьру шаьш стенгара ду а, кхидерг а дийца».

Журналисташа дийцарехь, кхо некъ бу мухIажиршна хьалха. Цхьаъ – хаьхккина, шайгара кепекаш кхачаяле, Нохчийчу юхабаха. ШолгIаниг – ма-хуьллу билхина а, Полше кхача. КхаолгIаниг – меттах а ца бовлуш, хирг хир аьлла, Брестехь Iа.

Хьалхара некъ тIеэца йиш ериг юханехьа цIавахана. ШолгIа некъ юхьарлаьцнарг дела денна тIеоьху Полшин дозанхошна, цара цхьа ирс кхаьчнарг наггахь чекх а волуьйту. КхоалгIанаш – меттах ца бовлуш, Брестехь хIинца а Iийраш – уьш ши бIе гергга я сов волучух тера ду – церан баккъал а гуш ду юхабаха аьтто боцийла, журналисташка цара дуьйцург харц ду ала доцийла.


“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG