ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн бераш сингаттамехь ду...


Кегийрхошна хала ду Нохчийчохь баха
Кегийрхошна хала ду Нохчийчохь баха

Соьлж-гIала йистехь бехачу СербиевгIеран доьзалехь, церан уллера а, геннара а гергарчу нахана, бодане деана де ду хIара. Тезетахь, воьхна воцуш санна, бIаьргаш охьа а дахийтина, лаьтта да а, цуьнан вежарий а. Боккха буохам бу, оцу доьзална тIекхаьчнарг. Ши де хьалха, доьзалехь шаьш шиъ бен йоцу 17-й, 14-й шераш долу ши йоI, яла молханаш а мелла, дарбан хIусаме кхачийнера, царах дIовш а даьлла. Оцу дарбан хIусамехь жимах ерг, Сербиева Хьава, елла, важа, Сербиева Магинур, дийна йисина, лоьраш кIелхьар а яьккхина.


И хIума муха хилла кIоргера бахьнаш хууш дац. Ур-аттала, цу тIехь болх буолийначу талламхойн а аьтто ца баьлла цкъачуьнна уьш къасто. Оццула боьхна бу, шина йоIан гергар нах. Лула-кулахь дийцарехь, йоккхах йолу йоI, Сербиева Магинур, дукха хан йоцуш марера цIе еъна хилла. Иза халонга даьлла, шаьш шайна тIе куьг даьхна шина йишас. 17 шо долу йоI марера цIа яра, боккха буохам болуш хIума дацахь а, цу шинна иза чIогIа халонга даьллачух тер ду, бохуш дийцира Маршо радиога, церан цхьан лулахочо.

Нохчийчуьра кегирхой, тIом болчу хенахь дуьне чу боьвларш а, хьалкхиънарш а, чIогIа экаме хилар билгалдоккху, цаьрца кхетош-кхиоран болх бечу говзанчаш. Хаджимурадов Ислам, изза болх бина ву дуккхачу а шерашкахь, дуьненаюккъерачу цхьан гуманитаран цхьанатуохараллехь. Цо, Маршо радиога дийцира, ша муха туьду, таханлерачу кегирхойн могашаллийн хьал аьлла.

Хаджимурадов Ислам: «ЧIогIа дагах кхеташ хIума ду, кегийчу наха шайна тIе куьг кховдор. Иза бусулбачу Iедалехь цхьанна а агIора магийна дац. Иза массанхьа дуьйцуш а ду. ТIаккха, и санна долу хIума вайна юккъахь хуьлуш хилча, вай къома юккъахь цхьа бала бу аьлла хета-кх суна. Шина тIамах чекхдаьлла къам дув ай.И санна долу хIума, лар йоцуш ца дов. Генетикан тIегIан тIехь тIаьхьенна дIалуш ду иза. Оцу хIуманна тIехь болх беш ца хилча, цхьа программа тIе ца эцча, вай цунна терго ца йо. Соьга хаьттича, болх бан безачу агIора болх дIабоьдуш бац аьлла хета суна.

Хаджимурадов Ислам цецволуш хIума ду, Нохчийчохь бахархошна, къаьстина кегирхошна и реабилитации еш ца хилар. Оцу юккъолгIа, махкахь ах шо а даьккхина, шен цIа вирзинчу муьлхачу эскархочуьнна а, полисхочуьнна иза деш ду аьлла тидам бира цо.

Хаджимурадов Ислам: «ТIом болчу хенахь, четар гIаланашкахь вай дехачу хенахь, гIо-накъосталлийн цхьанатуохаралша цхьа болх лелош бара оцу хьокъехь, амма тоъала бацара иза. Кхузахь тIом м бина цIа ваханчу салтийчуьнна, цIа вахча, курорте а вохуьйтуш, реабилитаци а еш, царн хилла болу синIаткъам байбеш хIума до. Ткъа, кхузахь дехачу вайна, и тIом ша дерг лайначу, и хIума деш дац. цундела, и болх бича, вай къоман доккха гIо хира дара-кх».

Нохчийчуьрчу кегирхойн синкхетаман тIехь а, уьш кхетош-кхиоран болх оьвсаре баккха безаш хиларалла сов, цу тIехь, дайш а наноша а, коьртачу декъан къахьега дезар, амма, иза цхьацца дахаран хьелаш бахьанехь, хуьлуш дац, аьлла кхин дIа а дийцира, кегирхойн психологи йоьвзучу Хаджимурадов Ислама.

Хаджимурадов Ислам: « Даиман олуш ду, хьалкхуьучу чкъуран тIехь гуш ду, юккъараллехь мел эшам хуьлуш бу. Дешар доцуш, хьехам бан йиша йоцуш, четар-гIаланашкахь хан йоккхуш бара вай нохчий.Церан аьтто бацара, берашна кхоччуш хьехам бан а, царна кхоччуш гIиллакхаш Iамо а. Ткъа, кхуза цIа веъча, кхин баланш хилира: чу ваха меттиг таян езар, болх бан безар. Цундела да а, нана а ара а долий, болх-некъ лохуш, и бераш кхаба гIерташ.

Церан тергонера долура тIаккха уьш. Иза боккха бала бу вай юккъараллехь. Вай ала-м олу, хьехам бан беза, диканиг Iамо деза олий. Iуьйран да араваьлча, буьйсан иза чу вогIу, валхоьттина болх бина, царна сискал яьккха гIерташ. Изза а бу бала. Цундела, ша дерг гул а дина, жамI дича, цхьа программа тIе а эцна, бан безачохь, баккхийчаьрца а кегийчаьрца а бан беза и болх».

Оцу шина йишас, динарг, доьххьар хилла дац, Нохчийчохь хIокху гена йоцучу заманан юккъехь. Ши бутт а ца белира, Варандар цхьана жимачу стага ираха оллавелла, ша шена хорам бина велла. Бахьан-Суворован цIарахчу доьшийлера ша дIаваккхар. I7 шо долчу шена хьалхахь, дахаро биллина болу кхин некъаш ца тайна цунна. Гарехь, уллехь, оцу дакъаз волчу новкъа тIе иза ца валийта, терго ца кхаьчна ян де а, ненан а, ян Iедалан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG