ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1944-гIа шо лазаме уьйриг а хилла деха вайнехан эсехь


Нохчийн депортацин де
Нохчийн депортацин де

Дохийна нохчийн къам шийлачу Iай, луьрчу мехаша лоькхучу шалонаш тIехь, миллий мацаллий беллачеран чархаш, лайла охьа а йохкуш, Сибрех дIадуьгуш шайн хилла дог-ойла бIаьрхиш ледош бен йийца лац баккхийчаьрга. Царах дуккха-ма а ечу къароца, цхьаболу вайнах ойланца, кхетамца Казахстанан,ГIиргIазойн мехкашкахь бу, стенна аьлча цигахь чаккхе йоцчу абаде кхаччалц Iахка бисна эзарниш, сица а, цIийца а гергара, хьоме адамаш. Кхузара ондда бух болуш ду баккхийчара, Сибрехахь яьккхинчу хенах «чохь са мел ду дицлур доцу шераш» алар. Иштачех цхьаъ ву Теркйист кIоштера къано Солтабиев Хьусайн. Цо тешош дуьйцу, цигахь текхна Iазапе кхойтта шо, шен хIетахьлечу беран кхетамехь дицдан амал доцчу тIегIанехь стенна дисна а, уьрсаца дакъо доручу жижигах тера, вайнехан дегнаш Iазапехь яьккхинчу хено муха даьрра а. Ваха а, вола а меттиг боцу шело, мацалла… Эзарниш нохчашна йиш-ваша санна, кIажин пхенаш изош, юххера евзинчу цу мацаллина тIера доладелла дохадар хьокъехь тхан къамел а.

Хьусайн: «Дицлур доцу 1929 –гIа шо бохуш кино яра мацах цкъа гойтуш. Дицлур доцу 1944-гIа шо ду-кх, цкъа а чохь са мел ду дицдала амал доцуш. Соьга цхьана хьаькамо элира Казахстанехь,и санна долчу хIуманна тIехь, «хIун, реза вац хьо Советан Iедална?» Ас элира со дийна а волуш дицдо хIума дац иза. Сан итт шо бен дацара,гоьллелц догIучу лайлахула, мачаш когайоха ца вуьтуш салтичо тIехьашхула цамза а Iуьттуш, велха а веш, со адам дIагулдечу меттиге дIавуьгуш,не плач вражеская морда» бохуш. Ас и аьлча, корта а ластийна, IадIийра иза.Хьаькам вара иза, воккха хьаькам вара соьга и хаьттинарг. ХIетахь, тхо дохош хилла и салтий дагабаьхкича, оцу гIазкхий мотт буьцучарах дог долу-кх сан ,дера долу».

Маршо радио: « Хьо бер ду кх цу хена,къам дохош, итт шо хан а йолуш. Хьуна муха тусалора хьайга цабезам цу хенахь?

Хьусайн: « Со ишколе лелаш, сайга халкъан мостагI аьлча ас цу бетах тIара далийтора. ТIаккха юртда а,хьехархой а схьа а балабой ,дIагулдора тхо. _Ахь хIунда тоьхна кхунна?- олий барт хоттура соьга. Ас хIоккхунна,оцунна тоьхна аьлча: «ХIун хилла, бакъдерг лан ца ло хьоьга!-олура. Итт шо а долуш воккха стаг вара со-м цу хена.Ас со мостагI вац олий дуьхьало йора. Ас дуьйцург чоьте а ца оьцура.»

Маршо радио: Дуьххьала балха маца,мел хан йолуш вахна хьо?

Хьусайн: «Со дуьххьала балха 12-13 шо долуш вахна. Юьхьанца «лобогрейка» олуш, ялта хьокхуш, цхьа машен яра… ДIабоьжна ши сту а,царна хьалха ши говр а яра. Со говр тIе а хиъна, царна урхалла деш вар-кх. Цул тIаьхьа комбайн тIехьара ча охьататта ваха веза аьлла вахийтира. Йоьдуш лаьтташехь комбайн, дийна делккъехь наб а кхетий, цу тIера хийла чувужура. Цуо,немцочо,велха а воьлхуш, биргадире дехар дира, цхьа хохол вара биргадир, со сайн боцчу бехканца шо хан а яьккхина,веънера набахтера,кху кIантана цхьаъ хилла юха а хьийзор ву со. «ДIаваккхахьара ахь хIара кхузара»,- дийхира цо биргадире. ТIаккха цхьа стуворда а делла, хи кхехьа хьажийра со».

Маршо радио: Хьо цу хенахь, бер долуш дуьйна а, воккха хилар тIе а доьжна, болх бан дезна хьан. И хан дагаеъча, хьуна новкъадогIург хIун ду?

Хьусайн: « И хан карлаяьлча, суна дог лазадаллал новкъадогIург дера ду, даьлла хIума а доцуш,дина хIума а доцуш, къам доха а дина, ца богIу ницкъ бар ду-кх. Со дийна а волуш,цкъа а суна дицлур долуш хIума дац иза. Цкъа цхьана хьаькамо хаьттира соьга, цу хена-м,I958 –гIа шо дара иза, со электрик болх беш жима стаг вара. Хьенех, -элира цо, - хIинца, масала хьан вашас, ялта лачкъадо, лулахочо мотт туху, ткъа ахь и къола хьайна тIе лоций хьо набахте воьду, и хIун ду шу, цунах кхетавехьа со, - хаьттира цо. -Хьажахь и воккха ву, - боху ас. - Цуьнга лачкъаделла и кIа. Цхьанхьа галваьлла иза мичхьа ваьллехь а. И чувоьлча,сунна яа хIума а хир яц я цунна тIаьхьа даха таро а хир яц тхан. Со чувоьлча Iедало суна паек а лур ю, суна тIаьхьа цо пхьор а дохьур ду. «Чорт возьми,как я раньше не догадался !»- бохура цо.»

Къам дохадар хьокъехь дийцинарг вара Теркйист кIоштера къано Солтабиев Хьусайн. Цо «суьдхочо тоьхнаргга-м хан яцара, Дала тоьхнарг бен» аьлла къамелдерзош далийна дешнаш а ду ,схьахетарехь,вайнехан синмехаллин,доьналлин мах хадо тоьшалл

XS
SM
MD
LG