ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха бо нохчех "бандиташ". Францера масал


Иллюстрацин сурт
please wait

No media source currently available

0:00 0:06:02 0:00
Линкана тIе

Муртазалиева Зараъ

Le Figaro сихделира цIе тIекхолла, сиха дац ша харц хиллийла хаийта

Кху беттан 13-чу дийнахь девзаш долчу "аьтто" кхетам болчу хьолахойн Le Figaro газето кхаъ баьккхира ерриг Францига, 23 нохчо-рэкетхо лаьцна Ливри-Гарган гIалахь, аьлла.

Дуьйцура, гIерано дийнахь 200 евро ясакх гулъеш хилла кир бохьуш а, нах балош а Париже мел йогIучу машенна тIера, бохуш. Карабаьхкина и нохчий рогIера цхьа йоккха ясакх дIаоьцуш, яздора Le Figaro-с.

Газето бахарехь, "бандитийн бен" Iорабоккхуш хьийзарг яра BRIF – финансашца леладе зуламаш Iорадоху урхалла. Лаьцначу 23-ннах дукхахберш "S-досье" юкъаязбинчу нахах а бора хьостано.

"GTS" цIе йолчу машенаш тоечу Ливри-Гарганерчу цхьана гаражехь лецнера буьйцу нах. Циггахь, оцу 1500 еакъов метрах лаьттачу гIишло чохь бу зуламхойн бен а, бохура журналисташа.

… Амма сихха, ши де а далале, бехке бац аьлла, дIахийцира "бандиташ". 23-ннах жандармерера аравалаза ца висина цхьаъ бен, ткъа низамхойн цуьгара а дац, гарехь, "тIех сов" даккха хIума.

"ДIаюкъа хьайн батт, элира соьга"

Нохчех, лецна а бовлале, Iедало дош а алале, "бандиташ" бина Le Figaro лерг таIIийна Iан дисира. Делахь а "Кавказ.Реалиина" лиира хилларг талла.

- Мегар дарий, ас, дийцале, шуна хIара тхайн меттиг йовзийта? Кхузахь ондда, аьчка неIарш ю зуламаш хьулдеш хIиттийна, ма-яздой Фигарос, - дийхира гаражах кху муьрехь жоп лучу Джанхотов Iабдул-Малика.

Тхо чекхдевлира массанхьашхула. ХIора чоь зийра, ца карийра цхьаьллиг а цхьа аьчка неI.

30-лара ваьлла гаражан консультант ву Iабдул-Малик. Ницкъхоша лерина операци йолочу миноташкахь шолгIачу гIат тIехь хилла иза шен накъосташца, машенаш тоечу белхалошца цхьаьна. Цо дийцира буса шаьш лецарх лаьцна.

- Юьхьанца тхуна лахара схьа маьхьарий хезира. Тхо охьахьалхира. Полицино лаьтта бийшийначех дуьххьара суна гинарг со волчу Каннера веъна сан доттагI Заур вара, куьйгех тоьхна гIоьмаш а йолуш. Цуьнга хьажна а валале, со, тоьхна, когаш тIера вожийра, цунна улле охьавиллира. Гараж толлучу полисхоша тIе хIуманаш етташ, йохош яра массо а хIума. Соьгахь догIанаш ду, цаьрца елла неIарш, ма бен гаражан бахам хIаллак, дийхира ас со Iуьллучуьра. "ДIаюкъа хьайн батт!" – элира соьга.

"Кавказ-Реалиига" шена Iаьткъинарг дийца Ливри-Гаргане веара Iабдул-Маликан доттагI Заур. 11 шо ду хьалха заманахь юрист болх бина волу Демельханов Заур Каннехь веха. ХьошалгIа веъначу цунна а кхаьчна полисхошкара а, Фигарогара а "бандит" цIе.

- Со кофе а молуш, Iабдул-Малик ларвеш Iара гаражехь. ЦIеххьана керта машен иккхира. Iаьржа духарахь бара чубаьржина нах. Цара со сихха охьавиллира, гIоьмаш туьйхира суна. Шина сахьтехь гергга Iахкийра тхо, тIаккха полицин Porte de Clichy декъе дIадигира. Цигахь дийцира, гарежехь нохчий гулло аьллера шайга, цундела сацийнера шаьш со, бехке воцийла хиина, дIагIо, элира. 14-15 стаг вара соьца дIахецнарг. Прессо, даима а, массанххьа а санна, даржийна, "нохчийн бандиташ лецна", аьлла, ткъа ца хилла тхо бандиташ, бехк ма билла ца боху я Фигарос а, я полицино а. Цара тIекхоьллинчу цIарца ваха веза хIинца…

"Суна Оьрсийчохь а, Украинехь а бен ца хуьлу моьттура иштаниг"

Буса дIаяьхьначу операцехь полицино лецначаралахь нисъелла нохчашца болх а беш, цара гаражехь шен воIаца Николайца яха бакъо елла йолу Кочубинская Ольга. Иза йогу хIинца шаьш бахьанехь "Iабдул-Маликан проблемаш хиларх".

- Оццул гIара эккхийтина, ерриг а йохош, лоьлхуьйтуш, стенна эшара полицина хьийза, ца кхета со. Тхоьца цхьана лаьцнера шен машен тояйта веъна цхьа клиент а, шега шен зудчуьнга телефон тохийта бохуш хьийзара иза, амма вигина, полицехь буьйса яккхийтира цуьнга а. Яздира, "нохчийн бандиташ лецна". Стенна? Суна Оьрсийчоххьий, тхайн Украинеххьий бен ца хуьлу моьттура иштаниг, - чIиркъеюьйлу Ольга.

Курбанов Гилани Казахстанера веъна Франце. Массех бутт бу гаражехь балха нисвелла. Цо а дагалоьцу шаьш лецар.

- Со механикца Колица пхьор дан охьахиинера. Кебаб а эцна, иза тхойша яа волалуш вара лелхарш, гIара, гIовгIа иккхича. Со коре вахара, тIехьажийна герз дара, охьавижа, элира соьга, со вижира, цу сахьта куьйгаш дихкира сан. Белхахойх тхо кхузахь вара – Ольга, Николай, Коля, Игорь, Ален, пакистанхой Абит а, Рашид а. Кофе ютту а, цхьацца кхача бухку а автоматаш йохийра полисхоша, чуьра ахча дIадаьхьира. Прессо яздира, "алссам ахча а, герз а даьккхина бандиташкара". Яьккхинарг ю лело бакъо йолу газан тапча. ХIаъ, кхин а тхан кисанашкара, бохчанашкара ахча а даьккхина цара – дерриг а 2-3 эзар евро хир ду даьхьинарг, - дуьйцу Курбановс.

Бизнес меттахIоттахь тамаша бу

"Кавказ.Реалица" къамел дечу хенналц шайх "бандиташ" динчу я полисхошна а, я прессина а арз данза бара гаражан белхахой, цаьрца цхьаьна лецна хилла церан хьеший, клиенташ. Шаьш дагахь ду шайна могучу кепара Iедалхошкара а, журналисташкара а жоп деха, амма гаражан репутаци йоьхна яьлла, шаьш кхин болх бахь тамаша бу, шеко а йоцуш, дIалекъар бу шайн клиенташ, элира тхоьца цхьаьанкхеттачара. Уьш массо а Францехь "тIебаьхкинарш" бу. Шайца оццул ларамза хьаьвзар бацара я полисхой а, я пресса а, шаьш францхой хилча, бохучу дешнашца балхийра дегабаам «GTS" гаражерчу белхахоша, нохчаша а, оьрсаша а, украинахоша а, пакистанхоша а.

Адвокаташ а бу лецна кхаьбначийн. Францин низамаш шайна довзаре терра, ца лиира царна "Кавказ.Реалиина" хиламах комментари ян.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG