ТIекхочийла долу линкаш

Даханчу шеран лахьан баттахь диъ бер дIадаьккхинера Норвегехь бехачу АбдулаевгIеран доьзалера. ХIетахь дуккха наха сагатдира полисхоша чу а лилхина, дIадигинчу цу берашна. ХIинца эххар а цIадерзина Iедало АбдулаевгIеран бераш.

Яханчу гуьйранна йоккха IалагIожица даьржира Европехь Норвегерчу цхьана нохчийн доьзалера цхьаъ санна виъ доьзалхо Iедало дIаваьккхина бохуш долу коста. ХIетахь доьзалан дас Абдулаев ИбрахIима ша комментареш а еш, дIаязйина видео яржийнера, Iедалхоша шаьш бераш дIадаха баьхкинчехь петарчуьра хIуманаш дIаса а кхуьйсуш, эккхийтина къап-къарс а гойтуш. ТIаьхьо гучудийлира цу махкахь а, йоллучу Европехь а берийн Iуналла дечу хьукматаша доьзалхой дIабаьхначу дай-нанойн кхолламех дийцарш. АбдулаевгIарех и бохам Iоттабалле а кIеззиг нисделла дацара Малхбузехь нохчийн доьзалшкара бераш дIадахар, амма баханчу лахьан баттахь шегара виъ кIант дIаваьккхинчу доьзалан дас видеон а, аудион а хаамаш баржош, йоккха информацин кампани яржор бахьана долуш цу хиламна тIе шуьйра тидам бахара. Цаьргара бераш дIадаьхна масех де даьлча, Норвегин коьртачу шахьарахь Ослохь берийн Iуналла даран хьукматана хьалха йоккха митинг дIаяьхьира цу махкахь бехачу нохчаша. ХIетахь шайца Iоттаделлачух лаьцна берийн нанас Раисас иштта дийцира Маршо радионе.

Абдулаева Раиса: „Тахана берийн Iуналла дечу хьукматан белхахошца дуьххьара цхьаьнакхетар хилла тхан. Хетарехь, дика позитиве тIеIаткъам а бина оха царна. Тхуна шаьш реза ду а бохура цара. Тхан рогIера цхьаьнакхетар I5-чохь хир ю. Шуна ма-гарра, цара мелла а дахдеш ду и гIуллакх. Цара боху шайна хан еза, тхо довза а, тхо муха да-нана ду хьажа а“.

ХIара карара шо долалуш, дечкен баттахь АбдулаевгIеран жимах долу ши бер цIа даийтинера берийн Iуналла дечу Норвегерчу хьукмато, дас-нанас доьзалан хьашташна оьшуш долу хьелаш кхоьллина бохучунна мукIарло а дина. И шиъ ши кIант ву, 5 шой, 4 шой долуш.

Маршо радионе берийн нанас Абдулаева Раисас дийцарехь, доккхах долу ши бер, 8 шо долу йоIий, 7 шо долу кIантий, тIаьхьа сацор Iедало дас-нанас цу шинна къаьстина алсамох ницкъ бина я цу шинна Iуналла кхоччуш ца дина аьлла дуьхьалтеттинчу бехкаца доьзна дара. Цундела и шиъ доьзалах дIатохале алсамох хан Iедалан Iуналлехь цара яккха езаш лерина хилла берашна

Абдулаева Раиса: „Дечкен баттахь кIиранахь цхьа буьйса йоккхуьйтур Iедало цаьрга цIахь. Чиллан баттахь ши буьйса еллера кIиранахь цIахь яккха. Цул тIаьхьа кериста марханаш дIадовлалц собар дан дезар ду элира цара тхоьга доккхах долу ши бер цIа ца доуьйтуш, цаьрга мелла а кхин а хIуманаш а хоьттуш, уьш цIадахка кийча хилар а толлуш. Юха цара диллинчу денна кечам бина, ладоьгIуш Iаш дара тхо. И шиъ хIинца цIахь ду. Массо а хIума Делера ду. Нагахь санна и шайгара бераш дIадаьхнехь, цу Iедало бохург дан деза, царна дуьхьал а ца довлуш. Аш тхуна Iамадахьара, муха хIун дан деза оха, тхан Iадаташ а, шун Iадаташ а бен-бен ма ду, олуш, аш аьлларг оха дийр ду шуна а олуш, цаьрца цхьаьнаболх бан беза. Шайна дуьхьал ваьлча ца деза царна, шаьш бакъ ма хета царна“.

АбдулаевгIаьргара Iедало дIадаьккхина хилла деа а бер карарчу хенахь цIадеана, шайн деца-ненаца ду. Цу кепара цу доьзалца Iоттабелла бохам диканца дIабирзина лара мегар ду. Амма Европехь, Норвегехь хилла ца Iаш, кхечу пачхьалкхашкахь а, бIеннашкахь ду цхьацца бахьанашца нохчийн доьзалшкара дIадаьхна бераш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG