ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мотт Iамо гIерта Малхбузенехь беха нохчий шайн берашна


 Хьехархо Мадалова Зараъ а, цуьнан дешархой а.
Хьехархо Мадалова Зараъ а, цуьнан дешархой а.

​Масех шо а ду охан беттан ткъе пхеалгIа Нохчийн меттан де кхайкхина, амма меттан гIуллакх мискъазараттала а тоделла доьдуш дац.

Нохчийчуьрчу муьлхачу а хьукмате стаг вахча, цу чуьрчу, дукхахьолехь къоначу, белхахошка иза нохчийн маттахь вистхилча, цунна дуьхьал ,чIегIардиго санна, буьйцуш берг оьрсийн мотт хуьлу. Я долахетахь а шен ненан маттахь къамел дан, я оьрсийн мотт шена дика хиъча, шен култура лаккхара хеталахь а, я, кхин а шога аьлча, шен сица нохчаллин хьаса бисина ца хиларна делахь а. Цхьа гуш а доцуш, хаа луш а доцуш, меллаша, йогI-йогIуш юха еъна вайн къомалахь и оьрсийн мотт бийцар сийлахь хетаран мода. Шен ненан мотт ца хиъчаъ хIуммаъ доцуш.

„Нохчийн мотт ца хууш-м буьсур бацара уьш!“ - иштта хуьлу шайн берашна ненан мотт Iамор мехала ца хетачеран юкъара жоп, „схьавола -дIагIо“, „хьалагIатта- охьавижа“, схьаэца-дIало“ бохучу барамехь берашна мотт хиъча а тоам хеташ, иза нохчийн мотт хаар лоруш, царна тIекхел ши-кхоъ дешан хIоттам, оьрсийн я кхечу меттанийн дешнаш юккъе ца тухуш, дIаала къамел дан ца хаахь а.

Кхин гIолехь хал-м тешна а дацара Европехь бехачу нохчашлахь, мелхо а кхин а катастрофенаг ду. Хийраллехь хьалакхуьучу берашна уггаре а хьалха Iемаш берш шаьш бехачу пачхьалкхийн меттанаш ду, ненан мотт а боцуш. Ткъа мотт ле девлачул тIаьхьа цIера арадевлачу берашна, шаьшна тIехь дай-наноша хаддаза еш терго ца хилахь, оцу сохьта бицло ненан мотт. Ткъа ян ма-еззара цу бераша мотт бийцарна тIехь терго еш берш, мел хала хеташ делахь а, кIеззиг карабо - цхьаболчеран йиш ца хуьлу, вукхарна бен а ца хета.

Ши шо хьалха Маршо радионо дийцира, немцойн Франкфурт гIалахь, шен цIахь берийн беш а кхоьллина, нохчийн мотт хьоьхучу Саидова Хадиштах лаьцна. ХIетахь цуо иштта дийцира ша бечу балхах.

Саидова Хадишт: „Вайн бераша мот буьйцучу хенахь юкъ-кара немцойн дешнаш кхуьйсуш, Францехь бехачара французийн дешнаш а, цIахь бехачара – оьрсийн дешнаш кхуьйсуш гуш, хIокху берашка цIена шайн мотт бийцийта хIун дийра дара-те, аьлла, ойла йинера ас. Нохчийн шира дешнаш диц ца далийта, гIиллакх-гIуллакх а царна диц ца далийта. Берийн беш аьлла башха доккха хIума а дац ас дийриг, делахь а, суо йолчахь цхьа а чоь а нисйина,
царна цу чохь и мот Iамон гIертша йоллу со“.

ХIинца, массийта шарахь и болх бинчул тIаьхьа, и берийн беш дIайохон дезна Хадиштин. Бахьана – цига эха лууш, аьлча а, шайн бераш цига эхийта лууш дай-наной кхин ца хиларна, мехаза и болх цуо беш белахь а. Цу хьолах дукха догмовлла яьлла йолчу Хадиштина хIинца цунах лаьцна Маршо радиона дийца а ца лиира, дукха къаьхьа бу цуьнан цуьнца боьзна болу синхIоттамаш.

Изза бахьана – дай-наношна шайн берашка ненан мотт Iамабайта ца лаар я церан карах ца далар - дара масех шарахь немцойн коьртачу гIалахь Берлинехь болх беш хилла йолу нохчийн ишкол дIакъовларан а. Масех эзар нохчо вехачу гIалахь ткъех бер а ца гуллора мукъаденошкахь нохчийн мотт Iамон.

Амма хаза кхаъ а бу Европехь сел тишачу ненан мотт Iаморан а, ларбаран хьолехь баккха йиш йолуш. Оццу Германерчу Фирзен гIалахь маьждиган кхерчахь ши шо а ду нохчийн мотт берашна Iамош болу. Ур-аттала кхечу гIаланашкара а оьху цига ненан мотт Iамон луурш. Кхечу гIалара, шен чотахь, берашна хьеха оьху цига хьехархо Мадалова Зараъ.

Мадалова Зараъ: „Гондахьарчу гIаланашкара а тIаьхьа, ген-генара схьаоьхуш берша ду тхо долчохь. Массо а хенахь ас олуш ду: оцу ден-ненан бехк хета-кх суна и мотт берашна ца хаар. Биллина чохь буьйцуш нохчийн мотт хилчахьана, и мотт хедар бац аьлла хета суна. Ас айса дукха тергал дина доьзалшкахь а, диканехь - вуонехь а, нагахь санна шен бер нохчийн маттахь ша аьллачух ца кхетча, тIаккха оцу сохьта цу дас-нанас цуьнга иза немцойн маттахь олуш, берана болчу аьттона. Изаъ ца деш, нохчийн маттахь иштта ду, оьрсийн маттахь иштта ду, ткъа немцойн маттахь иштта ду аьлла и бер цара кхетийча, нохчийн маттана тIе тидам а бохуьйтуш, и бер цу шен маттана тIе юхадалош хилча, тIаккха царна иза дика хуур бара аьлла хета-кх суна“.

Нохчийн меттан денош кхайкхорах я цу дийнахь хьукматхоша массара а къоман духарш тIедохарх меттан хьал толур ду бохучух теша хала ду. ХIора а стагана ша а, шен доьзал а и мотт ларбарна а, кхиорна а жоьпаллехь вуйла кхетталца дIадовш лаьттачу меттанийн могIаршлара хьалабер бац нохчийн мотт.
И мотт баржон а, кхион а вуно боккха болх оьшу. Иза дIакхехьа хьаьгна болу нах а оьшу. ГIирсаш а оьшу. Ткъа и дерриге а цкъачунна доцуш ду.
XS
SM
MD
LG