ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин цхьана нохчочунна хан тоха тарло тIамехь дакъалацарна


Нохчийчоь-- Нохчийн тIемало Оьрсийчоьнан артиллерино хIаллакдинчу цIенона хьалха лаьтташ ву. Дечкен-бутт 5, 1995
Нохчийчоь-- Нохчийн тIемало Оьрсийчоьнан артиллерино хIаллакдинчу цIенона хьалха лаьтташ ву. Дечкен-бутт 5, 1995

Тахана Къилбседа Кавказерчу тIеман кхелехь ладогIарш дIахьур ду Тунтуев Аюбан гIуллакхах. Талламан версица, цо дакъалецира 2000-чу шарахь Шуьйтан кIоштахь Псковера десантникашна динчу тIелатарехь.

Ала догIу 2008-чу шарахь Нохчийчоьнан Республикан кхело цунна луьрачу рожехь яккха 24 шо хан туьхира. ХIинца иза набахтехь хан токхуш ву, амма таллам дIахьош бу. Нагахь санна кхело иза тIелатарна бехке вахь, цунна 20 шо хан тоха тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG