ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лахарчу Тагилехь нохчийн тутмакхаш болчу баха дагахь бу Нохчийчура молланаш


Оьрсийчоь - Сибрехара Красноярскера набахта, 14Стиг2013
Оьрсийчоь - Сибрехара Красноярскера набахта, 14Стиг2013

Юкъа-кара Оьрсийчура регионашца долу доттагIалла чIагIдан боьлху Нохчийчурча Iедалан векалш. Кху деношкахь уьш баха дагахь бу Свердловн-махка. Iедалан белхахошца цхьаьна цига боьлхуш бу республикерчу муфтиятан декъашхой а. Уьш дагахь бу цу махкахь набахташкахь бохку нохчий болчу баха.

Набахтешкахь хенаш токхуш болчу нохчий бала кхочурш а хилла,муфтиятан белхой Свердловск кIоште бахар дика хаам лору бахархоша. «Новый регион» хьостано хааме даккхарца нохчийн муфтиято шина денна Свердловск кIоште хьошалгIа хьажийна дешначу нехан жима тоба.

Цигахь мехкан куьйгалхочуьнан векал волчу Мамаков Салауддис дийцарехь хьешаша вайнахана пайдехьа цхьаьнакхетарш дIахьур ду Уралехь: вице премьерца Силин Яковца а, адамийн бакъонашларьечу хьукхматан коьртехь йолчу Мерзлякова Татьяница а, нохчийн диспоран векалшца а, набахтеш карахьйолчу урхаллин хьаькамашца а. Цхьаболчу вайнаха къаьсттина мехала лору и тIаьххьара лаам.

Стенна аьлчи, хууш ма-хиллара, яккхий хенаш тоьхна алсам нохчий болчу кIоштех цхьаъ ю Свердловск кIошт. Масала Нижний Тагил гIалахь 13-чу набахтехь хан токхуш болу нохчашца цхьаьнакхета а, цаьргара хьал-де хаа а дагахь бу муфтиятан векалш.

Дерг аьлчи муфтиятан белхоша юьхьарлаьцна беха некъ дикачу агIор туьдурш дукха бу. Царех ву соьца къамел деш волу Теркйист кIоштера бусалбан стаг, Хьаьжийн мурдийн туркх Джениев Мовла. Цунна чIогIа тайна шайн махкахой бала а кхаьчна, цу геналле Iеламнах бахна.

Набахтешкахь хенаш токхуш болчу вайнахера хьал-де хаа, бала кхочурш а хилла, муфтиято цига тоба хьажор хьокъехь соьга дийцина Теркйист кIоштера Джениев Мовла теш ву Уралехь Iар-дахар нисдина Iаш болчарна а, маьрша боцчарна-м ирх-пурх а Нохчийчуьра векалш цига кховчарх доккха гIо хир ду аьлла.

Хууш ма хиллара бен-бечу хьостанаша тайп-тайпа терахьаш а далош тахана Оьрсийчоьнан набахтешкахь хенаш токхуш бу 30 эзарна тIера 40 эзарне кхаччалц нохчий. Ала дашна, Свердловск кIоштан цхьана набахтехь дIакхелхинчу Атгереев Турпал-Iелин дакъа, къайлахчу сервисан белхой тIаьхьа ца кхуьуьйтуш нохчийн кIенташа кIайлаха цигара цIа кхачийнера 7-8 шо хьалха. ЦIа кхачийнера, тIаьхьабевлларш тило, цкъа хьалха кеманахь Тюмень гIала дIа а дехьна, цигара юха а хIаваакеманахь Нальчик гIала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG