ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехино Оьрсийчоьне дIавала а сахьт дац Мукушев Руслан


Нагахь санна Европерчу цхьана пачхьалкхехь политикан я гуманитаран тховкIелонан да ша хилар бахьана долуш ша кхерамазаллехь а ву, ша тешамечу хинбердашка а кхаьчна аьлла цхьанна хетахь, муьлхачу а мIаьргонехь а тешам цуьнан боха сахьт доцийла гойту тIаьхьарчу 13 шарахь Австрехь вехаш хиллачу Мукушев Русланан масало.

Женеверчу конвенцица догIуш ма-хиллара, цу Алпийн махкахь мухIажар санна тIеэцна а волуш, конвенционан паспорт а долуш, кху дуьненан муьлхачу а маьIIе, цхьа Оьрсийчоь дIаяккхалца ваха а, ван а маршо Iедалера йолуш волу иза кху карарчу дечкен батахь лаьцна Чехин дозанна тIехь.

Кехаташ талла иза сацийначу некъан хадаран хьукматхоша Русланан паспортан хан чекхйаьлла, цо иза низамца догIуш ма-хиллара, дахдайта чуделла ду аьлла тоьшалла до кехат гича, Iедалхошна карийнера иза сацон а, дIалаца а бахьана.

Ткъа сацийначул тIаьхьа лехамехь болчу нехан могIарш теллинчу цу полисхошна гучуделира Мукушев Руслан Оьрсийчуьрчу Iедало лоьхуш хилар. Цундела цара цунна Оьрсийчу депортаци ярца кхерам а тессина, набахте воьллира 5 беран да волу жимстаг.

Маршо радио зIене елира хIетахь дуьйна Чехерчу набахтехь воллучу Мукушев Русланан хIусамненаца Азица. Азас дийцарехь, шозлагIа тIом болабеллачу муьрехь Нохчийчохь долахь аптека а йолуш, мах беш хиллачу церан доьзалан бохамаш меттигерчу куьйгана цIена боцучу цхьаццаболчу Iедалхоша а, оьрсийн Iедалхоша а цуьнгара кхаьънашна ахчанаш дахар а, эххар а Руслан и кхаьънаш ца луш дуьхьал валар а бахьана долуш буьйлабеллера.

Мукушева: „Цуьнан паспорт хан чекхйаьлла дара, амма иза дахдайта кехаташ чуделла дара. Уьш чуделла дуйла гойтуш, цунна дIасалела бакъо луш документ а дара цуьнгахь. Амма чехийн Iедалхоша и документ шайн махкахь мегаш дац аьлла, сацийна компьютер чукхоьссина хIара.

ТIаккха царна гина иза Оьрсийчоьно лехамкашка велла хилар. ХIинца шаьш депортаци йийр ю аьлла цунна. Ткъа хIара лехамашкахь кхоссар цхьа а бехк болуш дац. ЦIахь долчу хенахь кхуьнан аптекера кхаьънаш доьхуш бара Iедалхой. Юха кхо ша и къаьънаш лур дац аьлча, цара кхуьнан лицензи ширъеллла ю аьлла, акт хIоттийра. Ткъа тхо цIера девлачул тIаьхьа цара цунна дуьхьал гIуллакх схьадиллина хилла“.

Азас дуьйцу кхин дIа а, Русланна, иза чувоьллича дуьйна схьа тIекхача кадаьлла цхьа а стаг вац бохуш. Шен хIусамда билгал депортаци ечу набахтехь ву я цуьнгахь хIун хьал ду хууш дац цунна иза бахьана долуш боккхачу сингаттамехь йолчу зудчунна.

Мукушева: „Цунна тIаьхьа вахана а, иза гина а цхьа стаг вац. Иза лаьцначул тIаьхьа кIира даьлча официале кехат даийтира тхоьга, иштта иза лаьцна ву, мичахь ву а дуьйцуш. Адвокат цуьнан цигарчу Iедало велларг ву.

Со кхуза Венехь адамийн бакъонашларйархошна тIе яхнера, юха уьш Чехерчу Австрин векалтица зIене а бевлла, цу векалтин белхахоша толлуш ду и хIума хIинца. Бюрократийн проблемаш бахьана долуш кхин 40 денна сацон мега аьлла тхоьга иза цигахь“.

Мукушев Руслан, Австрин махкахь мухIажар санна къобалвина дуккхаъ шерашкахь вехаш волу лаца а, ткъа Оьрсийчоьнна дIавала-м тешна а бакъо яц Европерчу цхьанна а кхечу пачхьалкхийн Iедалхойн, хIунда аьлча, Евробертан низамашца, мухIажарех болу сацамаш цу бертана юккъе йоьлхучу пачхьалкхийн цхьаьнадогIуш ду.

Бакъду, цхьаццайолчу меттигашкахь политикан тховкIело йолчу нахана бехке дуьллу, уьш Оьрсийчохь терррорхой санна лоьхуш бу бохург. Ткъа иза стагера тховкIело дIаяккха а, иза махках воккхуш Оьрсийчу дIавала а бахьана луш хIума хила тарло.

Амма Мукушев Русланаца дерг кхин ду. Цхьа а бахьана дац цунна депортаци ян, цо я Австрехь а, я Чехехь а хьешна низам а дац. Цул совнаха, цуьнан гIуллакхна орцах бевлла Чехера Австрин векалтина белхахой а бу.

Цундела, и пхеа беран да кесталгIа шен доьзална тIе Вене юхавоьрзур ву, даламукълахь. Доцу бахьанаш а лоьхуш, оьрсийн харцонех а, таIзарех а бевдда болу нах оцу оьрсийн харцонна кIела дIабалар я уьш дIабала гIортар дуьххьара нислуш дац къаьстина Малхбалерчу Европин пачхьалкхашкахь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG