ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бераш кхио атта дац


ХIелсинки -- меттигерчу нохчийн кегийрахойн хелхаран тоба, 2012
ХIелсинки -- меттигерчу нохчийн кегийрахойн хелхаран тоба, 2012

Кху тIаьхьарчу хенахь хабарш даьржина нохчашна юкъахь, нохчийн мухIажарий доьзалшкара бераш дIадохуш ду Малхбузерчу пачхьалкхашкахь бохуш. Цаьррга ладоьгIача, сурт кхоллало иза цара леррина деш долуш санна.

Керлачу меттигаша, керлачу дахаран зовкхаш кхоьллина ца Iаш, иштта шайца цхьана керла халонаш а, хIинцалца схьа евзаш ца хилла чолхеналлаш а йохьу. Хийла Нохчийчохь ца гинарг го Европе схьабаьхкинчу мухIажиршна, хийла цIахь, ДегIастанахь, дуьйцу а ца хезнарг лерсене кхочу.

Иштта сиха даьржа мухIажирийн гонашлахь дегIе зуз доуьйтуш долу эладитанаш а. ТIаьхьарчу хенахь шуьйра даьржинчу эладиттанех ду, масала, Европехь нохчийн мухIажирийн доьзлашкара Iедалхоша бераш дIа а дохий, меттигерачу доьзалшка кхиадан дIа ло боху хабар.

Цу хабарий бухе кхача гIерташ талламш дIахьош, интернет-машанахь Венехь ехачу цхьана нохчийн мухIажира бинчу кхайкхамна тIе нисъелира со. Шен цIе а, ша-а Нохчийчохь Iаш-ехаш хилла меттигаш а ма ярра юьйцуш йолчу цхьана зудчо балхабо шегара бала.

Цо дийцарехь, Австрин Iедалхоша цуьнан исс шо долу йоI дIа а яьккхина, кхечу, меттигерачу, доьзале дIаелла, ткъа кхунна шен йоI йолу меттиг ца хоьуьйтуш йолу масех бутт а бу. Цу харцонан бахьана, зудчо дийцарехь, кхо и йоI ишколе ца йохуьйтура аьлла Iедало кхунна кхоьллина йолу харц цIе ю, бакъдолчехь, хIокхо иза ишколе яхийтина а ца Iаш, ша цига дIаса кхийлина йолшехь.

Иштта шегара бала буьйцучохь, цу зудчо далхало, шена меттигерачу Iедалхойн харцо бахьана долуш цIе ца йоккхург лазар кхетар а, и лазар шеца дуйла а хиъна, хьо иштаъ-вуьшттаъ лийр йолуш ю бохуш, Iедало шен йоI юха ерзош ца хилар а.

Хила йиш юй те и саннарг Австрехь? Бакъдуй теша, харц цIе а кхоьллина, цхьангара бер Iедалхоша дIадаьккхина бохург?

И Iовжаме бала шех хьакхабеллачу зудчуьнца цхьана кхета гIортарх гIуллакх ца хилира сан, цо шен кхайхамца цхьаьна йитина йолу телефонан лоьмар болх беш яцара. Бакъду, шен цIе яккха я аз дIа а язъеш къамел дан ца лиинчу цхьана кхечу Австрин яхархочуьнца хилира сан къамел.

Самарт цIе йолчу цу зудчо дийцира, шегара ялх бутт хьалха берийн гIуллакхех йолчу немцойн хьукматин, шех “югендамт“ олуш йолчу, харцонца бархI шо долу йоI дIаяьккхина аьлла. Ишколехь мерах цIий далар бахьана долуш ишколан лоьрана тIе яхнера шен йоI, бохуш дуьйцу цо, ткъа лоьрана цуьнан пхьарсаш тIехь баьццара хьоькхнаш гинера.

ХIорш мичара аьлла хьуна аьлча, шен йоI кхера а елла, йилхинера боху, ткъа лоьро и хIума ишколан куьйгалле а, берийн гIуллакхин хьокъера хьукмате а дIадийцина хиллера. Самарт чIагIдарехь, иза шен йоIана йиттина аьлла харцахьа бехке еш ю, ткъа йоIан дегIа тIера баьццара хьоькхнаш иза ловзуш дIаеттаелла йийлина ю цунна.

И санна долчу хIуман хIун бахьана хила йиш ю? Мел бакъдерг я мел эладитта ду и тайпанчу хиламех дуьйцучохь декъа? Оцу хаттаршца Австрерачу Санкт-Поьлтен гIалахь социалан белхахо йолчу Эсмурзиева Мадиница къамел дира ас. Лахара Австри олучу лаьттахь „Бераш а, зударий а, дешар а, культура а“ цIе йолу юкъаралла кхоьллина цо, нохчийн мухIажирашца болх беш йолу. Цул совнаха, „Фейр“ цIе йолчу зударшна а, берашна а гIо даран хьукматехь болх беш а ю иза.

Эсмурзиева Мадинина хетарехь, нагахь санна цхьана доьзалера Австрехь Iедалхоша бер дIадаьккхинехь, бахьанех уггаре а хьалхарниг цхьаъ ду- цу берана, дас-нанас етташ, ницкъ бина хилар.

Мадина Эсмурзиева: «Дукхах долу бахьанаш – уьш берашна доьзалехь сина а, дегIана а таIзарш дарца доьзна ду. И хьал бахьана долуш дIадоху уьш. И хIума Австрехь магийна дац дукхахенахь дуьйна схьа. Вайнехан амал ю, берана тухуш ца хилча, иза Iемар дац аьлла а, иза кхетар дац аьлла а хеташ.

И уьншарахьлера кхетам кхиоран метод вайга йита ца ло, цхьаццаболчаьргахь шайн цIийца доьлла хIума ду иза – беран тохар а, тоьхчий бен иза ца кхета моттар а».

Маршо Радио: Мадинас дийцарехь, цхьаццаболчу доьзалшна, церан бер кхетош кхиорах болу хьежамаш меттигерачу Iедалийн хьежамаш цхьана ца бар бахьана долуш, берийн хьукматийн белхахойн цатемаш баьллехь а, делахь а и белхахой ца хилча йиш яц. ХIунда аьлча, Европехь шуьйра даьржина ду берашна дуьхьал деш долу зуламаш. Ткъа и зуламаш, дукхахьолехь, доьзалашкахь нислуш ду.

Мадина Эсмурзиева: «Дай-наношка ала луур дара суна: коьртаниг: и бер доьзалера схьадаккхар кхеран Iалашо яц. Кхеран Iалашо ю цу берана дика хир долу агIо лаха. Вай-м берана тоьхна я дов дина Iад Iа, берашна тIехь ницкъа беш а, уьш къиза хьийзош а дуккхаъ доьзалш бу.

Ткъа уьш лардаран хьукматаш ца хилча, вуно дукхачу бераш шайн доьзалшкахь балехь хир ду. Нагахь санна и берийн хьукмат шуна тIаьхьа яьллехь, бахьан долуш иза делахь а, я бахьана доцуш делахь а, цуьнца цхьана болх бар бен дарба дац».

Маршо Радио: Юккъера нохчашкара бераш Европерачу пачхьалкхийн Iедалша дIадохуш ду бохуш долу хабар, цхьа а шеко а йоцуш, бух боцу эладитта ду бохуш чIагIдо мухIажирийн доьзалшца блх барехь доккха зеделларг долчу Эсмурзиева Мадинас. Мелхо а, цхьа могIа бахьанашца, и бераш бахьан долуш охам хуьлучу къамьнийн тобанашлахь нохчийн вуно кIеззиг бу.

Мадина Эсмурзиева: «Нохчий бу аьлла, вайн нахера бераш схьадаха гIертар дан а дац. И эладитта бакъ дац аьлла майра ала йиш ю сан. Кхечу къаьмнашца дуьйтича, вай, ма-дарра аьлча, вайгара бераш уггаре а кIезга доху. Тхо Iаш долчу меттигашкахь и санна долу хIума цхьа-цхьацца терахьашкахь бен дац ала йиш ю.

Шайн нахера, австрихошкара, бераш алсам схьадохуш нисло, хIунда аьлча, кхеран социалан тIегIанаш дукха тайп-тайпана ю. Социалан лахарчу тIегIанехь болчу нахна юккъехь вуно дукха нисло кортбахочу молханашца а, къаркъанех бозуш хиларца а, нервийн цамгаршца а бала токхуш берш.

Вай-м мелла а са чIогIа долуш адамаш ду, вайн менталитет а, культура а бахьана долуш ишттачу хIумнех вай алсамох ларло, „наха олург, нахана хетарг“ бахьана долуш. Ткъа кхеран и хIумнаш дац. Цундела и хиламаш меттигерачарна юккъехь дукхох нисло».

Маршо Радио: Нагахь санна цхьана бахьнийца социалан белхахой цхьан доьзална тидам а бина, цаьрца белхаш бан гIерташ нислахь, уггаре а коьртаниг собаре хилар ду бохуш дуьйцу Мадинас. Да-нана кхета деза, шайна цхьа лерина зулам я бохам бан и белхахой арабевлла боцийла.

Мадина Эсмурзиева: «Тахана и бала тIебеанчаьрга ала луур дара суна: шайна и санна долу хIума тIеIоттаделлехь, уггаре а коьртанарг – иза Iедалца цхьана болх бар ду шуна. „Делахь, ас тоьхна а ца Iаш, ХьенехагIеран чохь а ма туху, царна ма ца богIу уьш“, бохуш, иза а ца дуьйцуш, „со магаш стаг ю, айса сайн берана тохар суна бен дIа а ца хета“ аьлла ца Iаш, ойла е, ас цу берана хIунда туху?

Аса цунна тоьхча, суна сайна хIун синIаткъамаш хуьлу цунах? Дохко йолий со, цунна тоьхча? Иштта ша шена тIехь болх бан беза. Iедална а дIагайта, шаьш дохко девллий а, и тайпанарг шаьш кхин дийр доцийла а.

Коьртаниг- и бер таханий, кханий хьан неIарга а баьхкина, цхьаммо лулахочо я кхечо мотт тоьхнера аьлла, иштта атта дIадаха бакъо йолш дац и бераш, я цара даха а ца доху уьш иштта атта дIа. Цара кIиранахь а, шина кIиранахь а, баттахь а, ур-аталла шаре долуш а хуьлу, цу доьзална тидам а беш, цуьнца болх а беш».

Маршо Радио: Хууш ма хиллара, "эцца цхьа ши тIара тоьхна, дIасацор" бохуш долу хIума вайнахана юккъехь шуьйра даьржина ду. Вайнахана юккъехь хилла а ца Iа. Амма хийрачу юкъараллехь керла дахар длийначу наха шайн цхьаццайолчу амалех ца къастахь, царехь зулам дала сахьт дац.

Уггаре а хьлха цу хьелашкахь закхалтехь нислуш дерш бераш ду. Нагахь санна "эцца цхьа ши тIара тохар" бохучу, шайна шаьшна мехала а ца хетачу бахьанца, цу доьзалера Iедало бер дIадаккхахь, цуьнан да-нана дац хийрачу доьзале кхочун дерг, и бер ду. Ткъа иза уггаре а Iовжаме далатохар ду, бераца нисдала йиш йолуш долу.
XS
SM
MD
LG