ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох арз эцна бахана Карабулакера нохчий


ГIалгIайчоь -- Нохчийн мухIажирша шаьш даймахка дIадигар доьхуш мацалла лаьцна, Карабулак, 16Тов2012
ГIалгIайчоь -- Нохчийн мухIажирша шаьш даймахка дIадигар доьхуш мацалла лаьцна, Карабулак, 16Тов2012

Даймахкана совбевлла нохчий вуно-вуно дукха бу нохчашлахь. Ша ца кхойкху арахьарчу нахе цΙехьа, уьш шаьш бехачохь дика дΙаΙийчхьана, бохура деношкахь мехкан телевизионехула Кадыров Рамзана. Ткъа бехачохь де доцуш, къоьллехь бисинарш? Цара мел лан деза тΙехь тхов бацар, напха цатоар? Цунна жоп лаха Москох арз эцна бахана, масала, ГΙалгΙайчуьрчу Карабулакехь оьмар дIакхехьа бисина беха нохчийн мухΙажирш.



Москох дIакхаьчна ГIалгIай-махкахь беха нохчийн мухIажирш. Цигахь федералан министраллашна а, кхечу урхаллашна а тIекхача дагахь бу уьш. Цара лоьхург ю бакъо.

ГIалгIай-махкахь мухIажаршна луш йолу гIишлонан сертификаташ ца елла Карабулак-гIаларчу Промжилбаза" олучу кертахь бехачу нохчашна. Пхи нохчийн доьзал юкъарабаьккхина, бохуш, шайн Iалашонех лаьцна Маршо Радиога дийцира мухIажира Джабраилова Маликас.

Джабраилова: Тахана и лазам а эцна, тхо Москох дIакхочуш ду. Цара лелош ерг харцо ю. Тхайн бакъо тIеяьккха лууш ду тхо. ХIораммо олу, шайн Кадыровга ала. Цунна даийтина ма дац и ахча, кхуза, ГIалгIай-махка даийтина ма ду. И аьлча, тхо бехке лору. Тхо оцу базера арадевр ду, церан мохк оьшуш Iаш а дац. Тхъайн даха меттиг цахиларна Iа цигахь.

Урамехь акции а йина, оха тхайн къоман сий дойъур дац. Экономика кхиоран министралле а гIур ду, «Гражданское содействие» олучу цхьанатохараллийн коьртехь йолчу Ганнушкина Светланина тIедаха а дохку. Ишшта кхечу урхаллашна а тIегIур ду».

ГIалгIайн Iедалша, цхьацца бозбуанчаллан кеп а цлелош, меллаша и сертификат догIучийн могIаршкара даьхна шаьш, боху нохчийн мухIажирша.

Джабраилова: «ТIом а баьлла, тхайн тховкIело йоцун дела Iаш ма дай тхо ГIалгIайн махкахь. Тахана, Оьрсийчоьно схьадаийтина долу и серфтикаташ Нохчийчуьра мухIажаршна аьлла даийтина ду. Тхоьга Москохара оцу министраллера телефончухулла аьлла иза. ХIирийн махкара мухIажарш а бац, гIалгIашний бен ма ло аьлла а дац иза. Хьалха делларг а гIалгIашна делла, хIинца а царна дала гIерташ бу».

ГIалгIайн Iедалийн шайца болчу цабезаман бухе а кхиа лууш бу нохчийн мухIажарш. Гарехь, оцу сертификатан ахчанц аболу барам бу аьлла хета Джабраилова Маликин.

Джабраилова: «Тахана хIун цабезам бу Евкуровн а, оцу даржхойн а тхоьга? Цуьнана гIоьнчана тIедахана а хилла тхо. Шен дан хIума дац, боху цо. Нохчийн пхеа доьзална 13 миллион сов ахча ду. И ахча оха хьахийча, цуьнан бос хийцабелира. Иза цуьнан а, я Евкуровн а кисинара луш а дац».

Стигалкъекъа-беттан 30-чу дийнахь дIакъовлур йолуш ю Карабулак-гIалара мухIажbрийн куп. Цигара шаьш, хIуъа а дина а, арадаха гIуртур ду Iедалш, аьлла хеташ ю мухIажир Джабраилова Малика.

Джабраилова: «Тахана тхо Iашдолу куп дIакъовлуш ю цара. Цигахь школа ян воллу боху Евкуров. Е, шена лаахь, школа а, гIала а, хоьазза тIекIелдина цIенош а. Амма тхуна Оьрсийчоьно схьадаийтина ахча схьало, тIаккха тхо, лаахь, цIа а гIур ду я кхечанхьа гIур ду. Тахана цхьана хIусаман квадратан 33 эзар сом мах бу. Цхьана стагана кхачош 594 эзар сом ду. Оха хилла гIело а ца юьйцу, йохийначу тхайн гIишлонех доьхуш ду иза».

Москох дIакхаьчча, нохчийн мухIажарш баккъал а тешаш бу, хьаькаша шайн баланаш кхетор а бу, гIо а дийр ду нийсо толош бохучух.
XS
SM
MD
LG