ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий къепелатточу эскаршка ийзор диканна дац


Иттех де ду Нохчийчуьрчу Новр-ГIаларчу Росгвардин декъера эскархо ведда. Иза лохуш хьийза эпсарш. Стенга вахана, стенна ведда иза, хаттар лаьтта нахехь?

БIаьстенан шолгIачу оханан баттахь шо кхочу президентан указца Оьрсийчохь Къоман гварди аьлла цIе а тиллина, чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин юкъахь а йолуш,керла тIеман дакъа кхоьллина.

Эзарнаш цуьнан декъашхой бу Нохчийчохь къепе ларьеш а. Кху беттан 27-чу дийнахь дуьххьала гIарбаьккхинчу хаамца 25-чу дийнахь дуьйна лохуш ву Новр кIоштехь дIатарбинчу Росгвардин ницкъаш юкъара цхьа эскархо. Доьза вайнарг Ленинграда кIоштера цхьана ханна кхуза гIуллакх дан веъна контрактник олу салти ву алар доцург,цуьнан хьокъехь кхин дуьйцуш хIума дацара юьхьанца.

ТIаьхьо Iорадаьккхина,лехамехь волу сержант Беспалов Сергей а ву,цIера Ленинграда кIоштан Сосновый бор олучу меттера а ву аьлла.

Цхьаболчара иза Юххерчу Малхбалерчу,Шема пачхьалкхехь кхехкачу тIамтIе хьежор хьехо даьккхича ,бакълена а ведда хуьлуьйту. Кхечарна моттарехь иза цхьанхьа къайла а ваьлла,дууш-молуш сакъоьруш Iаш ву,кху чиллана беттан 17-18-чу деношкахь шен карадеъна алапа ластош.

Иза дизертир а ваьлла водийла а дац, шен коллега цхьанхьа хьуламехь къаркъанна «оба» олуш ,цо ма-аллара аьлча «тIебогIуьйтуш» хиларх тешна ву Соьлжа гIалахь гIуллакх деш волу Къоман гварди декъашхо Мурад. Нагахь санна иза гучу ца волуш итт дийне валахь цунна набахте яккха ондда хан тоха а тарло боху Мурада.

Мурад: «Делдахь хир ву цхьанхьа сакъоьруш лелаш. Иза ведда хир ву аьлла-м ца хета суна. Баха а боьдий, хьуламехь къаркъа муьйлуш Iа-кх. Схьавеъча таIзар дийр ду,цунна шеко яц. Нагахь итт дийнахь гучу ца валахь набахте а кхочур ву. Ву ву,цхьанхьа сакъоьруш ву,запой вахна. Цигга Новр гIалахь хила амега, я эцца Мазалк кIоште вахана хила а тарло».

Хууш ма хиллара Оьрсийчохь и Росгварди кхоьллинчул тIаьхьа чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин куьйга кIел хилла цхьадолу дакъош цига дехьадаьхна. И хийцам бахьнехь 5 эзар сов нохчийн кегий нах а нисбелла цу тIеман декъехь. ХIетахь дуьйна а гIайгIанехь бу дукххахболчу кIентийн цIераниш. И гIайгIа массехазза а стамьелла нохчийн векалш Iаьрбийн махкарчу хийрачу тIаме хьежо болийча.

Стохка ГIуран-баттахь кхаа баттана бохуш дуьххьала цига хьовсийнарш аьхкенан тIаьххьарчу баттахь бен юхаберзхор бац аьлла официалан хааме даккхаро гуттар а холча хIиттина цхьаболу дай-наной. И хаам хезчахьана а вуьшта а дог лозуш могуш йоцу шайн йиша меттахь йисна йолуш йоллу-кх бохуш дуьйцура Соьлж-ГIалин кIоштан Дойкар-Эвларчу яхархочо Луизас.

Луиза: «Кест-кеста телпо а туху. ЧIогIа дика Iаш ду шаьш боху ,кхераме хIума а дац шайна боху. ТIебогIу зазанан бутт бале цIахь хила декхар ду шаьш бохуш Iаш вара иза,хIинца хIокхара аьхке а хьахийна йиш йоьхна Iаш-м ду тхо. Кхечаьрца юкъаметтиг а карош,дика дохку шаьш боху. Балха тIера алапаш доцуш цигахь а лур ду ахчанаш бохуш дуьйцура дийца-м ,хIун хир ду-м ца хаьа».

Дерзош аьлча Оьрсийчохь сихха леррина Росгварди аьлла керла тIеман дакъа кхоллар диканна ца туьду дукха нохчаша. Царна цуьнца бозабелла кхерам лору. Шема пачхьалкх хьалхара елахь а вайнехан векалш кхачийначу меттигех, амма иза тIаьххьара ю ала ян чIагIо яц.

И меттигаш Оьрсийчохь а, дозанал арахьа а шортта хила тарло. Ишта ойла кхобурш кIезиг бац нохчашлахь. Цхьаболчара шайн бераш цу юкъара схьа а даьхна, делахь а болх-некъ цахиларо йиш йохийнарш дукха бу. Цара дикане а са а туьйсуш, ладоьгIу шайн доьзалхошка.

XS
SM
MD
LG