ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчо, шена болх хилча, ваха реза ву дуьненан маьIIе а


Болх боцурш чот йоцуш дукха хиларан лач делахь а тоьшалла ду эзарнашкахь кхечу кIошташкахь болу махкахой. Тергамхоша дийцарехь балхара дIа а буьйлуш дIаоьхуш бац эзарнаш кегийрхой Iар-дахар Европехь нисдан Iалашо а лаьцна.

Доцца аьлча, къахьега луурш,хьаьгнарш вуно дукха бу,амма стагана ша а,шен доьзал а хене баккха болх бац.Цундела кховчу вайнехан векалш дуьненан мичча маьIIе,халонашна пе ца бетташ къахьегархьама.

Иштачех цхьаъ ву Саха-Якути республикехь,Краснодар гIалара дIа итт сохьтехь хIаваан кеманца некъ бечу Мирный гIалахь болх-некъ карийна Насаев Хьамзат.Цуьнца нисделлачу къамелехь яго газ лохучу белхалоша хьоьгучу къих кхиарал сов девза цу декъера махкара сурт а, ОЬрсийчохь хIинца а лелаш йолу,кегийчу къаьмний векалш балха дIаэцаран къайленаш а.

Хьамзат: «Краснодарерчу газпроман белхалой ду тхо. ДIадоьдуш кхо кема хуьйцу оха. Итт сохьтехь хIаваэхь ду-кх тхо. Нохчийчуьра тхо шиъ ву-кх.

Маршо радио: Цигахь столови чохь аш кхача ца буу бохург хIун ду ? Шу батте муха довлу?

Хьамзат: «Хьакхин жижиг кхетта хила ма тарло юург. Оха цIера дIахьо дакъийна жижиг а хьо, бакъийна а, цIебина а дума а хьо,вуьшта жижиг а. Новкъахь схьаоьцу оха гарза а, дуга а, картол а. РогI-рогIана кхача кечбо охашимма тхайна.

Маршо Радио: Хенан хIоттаме диллича мел башхалла ю? Тахана мел шийла ю цигахь?

Хьамзат: «Кху сохьта цигахь 50 градус сов шийла ю. Шозза хилла кхушара 52-53. Шийла-м хуьлу делахь а лан хала шело яц. Оццул шийла хилча болх бан йиш яц муьллха эчиг лаьттах кхетча «тIох» олий кагло. Совца а яц йиш 42 градус хилча,болх ца бан бакъо йоллушехь. Бура тухуш ду-кх тхо китайцашна йохка газ лохуш. Разведка еш ду.»

Маршо Радио: Цу 5-6 эзар чакхарма геналле балха шу муха кхевчча?

Хьамзат: «Тхо хьалха болх бина ду цаьрца кху Нохчийчохь. ЦIера цхьа буру туху гIирс-коьчалла а бехьнера оха цига. ТIаккха а тхан кехаташ цхьана шарахь латтийра цара урхаллехь дIа ца оьцуш.Эххаре а дIа-м ийци тхойшиъ балха. Со а иза а дизелист вара. Цхьана баттахь слесарь хилахьара аьлла со дехьаваьккхира. Сан болх тайна а хаац хIинца сехьа а ца волийта. Газ кара а еш, къахьоьгуш-м ду тхо.»

Маршо Радио: Алапа и газ караярца,цакараярца доьзна-м дац?

Хьамзат: «Башхалла а яц.Тхайна еллачу нормативашца оха болх бахь алапехь хийцам бац. Ишта алапа а долуш болх хилча цIахь хьерваьлла воцург кхуза вогIур мА вац. Хьуна хьайна а ца го кху цIахь дерг? Цигахь,Якутехь хьо хьайн болх бичхьана мА волу. Ткъа Нохчийчохь, алапа 20-25 эзар бен а доцуш, слесарь а хьо вара,сварщик а,электрик а со-со вара. Цу тIе хIинца дIавоккху, тIаккха дIавоккху бохуш этIош дог а дара. ЧIогIа хала дара Нохчийчохь»

Маршо Радио: Хьамзат, цу геналлехь аьтто буй,белхаш дуй гергарниг дIавига а тарлуш?

Хьамзат: « Белхаш белахь а аьтто бац. ДIаоьцуш бац нохчий. Хьуламехь,барта бина сацам бу боху дIа ма эца аьлла. Ишта олуш ду-кх муьлххачу хьаькамо а. ТIетаьIIа къаркъа муьйлуш оьрсийа ,кхиболу белхалой боллушехь нохчий дIа-м ца оьцу.

Столови чуьра оха оьцург бепиггий, шекаррий ду-кх. Шийтта кийла жижиггий,думий,цхьа чIурам тIоьрмиг чохь саьмарсеккхий. И ду-кх тхан даар.»

Саха республикехь, Якутск гIалина а 900 чакхарма генахь, луьрчу хьелашкахь шаьш хьоьгучу къих дийцина Насаев Хьамзат тешна ву,лакхара охьа барта бина «хIара балха дIаэца,хIара ма эца» бохуш бехкамаш бацахьара, цигахь балхахь дукха нохчий хир бара аьлла.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG