ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iилманчин ши оба цхьана белшахь


Ярычев Насрудди саннарг кхин вац цуьнан нийсархошлахь - 35 шо бен доцу иза ву педагогикан а, философин а доктор

…Машено лазийна ха тодаллалц са ца туьйш, заьIапхочун гIудалкхара а воссаза вахара Челябинске докторан дарж даккха 28 шо долу педагог-Iилманча 2011-чу шарахь.

Школехь иккхина конфликт талла хьехархочунна оьшучу оьздангаллах лаьцна яра цуьнан тема.

Цунна цигахь елира педагогикан Iилман докторан цIе. "Тхуна хьалха дуьххьара нислуш ду хIара Iаламат - дешарехь хьуьнар даккха веана вацара кхуза хIинццалц оццул къона похIманча. Нохчийчоьнан баккъал а дозалла дойла ду шегарчу хьекъалца массо а цецвоккхучу оцу жимчу стагах", - элира хIетахь Челябинскан университетан диссертацин кхеташонан секретара-Iилманчас Кийкова Надеждас прессехь.

Ярычев Насруддис 13 шо ду Нохчийчохь педагогика хьоьхучу лаккхарчу доьшийлашкахь белхаш бен. Иштта, кест-кеста вохуьйту иза Оьрсийчоьнан дешаран министралло лаккхарчу доьшийлашкара хьал-де талла а. Карарчу муьрехь иза ву Нохчийн университетан проректор.

Дайна шо доьрззуш яьккхина Насруддис кхин а цхьа ирхе - философин доктор ваьлла иза Белгородерчу Iилман-талламийн университетехь.

35 шо, шина Iилман доктор. Нохчийчохь хьовха, Оьрсийчохь а карор вац и саннарг.

"ХIан-хIа, - элира Ярычев Насруддис, Маршо Радиоца къамел долош, - со дуьххьара нохчо вац шина Iилман доктор…".

- Дера вара вайн шина Iилман доктор а волуш Алироев ИбрахIим. Филологин а, историн а доктор вара иза. Цо истори ца лелайора, талламехь яцара цуьнан иза, амма ван-м вара оцу Iилман доктор.

- Насрудди, гарехь, адам ша дуьнентIе доллушехь шена язбинчу новкъа дIадоьду. Делахь а, хаалуш хуьлу-кх, хьенан лорах доьду бер дахаре. Хьуна шун доьзалехь, тайп-тукхумехь Iилмане некъ къастийна мила вара? Хьан ваьккхира хьо Iилманийн новкъа?

- Стеган дуьненчохь дIалоций шен некъ хуьлу. Шен Дала деллачу хьесапехь цо и дIа а хьо. Тхан доьзалехь дуьненан Iилма лелош нах ца хилла. Амма сан денда вара, ГIуларера Ярычев Деналбек, иза кIоргга дешна стаг вара. Дала цуьнгара беркат ду сайх схьакхеттарг аьлла хета суна.

- ГIуларерчу школехь доьшуш дагалецира ахь Iилмане ваха? Иштта ца хилча, кхуьийла а ма дац оццул къона а волуш, йоццачу, айхьа хьайна гатйинчу, ятийначу хенахь Iилмане кхиа! Муха лецира ахь и некъ юьхьар, дийцахь.

- 1983 шарахь вина со. Оцу юьртахь. Амма дешар а, вахар а Соьлж-ГIалахь нисделла сан. Цигара 8-гIа школа яьккхина дашо мидалца. Самарехь университет а чекхъяьккхина, социологин факультет, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан социалан университет яьккхина Москох. Ший а университет – дашо мидалшца.

Иштта, деша волавелча дуьйна а, Iилманна тIегIерташ вара-кх со. Цунах суна пайда а баьлла. Пачхьалкхан стипендин, губернаторан стипендин лауреат а хилла. Дикачу Iилманчашна гергахь а лелла со, оьрсийн а, жуьгтийн а, эрмалойн а.

Хьехархочун болх безаш а вара. Суна гора цуьнан болх чулацаме буйла а, цо дуьненан хьежам билгалбоккхийла а, хьан дахаре долчу хеттаршна жоьпаш гойтийла а... .

- Хьо батт атархойн, латархойн, я кхечу "пайдечу" спортехь хилча-м, гIараваьккхина вуьйцуш, миллионаш дохуш стаг хир вара. Ткъа Iилмано, олуш ду-кх, ца кхобу. Иштта дуй иза? Стенна оьшура хьуна шина Iилман лакхене гIерта?

- Дахаран хьал чоггIа чолхе долуш, Iилмане гIерта хан а йоцуш, халонаш ма хьегний вайн наха. ДIаволалуш, ассистент волуш, лаккхара хьехархо волуш а, доцент волуш а хьегна ас хало. Ахчанца юьхьанца ледара а ма хилла. Делахь а, кхидерг цадовзаре терра, схьалаьцна гIуллакх дIакхехьа дезна.

Иштта нисделла-кх Iилманца уьйр чIагIъялар а. Дохко а ца ваьлла, атта бацахь а, сайн некъ болийна. ТIехкуьуш долу чкъор а цхьана дас кхетош-кхон деза. Iилма дIакхехьа накъостий а беза, оццу жимчу цкъоро кхана вай а ма дуй дIакхехьа дезаш.

Иштта, оцу ойланна тIе а кхийдаш схьавеана со а, соьца университетехь болх беш болу накъостий а – со кху университетехь (Нохчийн пачхьалкхан университет – Маршо Радион билгалдаккхар) ву 2005-чу шарахь дуьйна.

- Педагогикан доктор ву хьо. КхидIа а къахьега философи юьхьар а эцна, оцу Iилман а доктор вала некъ лацар муха нисделира хьан?

- 2007-чу шарахь ас Белгородерчу пачхьалкхан университетехь аспирантура яьккхина. Цигахь ас философин Iилман кандидатан цIе схьаэцна.

Оцу юкъанна со Нохчийн пачхьалкхан дешаран-белхахойн институтехь педагогикан, психологин кафердехь болхбеш вара. Цигара вахара Челябинскерчу университетан докторантуре. Язбина цхьацца белхаш а бара цунна. Иштта яккхира и докторантура а. Педагогикан доктор а ваьлла, цIавеара.

Педагогикаца, психологица цхьаьна язбеш схьабохьуш философин болх а бара сан. Деа шарахь иза кечбина а ваьлла, стохка со Белгороде Iилман-талламийн университете вахара докторан дарж даккха. Дахначу шеран тIаьххьарчу деношкахь ас и толам а баьккхира – философин доктор хилира сох.

- Хьалхо вайшимма ма хьахадарра, вайн махкахь тоьлла вахархо спортхо волуш санна лаьтта сурт, сийдийриг, вазвийриг спортхо ву, дахаран кхин некъаш кегийрхошна марзбан йиш йоцуш санна. Оцу хьелашкахь кегийчара хоржучу некъашца дисбалланс ца хуьлу? Буй вайн махкахь Iилмане марзлуш кегийнах?

- Нохчийчуьрчу юкъараллера хьал тахана, спорте диллича а, Iилмане диллича а дика кхиимаш хаало. …Верриг а Iилманча хила аьлла а дац, я массо а спортсмен хила аьлла а дац. Спорт а оьшуш ю.

13 шо ду со Нохчийн пачхьалкхан университетехь волу. Вуно хаза доьшуш, кхиамаш бохуш кегийнах а, мехкарий бу кхуьуш. Университет ша а ю хаза – чохь массо а тайпа лаборатореш ю, миллионаш мах болу гIирс чохь а болуш. ЧIогIа дика доьшурш а бу, берраш бацахь а.

Iилма товш ду къомехь, иза цуьнан хазна ю, иза дуьненан хьежам бу. Со дIасавоьдий хуьлуш ву – федералан эксперт хиларе терра – Оьрсийчоьнан лаккхарчу доьшийлашкара хьелаш толлуш. Юкъарчу хьелашка хьаьжча, хьал вон дац вайн университетехь.

Хилла эшамаш балхош а ца Iаш, нохчийн къам, цуьнан къона чкъор айделла къахьоьгуш го суна. Со цунах воккха а ве.

Баккъал а цецвуьйлийла ду Ярычев Насруддих. Ша шех вуьззина шина Iилман доктор вечу новкъахь цо арахецна 4 монографи, 150 сов талламан болх. Иза ларавелла шен Нохчийчуьрчу дешархойх 6 жимха Iилман кандидат ваккха. Диссертанташца болхбечу шина кхеташонехь декъашхо ву иза ша а.

Оцу юккъехула кхиина Насрудди ша язйинчу байтийн – цо нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь яздо – кхо жайна арахеца а.

Литературе еккъа хобби хилла а ца Iа Насруддина. Оьрсийчуьрчу Мандельштаман цIарахчу литературан "Лира" премин лауреат ву иза. Ву СтокхIолмехь куп латточу "LIFE" олучу Европан кхузаманан литературан клубан декъашхо а, Москох шарахь цкъа арадолучу литературан "Орфей" альманахан редакцин кхеташонехь декъашхо а.

Iилманчас дош делла Маршо Радиона ша нохчийн маттахь яьхна байташ йовзийта. Цунах пайда а оьцуш, оха кестта хозуьйтур ю ладогIархошна Оьрсийчоьхь Iилманчийн жималла зийча, шен хенара пхиъ бен воцчех, ткъа 35 шо а кхачале шина Iилман доктор ваьлларг ша цхьаъ бен а воцчу Ярычев Насруддин байташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG