ТIекхочийла долу линкаш

Муьлхха а информаци ло Википедино тахана. Атта карадо хаарш баьржина лелачу, алссам наха лелабечу маттахь, хуьлда иза ингалсан я испанхойн, оьрсийн я францойн. Амма миллион, я цул кIезиг долчу къаьмнийн меттанийн ца баьлла аьтто дуьнено а мехалчу энциклопедийн могIара юьллу Википеди яккха.

Нохчийн меттан и аьтто баьлла. ХIан-хIа, ца лаьцна хаарийн хьаьтта дебош дакъа цхьана а Iилманчо, лингвисто – Оьрсийчуьрчу къаьмнашлахь уггаре жигарчу википедистийн дарже бевлларш бу Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу Хасу-Юьртан къоштан а ярташкара вовшахкхетта могIархой-энтузиасташ.

Цара дуьнено а пайдаоьцучу сила-йолчу Википедин майданахь 43-чу метте кхачийна нохчийн маттахь чуйохучу артиклийн барам. Ткъа Оьрсийчохь шолгIачу меттехь ю Нохчийн Википеди – оьрсийн маттахь юзуш йолчул тIаьхьа.

Хьан бо нохчийн маттана и юьхькIам? Муьлш бу оццул шайн маттах дозалла а деш, иза Википедехь чIагIбийраш, нохчашна шайн маттахь хаарш схьаэца аьтто бийраш?

Нохчийн Википеди лелочу жигархоша Маршо Радиоца шайн цIарах къамелдан векалвира шаьш бечу балхахь шайл тоьлла лору Кадиев Сайд-Мохьмад.

Цуьнца хилира тхан Нохчийн Википеди кхоллаяларх а, тахана иза кхаьчначу тIегIанах а лаьцна къамел. 2005-чу шарахь кхоллаелла иза. Амма иттех шарахь лаьттина цхьана меттехь, чуIаIийна массех эзар артикл бен а йоцуш. Ткъа самаяьккхина Кадиевс а, и санначу иттех жигархочо а.

Тахана шаьш кечйина я гочйина, Википедичу дIахIоттийна I65 эзар гергга артикл, боху Сайд-Мохьмада дозаллица. Делахь а, халахета цунна ша а, ша санначара а бечу белхан декъахь нохчийн меттан говзанчаш боцуш.

Iилманчаша, мотт дика хуучара гIодича а дара тхуна доккха накъосталла...

Кадиев: «Декъашхой дукха бу. Амма пайде декъашхой кIезиг бу. 1-2 артикл а язйой, паргIатбуьйлуш алсам бу. Тахана болх беш ткъеха ву, нохчийн маттахь Википеди юзуш.

Уггаре дукха болхбинарг Хасу-Юьртара Дагиров Iумар ву. Цунна тIаьхьа богIуш а бу. Со а иттанна юкъахь ву. Нохчийн меттан говзанчаш а дац тхо, бакъдерг аьлча. Тхайна хуучу агIор оха болх бо, ткъа нохчийн меттан говзанчаш, хьехархой тхоьца бац.

Цундела тхуна хало ду, тхаьш маттана тIахьакхиа а гIерташ, дошамнех пайда а оьцуш, къахьоьгу. Делахь а, накъосталла-м оьшура, тхешан гIалаташ дIадохуш хилла а.

Оьрсийчохь оьрсел тIаьхьа вай шолгIачу меттехь хилар - иза тхан толам бац, кхечу меттанашкахь и болх кхин а ледара барна ду тхаьш оцу меттехь аьлла хета. 166 эзар артикл бен яц оха язйинарг, хила тарлучу бараме хьаьжча, суна иза кIезиг хета.

Тахана ца оьшу аьлла хетахь а, тIаьхьалонна, мотт бовш, дешнаш дуьтуш хиларе хьаьжча, тхаьш бен болх оьшу аьлла хета cуна".

Маршо Радио: Лингвисташ, меттан говзанчаш, Iилманчаш-филологаш герга ца богIу аш дечунна?

Кадиев: "Ца богIу. Хилча дика-м хир дара. Диалекташ ю вайн. Тхоьца болчу аьккхаша шайн диалектехь язйо, маьлхаша шайн диалектехь язйо. Ткъа кхано патрул латтон (гIалатех тексташ цIанъян) хала хуьлу. Iилманан белхахоша, мотт дика хуучара оцу тIехь гIо дича а дара тхуна доккха накъосталла".

Ерриг а мукъа хан Википедица ю сан​

Маршо Радио: "Хьо школехь хьоьхуш ву, вуй?

Кадиев: "Ву, ас географи хьоьху. Кхин а кхечу меттехь а бу сан болх. Делахь а, хIара болх тIамарх боьлла. Дошамнех пайдаоьцу, мотт шарбо. Ерриг а мукъа хан Википедица ю сан".

Марша Радио: Баркалла хуьлий аш дечунна? Википеди аш юзуш лелор муха тIеоьцу наха, говзанчаша, Iедало?

Кадиев: "Баркалла олу нах могIархой бу. Iедалера цхьа а накъосталла дац цкъачунна хилла. Дагестанехь гранташ ло Википеди лелочарна, къовсам латтабо царна юкъахь. Ткъа тхуна иза дац.

Тхаьш дийриг оьшийла хаьа тхуна. Цундела къахьега а дог догIу. Деношкахь Москох Википеди лелочийн форуме ваха веза со, цигахь тхаьшлахь листалуш йолу проблемаш гIовттор ю ас. Ткъа Iедалера цкъа гIо хуьлуш зама а ян тарло-кх..."

Нохчийн жигархоша Википедин базанашка шайн маттахь 166 эзар артикл яьккхина бохург – иза, ойла йича, вуно боккха барам бу, дина йозанаш кехате дехкича, болх тоннашкахь буста а безаш.

IаIийна, хьанна а тIекхача таро йолуш, оццул информаци. Цхьа а мах а боцуш, интернет схьайилличхьана, хоийла ду хIуъа а, стеннах а.

Доцчул тоьлу-кх дериг а бохучул, Кадиев Сайд-Мохьмада ма-аллара, цо а, цо хьахийначу цуьнан накъосташа Самбиев Абубакара а, Дагиров Iумарс а, кхиболчу википедин авторша-гочдархоша а бечу белхан декъа массех мукъане а Iилманча, лингвист, нохчийн мотт шерра буьйцу, оцу маттахь цIенна язден нах а бахча, дукхазза а совбер бара Нохчийн Википедино нохчийн къоманна, церан маттанна бохьу пайда.

XS
SM
MD
LG