ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даймахке лазамца сатийсар


Нохчийчоь - Хьоме Даймохк. 15Чил2012
Нохчийчоь - Хьоме Даймохк. 15Чил2012

Мангал-беттан 20-гIа де дуьненаюкъара мухIажарийн де лоруш ду. Карарчу хенахь кху дуьнентIерчу иттаннаш пачхьалкхашкахь тховкIело карийначу ши бIе эзар сов нохчийчух а хьакхалуш ду иза.


„Чурт санна лаьтта со ГIум-азин арахь, Тянь-Шанан лаьмнашка бIаьрг тоьхча гIийла, генарчу даймехкан сурт хIоттало, Малхбузе мел хьийжи дог Iийжадо...“ - вайнехан масех чIуранна тIеIаткъам бина долу и дешнаш цхьана нохчийн поэто яздинчул тIаьхьа кхузткъа шо сов хан яьлла.

Ткъа цу дешний йилбазмохь санна дека вайн заманахь кхечу поэто, дегIастанна сагатделла, са дуткъа деллачохь яздинарш: „ХIара суьйре а, Берлин а, со а. Сан са а, дегI а мел ду дIасауьду дагалецамийн зингатий а, хIора ламазна тIехь ас деш долу доIа а: "Я АллахI, дегIастанахь валар лолахь суна“.

Цу шина байтана юккъахь дIатарлуш бу, ала мегар ду, нохчийн къоман берриг кхоллам а, цу къомо бIешерашкахь юх-юха а ловш долу мухIажиралла а.

Дукха хан йоцуш ша йолчу хьошалгIа еана йолу Нохчийчура шен нана, мел ша дехарш дарх, ша йолчехь ца Iаш, ши кIира дIа ма даьлла, даймахка юхайирзира бохуш, дуьйцу немцойн Кельн-гIалахь ехачу нохчийн мухIажиро Зайнапа. „Iожалла яцахь-м Iен а магара со, амма хийрачу махкахь Iожалла тIекхачарх кхоьру-кх“, -элира боху цо шен нанас, шеца Европехь сацахьара аьлла ша гонах хьаьвзича.

Нохчо, дегIастанна мел гена валарх, цуьнах къаьстина мел дукха вахарх, мацца вирзина а шен Даймахка юхаверза везаш хиларца веха. Дийна волуш ца верзахь а, велча мукъане а. Эхартаца мукъане а дайн лаьтта верза сатийсам, эхартаца мукъане а дайн лаьтта ца верзарх болу кхерам бIешерашкахь дуьйна дика бевза вайнахана.

Цу сатийсаман а, цу кхераман а орамаш мичара схьа ду те бохург цхьаммо а теллина дац, амма хьанна хаьа, шаьш бIешерашкахь дуьйна шайн лаьттах бохон, махкаха къестон, даймахках хьега Iемина хиларна хила а мега иза. Оьрсийн паччахьан Iедало Сибрех бигарш, я Iехорца а, бохорца а Туркойн махка бахийтарш, я эххар а 20-чу бIешарехь дерриге а къам, дохийна, Юккъерчу Азе дIакхалхор...

Муьлхха а нохчийн доьзал схьаецча, шеко а йоцуш, цхьа а хир бац, ден я ненан агIор цу дIадохоршкахь велларг дIаволла каш доцу, дIавоьллиначунна кошан барз богIа йиш йоцу бохам ланза. И дерриге а къоман иэсахь лар йоцуш ца дисар а хир ду нохчий Даймахках шаьш къаьстинчехь Iожалла кхачарх кхерар.

Иза хила мега тахана а дуьне мел ду барьжинчу вайнехан мухIажарша, муьлхачу а кхечу къоман векалш санна, шайн хийрачу махкахь велларг меттигерачу бусулбачийн кешнашкахь дIа ца вуллуш, Нохчийчу цIехьа верзор – и хIума мел халонашца а, мел яккхийчу харжашца а доьзна хиларх.

Цундела дац Европехь я лерина нохчаша эцна, лелош кешнийн лаьттанаш а, туркойн я чергазойн, я Iарбойн кхечеран ма -хиллара. Цундела беха нохчийн мухIажарш, дукха хьолахь, я дIадаьллачуьнца я цкъа мацца а шаьш Нохчийчу юха бирзича, хиндолчуьнца.

Цундела кхуьу Малхбузехь кхуьуш долу бераш Нохчийчоьне болчу сатийсамца, шайн уггаре а хаза гIенаш а, синхаамаш а цу генарчу даймахкаца бузуш. Цу берех дукхах долчарна и шайн сел хаза а, сел генахь а дуьхьал хIуьттуш йолу ДегIаста цкъа а гина яц, цхьаццаболчара иза тIеман жоьжахатехь бен тергалйина а яц.

ХIетте а „Нохчийчоь", "Нохчийчохь", "Нохчийчура" бохучу дешнашца го царна шайн хиндерг а, шайн ирс а, шайн кхолам а. Ткъа Европехь я Iапказал дехьарчу пачхьалкхашкахь шаьш йоккху хан цхьа хенаца дозанаш тоьхна, ца хилча ца долу хIума санна го.

ХIора аьхка, кадалахь, Нохчийчу хьовдар, тIаккха цигара юхадирзича, дешаран шо чекхдаллалц, цуьнах болчу дагалецамашца бахар а, юха аьхкенга сатийсар а, аьхка Нохчийчу баха бакъо йолчу шайн нийсархойх хьегар а. Иштта ду дозанал арахьа кхууьчу нохчийн берийн дуьне. Цара „Нохчийчоь“ боху дош а цхьа мелла а кхечу агIор олу, цIерачу шайн нийсархоша олучух къаьсташ. Оцу Нохчийчоьнан васт а кхечу агIор го царна.

Хийрачу мехкашкахь, хийрачу нахана юккъахь, хийрачу меттанийн аьзнаша гобина кхуьучу царна мичара хаьа Нохчийчоь хIун ю, я иза муха ю? Амма царна иза хаьа-м хаьа.

ХIунда аьлча, уьш тешна бу шайн цIеначу сатийсамашкахь шайна дуьхьала лаьтташ болу и генара, и сирла, и лаьмнийн тархаш дашочу малхо къагийна болу мохк шайна ма-хеттара бу-кх, цигара адамаш а шайна ма-хеттара ду-кх, цигара хIаваъ а цхьа ша-башха цIена, ткъа цигахь Стигалкъекъа-баттахь зазадоккхий деррига дуьне а шен, стаг хьераваккхалла исбаьхьчу хьожанца дузуш хиллачу, акказин бос а кхечу агIор бу-кх, бохучух.

Цкъа мацца а, шаьш цIадирзича, и дерриге а иштта шайн бIаьрлагIчу сатийсамашкахь ма-хиллара шайна карор хиларх а теша уьш, шаьш цкъа мацца а цIадоьрзур хиларх санна, и цIа цкъа мацца а маьрша хирг хиларх санна.

Цундела а хила мега Малхбузехь бехачу ши бIе эзар сов нохчийн мухIажирийн хIинца а шайн велларг дIаволла цхьа а кешнийн латтан дакъа ца хилар.

Цундела хила мега цара, мацах, Сибрехара дегIаста юхадерза бакъо еллачул тIаьхьа, шайн беллачийн даьIкаш цIакъехьна ма-хиллара, Iожалло бигнарш эхартаца мукъане а дегIастанан лаьтта юхаберзор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG