ХIинца, цIа дан а, зуда яло а аьтто баьлла Iимранан. Соьлж-гIаларчу цхьана банкехь кредит эцна цо I миллион сом. Оцу ахчанах, сихонца гIала йистехь дакъа эцца, тIехь лаьтташ шен бух а болуш.
Цу тIехь, юха шарахь цIа дуоло дагахь ву Iимран. Оцу хIуманна тIехь чехкабовлуш бац Iимранийн дахарехь болу хийцамаш. Кхаа шарахь яло таро а йоцуш, ша тIехьийзина йоIца цхьанкхета хан йиллина цо. Шен цунна лууш дац, оцу шен дог айдаларх лаьцна радиочухулла дийца, амма, хьал лакхахь ма дийцар ду.
Тахана Нохчийохь йолчу банкашкашна хьалхахь, инзаре дукха адамаш хуьлу, уллехула дIабоьдучу некъаш тIекхаччалца рагIанаш а йой лаьтташ. Цхьаберш гIуданаш дIадала баьхкина хуьлу, зударий берийн пособи олуш йолу кепекашка хьоьжуш лаьтта, амма, царах дукхахберш, ян кредит эца, ян эцнарг дIатакха баьхкина хуьлу.
Уьш а, вуьш а, кхозлогIаберш а, дуккха а латта безаш нисло цигахь. Кредит ца эцар бен дарба дац Нохчийчохь, амма иза эца дага деъча а, иза хала хIума ду боху, оцу гIуллакхца Iоттабеллчара. Грозный кIоштехь вехачу Супьяна цкъа эцна ша боху кредит. Кхин цул тIаьхь, банкашна улле ца ваха, дош делла а ву ша элира цо.
Супьян: «Ас-м схьаэцна и кредит. Цхаболчара ах дIадоьху, кхечара кхозлогIа дакъа дIадоьху. Атта луш дац вай кхузахь кредит».
Цхьана юкъан Гуьмсехь гIишлошъяран гIирс бухкуш йолу йоккха базехь, нахера кредитан ахчанаш оьцура. Цхьа жимма хьал долчо шен ахча дIалора цига. Миллион дIаделча хIора баттахь дикка са а йолура царна. ХIинца и база дIакъоьвлина. Амма, и масал дикка даьржина ду махкахь.
Цхьана йоккхачу стага, шен ахча дуй-даций а ца хоуьйтуш, нахана иза мехах луш ду. Цхьана баттахь I00 эзар сом лело лууш далахь, 5 эзар сом вахьдилла деза. ТIаккха шен пенси а, тIейоьлуш йолу ял а, тоам болуш ю цунна.
Нохчийчохь ахча бух а болуш йолу юкъметтиг, Iедалийн банкашца хуьлийла иза, ян могIарерачу нахаца хуьлийла- хала хIума ду. Iабдул цIе йолчу бизнесхочо, ша Дала ларвина боху, кредит эца корта бетта безаш хиларх.
Iабдул: « Тхан ваша вара и кредит эца гIерташ. Шен машен а юьллура цо цунна доьхьал. Яьккхий рагIанаш а хилла, гIуллакх ца хилира цуьнан. Нохчийочхь кредит эца а, ян кхин хIума эца а , хьо Кадыров Рамзан хьалха ваьккхина ца лелахь, оцу наха хьан цхьа а хIума дIадохуьйтура дац.
Рамзанах кхера а кхоьруш, мелла а цхьа болх дIабоьду,амма, иза дIайистахь ваьлча, ша мел верг цхьа пайда мел боцург, даз а дой, кредит а ца ло, ян цхьа а хIума а ца ло. Нохчийн шен ваш вийна а, цуьнан цIий дIа мера долуш нах бу-кх».
Ишшта хьал цхьан Нохчийчохь бен дац. Лулахь болчу ХIирийн махкахь а, атта ду шен гIонна оьшуш далахь ахча банкера эца, ян цIахь оьшург юхлург туьканар эца. Кхин дIа а дуьйцу Iабдула.
Iабдул: «ХIирийн регионехь, ша мел волу нохчий цигахь ву. «Хоум-кредит» олуш йолу цхьа фирма ю, паспорт а эцна хьо тIевахчхьан, цара балха тIе телефон а тухий, оьшург а лой, схьавоуьйту, цхьа а рагI а яц цигахь, цхьа а туьйра дац».
ХIокху баттахь, Нохчийчоьнан министрийн кабинето арахецна, ипотекехула гIишлонаш эцаран аьтто боккхуш долу омра. Iедалан белхахошна хIинцчулл тIаьхь, атта хира ду боху цу документ тIехь, иттанаш шерашкахь дIа а токхуш, ян петар, ян кхийолу гIишло эца. Гарехь, лакхахь вийцина волу Iимран а ваха мега цу юккъе, ша зуда ялийча, иза а, шай хиндолу бераш а, ахчанна декхаран йисаре а дохуьйтуш.