ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин болх шен тергонехь латтор бу лерринчу тобано


Нохчийчоь -- "Къизаллашна дуьхьала йолчу комитето" вовшахтоьхна митинг, Соьлж-гIала, 2011.
Нохчийчоь -- "Къизаллашна дуьхьала йолчу комитето" вовшахтоьхна митинг, Соьлж-гIала, 2011.

Оьрсийчоьнан Талламан Комитета юккъе доьдуш хир ду и керла дакъа. Цуьнан коьрта болх хира бу низамхоша дина долу зуламаш таллар.



Полицин а, бекхтакхаман а, наркоконтролан а урхаллийн белхахойн хьокъехь бен бийра бац цара и болх. Оцу цIейозанна юккъе ца яхна, Къайлахь сервис а, цуьнан белхахой а. Мухха а далахь а, Нохчийчохь болх бечу бакъонашларъярхоша къобал деш ду и леррина дакъа талламан комитетехь кхоллар.

«Нохчийчоьнан бакъонашларъярхойн центран» куьйгалхочунна Эжиев Минкаилан хетарехь, и дакъа кхолларан бахьан ду Оьрсийчохь полисхойн карахь тIаьххьарчу цхьана баттахь масех стаг валар.

Эжиев Минкаил: Иза кхоллар, суна хетарехь, тIаьхьарчу хенахь Петарбухехь а, Мосох а, Башкирехь а, кхечу регионашкахь а полисхошкара цхьацца зуламаш а довлуш, байна а, хьийзина а нах гучубовлар ду. Цуьнах цхьа гIовгIа йолуш хIума хилла дела кхоьллина и дакъа. И гIуллакх тIаьххьарчу хенахь талламан комитетехь а дуьйцуш дара.

Иза оьшуш а, пайдехь а хир ду, аьлла, а хета суна. Полицийн могIанашкахь ша берш бац цхьа терра. И зулам дан а, лело а, шен цIийца долуш берш а бу. Ларамаза цига кхаьчна нах хила а мега. Цундела и санна болчу нахах и минстралла цIанъян еза. Адамашна, пачхьалкхана пайдехь хила безаш бу и нах.

«Къизалшна дуьхьала комитет» цIе йолу бакъонашларъярхойн цхьанатохаралла ю тахана Нохчийчохь низамхоша деш долу а, дин долу а зуламаш Iорадохуш. Оцу цхьанатохараллан белхахошна кхерам болун дела, цхьацца баттахь болх бо цара Соьлж-гIалахь, хийца а луш.

РогIерачу цхьанатоьхначу тобанна коьртехь волчу Рыжов Антона бахарехь, талламан комитетехь леррина дакъа кхолларх ца тоьа, цуьнан болх кхоччуш дIа ца бахийтахь. Ткъа царна болх хирг хиларх, цхьа а шеко яц, аьлла, хета бакъонашларярхочунна.

Рыжов Антон: Зеделлачуьнах тхуна хууш ду, оцу хьокъехь дукха болх буйла а, нахера шорта аьрзнаш дуйла а. Нагахь санна, цу тIехь болх беш масех талламхо бен ца хилахь, уьш ларор бац и болх кхочуш бан.

Хьовсур ду-кх, муха хира ду. Иза хьалхара гIулч бен яц, оха яьккхийтина йолу. Халахеташ далахь а, и сацам бохаман хIума хиллалц ца бина. Ишшта хуьлуш ду-кх вай, цхьаъ хиллалца, меттахь ца хьоь. Къизаллаш йина, аьлла а, кхин долу низамехь доцу хIуманаш дина, аьлла а, аьрзнаш дукха кхочу тхоьга. Амма, масех стаг велчий бен дийца ца даьккхина и гIуллакх.

Тахана, Нохчийчохь дихкина ду низамхойн болх емал бар. ХIора дийнахь аьлча санна, уьш бойуш бу, тIемалошца болчу къийсамехь. Ши де хьалха Гуьмс кIоштахь хиллачу тIематасадаларехь вийна ши эпсар.

Цхьаберш Iожаллан йистехь лелачу хенахь, урамашкахь къепе лардан хIиттийначу кхечу полисхоша шайна ма-хетта туьду шай белхан декхарш а, Iалашонаш а. Ши кIира сов хьалха дуьйна толлуш ду Iалхан-гIаларчу вахархочо шайн юьртарчу шина полисхочунна дина долу арз.

Вашаев Iабдулвахьид цIе йолчу стага чIагIдарехь, новкъахь, бахьана а доцуш, саца а вина, шайн юьртарчу шина полисхочо цунна къиза йиттина. Хиллачу оцу тасадаларехь оцу стеган куьг а кагдина. Вашаевс шегахь машен йоьхкина хилла долу ахча даккха гIерташ хилар бехке дуьллу оцу шина полисхочунна. Вукха шиммо иза бакъ ца до.

Вашаевс шайна ницкъаца дуьхьало йина боху цара, белхан декхарш кхочуш деш. ХIинца зе хиллачу агIоно, Оьрсийчоьнан талламан комитететан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре кехат яздина и гIуллакх тидаме эца, аьлла. «Нохчийчоьнан бакъонашларярхойн центран» куьйгалхочо Эжиев Минкаила бахарехь, и гIуллакх дижа ца дуьтуш кхоччуш талла а теллина, бехке верг жоьпе озо веза.

Эжиев Минкаил: Оха а толлура ду иза. Хьакъ доцуш болу нах оцу урхаллашкахь бита ца беза. Адамийн бакъонаш ларъян арабаьхна нах бу уьш. Цара шаьш а уьш ларъеш ца хилча, уьш балхахь буьтура бу, аьлла, ца хета суна. Уьш битахь а, царна цхьана агIора таIзар хила деза, аьлла, хета суна. Оха а терго йийр ю оцу гIуллакхана.

Нохчийчохь цу тайпа полисхошна наггахь бен тIекхойкхуш хилла хIума дац. Иза дац, ша мел волу стаг полисхоша бечу балхана реза ву бохург. Махкахь нийсо лаха новкъа ваьлча, цуьнах гергарчарна а, цунна шена а бала хуьлу. Iедалан машенца къовсавала тахана а, даиман а санна, хала ду. Цундела билггала олийла дац, Вашаев шен Iалашонна тIекхочура ву, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG