ХIокху дIадала герга даханчу шеран жамIаш гIарадаьхна Оьрсийчоьнан кхерамазаллийн кхеташонан куьйгалхочо Патрушев Николайс. Еххачу хенахь, федерала кхерамазаллийн сервисан коьртехь лаьттина волчу цо, хаамийн гIирсашка дийцинчу къамелах, доккха дакъа дIалаьцна Къилабседа Кавказехь дочлу хьоло.
Инарла Патрушевс дийцарехь, тIемалойн буоламан, масех шо хьалха, цхьа урхалла дечуьра буохо аьтто баьлла, цундела, кегий тобанашна бекъа а белла, лелаш бу гIаттамхой.
Цундела, и кегий тобанашца доьхьбал болх бан хала ду, аьлла хета цунна. Ишшта, оцу хIуманца Патрушев Николай, билгаладоккху, ма хетта, царна ахча а, герз а латтош йолу меттигаш дIаяха аьтто ца хилла аьлла. Ишшта, ма хетта ка ца йолу аьлла а хета цунна, кегирхой тIемалойн тобанашна юккъе бахар сацдан а.
Оцу лаккхарчу низамхочо динчу дIахьедарна Маршо радионо мах хадабар дийхира, «Кавказский узел» цIе йолчу Интернет-сайтан коьрта редакторе Шведов Григорийга. ТIемалойн буолам, шаьш шайш кхачо ечу тобанашна бекъабалар, иза официала низамхойн кхиам ца хета цунна.
Шведов Григорий: «Суна хетарехь иза оьрсийчоьнана леринчу ницкъийн кхиам бац. Суна хетарехь, гIаттамхоша, иза леррина дина хIума ду. Цара вовшах дика зIе а латто йо аьлла а хета суна. Цундела, бахьан дац, уьш, шаьш шайна ма луу лелаш бу ала».
Ишшта чолхе хьал Къилбаседа Кавказехь хилар, Оьрсийчоьнан кхерамазаллийн кхеташонан куьйгалхочуьнна Патрушев Николайна, коьрта бахьан го, регионехь цхьана эшшарехь, белхаш ца хилар, лекха ду аьлла. Ала догIу, даиманна санна, Iедалхошна, кегирхой кара герз эцар, кхин бахьан ца хета, болх ца хилар бен. Белхан меттигаш, хилийтархьам, 2025 шаре кхаччалца, КъилбаСеда Кавказ кхиоран программа ю тIеэцна.
Амма, экономикехула, долу зуламаш а, регионехь цхьана эшшара лекха лаьтташ ду аьлла тидам бина Оьрсийчоьнан кхерамазаллийн кхеташонан куьйгалхочо Патрушев Николай. Белхаш меттигаш ца хиларо, тIом бан кегирхой эхийтар, коьрта бахьанаш ду бахарх, ца теша «Кавказский Узел» цIе йолчу Интернет-сайтан коьрта редактор Шведов Григорий. Цуьнах лаьцна ишшта элира цо.
Шведов Григорий: «Суна хетарехь, наха кара герз эцарх лаьцна, дуьйцу бахьан, баг дахна хIума дийцар ду. Масла, царна ахча луш ду, цундела цара тIом бо. Тайпа-тайпан бахьанаш ду цу хIуманна. Со теша, из сандерг, цхьаболчу нехан и бахьна а хила мега аьлла.
Амма, ас иза кхечу бахьанех, ян 3, ян 4-чу метте хIотттора дара. Суна хетарехь, 2-чу а , 3-чу а меттигашкахь, идеологи а, шайна хилла гIело а, йохйина бакъонаш а ю. Кхдолу бахьанаш а ду, амма, и бахьан, уггаре а атта ду вай Iедалшна. Иза яц бохург дац. Амма, иза коьрта дац».
Федерала телехьожийлоашкахь дуьйцуш дац, КъилбаСеда Кавказа хьолах, ма дарра. Ши де хьалха, Валарг тIе олучу оьвлара, маьждитгара араваьлча, лаьцна дIавигина, меттигера жима ши стаг. И шиъ тахана а, мичахь ву хууш дац. Оцу хIуманах, лаьцна хьаха а ца до Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь.
Патрушевс Къилабседа Каквказехь долчу хьолан мах хадор даре деш санна, гучудаьхна шеран жIамаш Оьрсийчоьнан чоьххьарчу гIуллакхан министралло а. Цигарчу хьостано бахарехь, хIокху шеран 11 баттахь, КъилбаСеда Кавказа регионехь, лерина операцешкахь вийна 363 тIемало.Церан кадаьлла, доьхьал 209 низамхо вен. Ишшта, оцу операцешкахь велла 71 маьрша вахархо а.