ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эха-Борзех тΙемалойн бен тарбелла Ιедалшна


Нохчийчоь, 17Деч2012
Нохчийчоь, 17Деч2012

Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин хаамийн хьостано Iорадаккхарца, кху ГIуран-беттан 18-чу дийнахь 21 шо долу жима стаг сацийна ницкъаллин структураша Эха-Борзехь (Ассиновск-эвлахь).

Официалан дийцарехь цунна бехке дуьллург ду кхушеран гуьйренан шолгIачу, гIа дужучу баттахь,кхачанан сурсаташ латтош тIемалошна гIодар. Низамхоша билгалдаккхарца цо даре дина шегара даьллачунна.

Лаьцнарг, тутмакхаш цхьана ханна чохь бахкочу набахтехь латтош ву. Цунна дуьхьала бехк токхаман гIуллакх доло лоьруш бу талламхой.

Цу кепара кест-кеста бахархой лецарехь махкахь коьртах яьллачех цхьаъ ю ломан когашкахь Iуьллу Ассиновск эвла.юьртахоша тоьшалла а деш беккъа кху тIаьххьарчу цхьана баттахь лаьцна цигахь иттех стаг.

Царна юкъахь ю нисса итт де хьалха лаьцна ши зуда а. Шайн юьртара сих-сиха маьрша нах лецар цхьаболчу бахархоша дузу цигахь бехаш болчех дукхахберш тIамо йохийначу ломан ярташкара охьабаьхкина хиларца. Аьлчи а тIебаьхкина хиларца. Цигара яхархо Асмаъ ю дуьйцуш цунах а,шайна ницкъаллин структураша хаддаза бечу тIеIаткъамах а.

«Асиновскехь цхьана оьрсийн зудчо йиллина туька ю «Не проходи» цIе а йолуш. Циггахь цхьа эккхийтар дина. ТIаккха лаьцна кхо кIант дIавигна цу туьканна гергахь лаьтташ волу. Шиъ дIахецна цхьаъ чохь сацийна,етташ ницкъ а бина цуьнга даре дайтина.

Юьртахоша дийцарехь кIентан цхьа бехк а бац. Важа шиъ схьаваийтина. Вала да хиларе терра уьшшиъ ваьккхина ,ткъа хIара тIепаза вайи-кх цара. Цу шинна а ницкъ бина ба-м, делахь а мукъавалийтарх баккхийбеш бу цIеранаш».

Юьртахоша хIун боху? Цуьнан бехк лорий?

«Цхьа воккха миска вара иза дукха хууш а воцуш. Цхьанхьа юкъа гIиртина а мА вац иза наха дийцарехь. Кхузахь дергга-м цхьанхьа ду моьттуш а яц со. Ишта лецарш-м кхузахь кест-кеста хуьлу. Ломан ярташкара охьадеъна адам дукха ду кхузахь. Цигхьара хиларе терра шайн цхьа цабезам хирг хир бу-кх церан, ца хаьа. Лоций дIа а вуьгий етташ тIелоцийта динарг а, цадинарг а.

Кхузахь дерг аьттехьа дац ур-аттал Михайловскехь а (Серноводскехь). Тхан юьртал шозза –кхузза йоккха а йолуш,куьг кхочехь юххехь елахь а. Цигахь цхьа наггахь бен нислуш дац стаг лацар. Къа ду-кх цара хьийзочу кегийрхой. Доьза байна бу дукха.масалш дало йиш а йолуш».
Нах вовшах а кхетта ,вовшех дага а бевлла, цхьа гулам бина а дуьхьало ян ца гIоьрта?

«Нах бахьа-м ма ца баьхьа. Ишта зама ю-кх хIара стагга а дош а ала ца хIуттуш. Ша-ша сох хьакхалуш мА хилахьара,сан коча мА бахкахьара бохуш Iаш бу-кх нах. Совнах дош а ала а ца ваьхьчцу даьлла ду-кх хIара».

Соьлжа-ГIалин Ассиновск юртахь тергаллучу хьолах дийцинчу Асмаана хетарехь, дукха бахархой бу ,мичча бахна а,цигара дIабаха ойла кхобуш,амма цкъачунна таро цахиларна садетташ Iаш. Церан дукхахболчеран Iалашо ю боху Асмаа, бутт бен ца баккхахь а Европе кхачар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG