ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна гIо дина жимастаг лаьцна Соьлж-гIалахь


Нохчийчоь - ФСБ-н белхахоша гIаттамхошца тIом беш мобилан телефонашца суьрташ дохуш бу нах Соьлж-гIалахь, 25Стиг2011
Нохчийчоь - ФСБ-н белхахоша гIаттамхошца тIом беш мобилан телефонашца суьрташ дохуш бу нах Соьлж-гIалахь, 25Стиг2011

Кху карахь болчу Стигалкъекъа-беттан даздарш дIадерзарца, гIаттамхошца уьйр-юкъаметтигаш лелийна кегий нах лецар алсам даьлла Нохчийчохь.


Полицин урхалло Iорадаккхарца, еккъа цхьана ТIехьа-Мартан кIоштахь лаьцна ницкъаллин структураша виъ жима стаг. Официалан хьостано чIагIдарца шайга кхаьчна хаам зийча, низамхошна билгалдаьлла, совцийнарш тIемалойн аьтто беш схьабаьхкина нах хилар.

Лецнарш ткъа, ткъе цхьаъ шераш бен хенаш йоцуш болу кегийра нах бу: Серноводскера цхьаъ, СемаIашкара шиъ, Соьлж-гIалара воьалгIаниг а. Уьш бехке беш бу еххачу хенахь гIаттамхошна кхачанан сурсаташ латторна. Цулсов цу веаммо а шайн хилар даредина гучуяьккхина боху талламхоша СемаIашкана гергахь тIемалоша лерина, хьуламехь латтош хилла юург-мерг чохь йолу йиъ къайле.

Соьлж-гIалин Октябр-кIоштахь а лаьцна 31 шо долу вахархо. Низамхоша дийцарехь, иза къера хилла 2008-чу шарахь дуьйна, ша герзаца дуьхьало ечаьрца гIуллакх догIуш хилла хилар.

Цуьнан хьокъехь зераш дIахьучу талламхошна хетарехь, зуламхойн тобанех а ветталуш, къола-талораш дина а ву куьгбехке лоруш лаьцнарг. Шайн хIусамаш эвхьаза а йохуш, курхаллаш лелийнарг иза ву, аьлла, тоьшаллаш дина, дийцарехь, масех доьзалан дайша.

Цу кепара сихдинна дIахьуш долу лецарш доцуш, герзаца юкъаметтиг а къестош, вер-ваккхар а нислуш, карзахе дов листина Iедалан герзахоша оьрсийн тIеман ницкъаш дIатарбинчу Ханкалахь. ТIеман омранатано хааме даккхарца, цигахь вийнарг цхьаъ ву, Дагестанера цхьана ханна Нохчийчохь гIуллакх деш волу низамхо. Куьгбехкениг Ростов-кIоштара полицин белхо ву.

Официалан хааме доккхуш дацахь а, цигахь кхолладелла сурт ма-дарра, хIуучара дийцарехь, хилларг иштта ду. Ханкалахь тIеман министараллин куьйга кIел а йолуш, тIеман омранат ю болх беш, шех комендатура олуш йолу. Цуьнан герзахошний, Ростов-гIалара цхьана ханна кхузахь гIуллакх деш болчу низамхошний юкъахь дов а иккхина, уьш, буй-тIара а деш, лата буьйлабелча, шайх летарш къахко герз тоьхна цхьаммо.

Ларамаза и герз а кхетта велларг Дагестанера низамхо Алжамбеков Заур ву боху иза юххера вевзаш хиллачара. Иза Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин 21 71 тIеман декъан белхахо хилла. Карарчу хенахь иза Соьлжа-гIалахь гIуллакх деш волу 5-гIа шо а долуш, отпуск олучу белхан мукъаллехь а хилла, цигахь базарахь мах беш йолчу хIусамнанна тIаьхьа веача нисвелла а хилла цу девна гергахь.

Бехктакхаман гIуллакх а долийна, герз кхоьссинарг лаца а лаьцца, зераш ду дIахьуш. Официалан тоьшаллаш а деш, и санна Iотта-баккхаме меттигаш а, тIамца доьзна а доцу вер-ваккхарш а, дуьххьара нислуш дац Нохчийчохь эскархона юкъахь. Чекхдаьллачу шарахь гурахь, беккъа цхьана Гiадужу-баттахь нисделлера кхузахь цу кепара кхоъ вер-ваккхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG