ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна гIо динчу нахана кхелаш яр алсам даьлла Нохчийчохь


Оьрсийчоь -- Челябинскана генадоццуш йолу тутмакхаш латто колони, 09Лахь2011
Оьрсийчоь -- Челябинскана генадоццуш йолу тутмакхаш латто колони, 09Лахь2011

ТIемалошна гIо дина, аьлла, кхо шо хан тоьхна Нохчийчохь Шеларчу гIалан суьдо меттгерачу вахархочунна. Иза ву Абдурзаков Iаьрби. Нохчийчоьнан прокуратуран белхахоша чIагIдарехь, цо гIо дина хилла цхьаьна тIемалочунна юьучуьнца.

ТIемалошна а, церан агIончашна а кхелаy хьалха а хIиттош , хенаш тохар сихдина Нохчийчохь.

Iедална карабаьхкинчу тIемалошна а, церан ишта, я вуьшта аьтто биначарна а, низамо ма-хьоьхху, суьдехь дов а хIоттуш, хенаш тохар масех шо хьалха наггахь бен нислуш хIума ца хиллехь а, тахана, могIарера гIуллакх а хилла, дIахIуттуш лаьтта Нохчийчохь.

ХIора кIирнах бохург санна луьстуш ду кхузахь и тайпа девнаш. ТIемалошца юкъаметтиг лела ярна бехке а вина, цхьана билггалчу меттехь яккха кхо шо хан кхайкхийна кху деношкахь Шелан гIалин суьдо Абдуразаков Iаьрби цIе йолчу вахархочунна.

Жимачу стагана бехке диллинарг ду 2009-чу шарахь, гIаттамхойн луур кхочуш деш, царна кхачанан сурсаташца гIо дар а, тIаьхьалонна дlадиллна долу, ша вехачу ков-кертахь, герз латтор а. Оццул хан кхайкхаяралла а сов, кхело бинчу сацамца, хьалхарчу эха шарчохь иза маьрша вац дехьа-сехьа вала а. Иштта иза декхарийла вина Iедална, 10 эзар сом барамехь токхам бан а.

Кху оханан беттан 26-чу дийнахь тIемалойн хьокъехь доккха дов ду мехкан лаккхарчу кхелехь хатта долош а, жоьпе озийна цхьанаметта пхиъ декъашхо а волуш. Царна бехке диллинарг ду, низамхой байа гIортар биста кхаччалц, цхьамогIа луьра зуламаш дар: гIера а кхоьллина, талорна кечам бар, бакъо йоцу герз лелор, зенаш дар, шайн куьйга лелха тарлу хIуманаш яр.

Талламхоша бинчу къастамца, кхела хьалха хIоттийначу тобанан баьчча лоруш ву Тепишев Салман. И воцуш цу юкъахь хилла Соьлж-гIала кIоштара цуьнан ваша Тепишев Юсуп а, Хамзаев Мохьмад а, Зубаев Ислам а, Саккаев Артур а.

Цаьрга кховдийначу уггар коьртачу бехкаца, стохка аьхка уьш мехкадаьтта кхоьхьу цIерпошт эккхийта гIоьртина Новр кIоштахь. ЦултIаьхьа, полицин белхошна чевнаш а еш, герзаца тохар а дина къайлабевлла уьш.

Амма тIаьхьо, талламхой лорх а кхиъна, уьш лийцина Идал хица Iуьллучу Аштаркхана кIоштахь. Нохчийн лаккхарчу кхелан хьостано билгалдаккхарца, дуккха а декъашхой а болуш, чолхечех ларалуш долчу цу девнан тIебогIучу беттан шолгIачу эхенехь бен йист ер яц.

Карарчу хенахь Нохчийчохь и тайпа а, кхин чолхе а девнаш кест-кеста луьстуш хиларан тоьшалла ду, гарехь, оццу лаккхарчу кхелехь бутт хьалха хаьттина дов а. ХIетахь хIоранна 25 шераш а тухуш таIзар кхайкхийнарг ши ваша вара: МагамадовгIара Хаваж а, Аслан а. Цхьа могIа луьра зуламаш дарал сов, и шиъ бехке винера низамхой байа гIортарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG